БаIисан забарш

Вовшашца де аш къамел

Буьйсанна хан яьллачу хенахь талорхоша БаIисан неI тоьхна:

– БаIис, чохь вуй хьо? – аьлла.

– Ву, сох хIун дора  аш? – хаьттина БаIиса.

– Хьоьца дан къамел ду тхан, сихха неI схьаелла.

– Ван мукъане а маса ву шу?

– Виъ ву-кх.

– ДIадовла, шуьца ларор вац, вовшашца де аш къамел, – хадийна БаIиса.

 

Елалохьа

Цхьана хийрачу шахьарахь йоккхачу туькана вахча, тIап-аьлла зуда яйна висина БаIис. Мел лехарх гIуллакх ца хилла, йохкархочуьнга дехна цо:

– Елалохьа, хьайн десара?

–  Со хIунда, елалуш ю хьуна?

– Зуда яйнера сан кху чохь. Хьо цкъа суна елаелча, хIокху дуьненахь елахь, оцу минотана схьакхочур яра иза, – кхетийна БаIиса.

ДIаяздинарг  – С.ХАСАНОВ

 

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: