Цхьана доьзалехь – виъ дзюдоист

АдашевгIеран Iабдурешидан а, Тумишан а доьзалехь ялх бер ду. Царах воккхах волу виъ кIант – Юсуп, Iабдулла, Муслим, Хьамзат – дзюдо латарехула  Европин пачхьалкхашкахь дIахьочу къийсадаларшкахь дакъалацарца а, цигахь толамаш бахарца а гIараваьлла ву.IMG-20160413-WA0002

2004-чу шарахь дуьйна Бельгехь Iаш бу АдашевгIар. Цига дIабахана ши шо даьллачул тIаьхьа дIаделира дас-нанас шайн бераш дзюдо латарх Iама. Юьхьанца уьш Iийначу меттигера Темсе гIала схьабаьхкина хIорш. Ткъа иза бераш лела дезачу спортзалана 30 км. генахь ю. ХIетте а, дIаэха гена ду аьлла, юкъах ца бовлуш, кIиранах доьазза тренировкашка боьлху  вежарий.

Школехь деша а, тренировкаш дIаяхьа а хала делахь а, спортехь кхиамаш бохуш а, дешарца дика ларош а схьадогIуш ду бераш. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь баьхна толамаш а бу церан. Масала, Бельгехь дIаяьхьначу дзюдон чемпионаташкахь Юсуп цкъа чемпион хилла, доьазза совгIатан меттигаш а яьхна, Iабдуллас кхузза хьалхара а, цкъа шолгIа а меттигаш яьхна. Бельгехь дIаяьхьначу дзюдон чемпионатехь стохка дуьххьара дакъалоцуш хиллачу Муслима дато мидал а, дукха хан йоццуш хиллачу Бельгин чемпионатехь дашо мидал а яьккхина.

Иштта, вежарша-дзюдоисташа дакъалоцу Францехь, Австрехь, Швецехь, Италехь, Словакехь, Хорватехь, Европин кхечу пачхьалкхашкахь дIахьочу къийсадаларшкахь. Цигахь толаман меттигаш а йоху цара.

Дукха ю цара яьхна кубкаш, мидалш, дипломаш, грамоташ. Церан толамаш тидамза ца бисина Бельгехь болчу хаамийн гIирсийн а. Царах лаьцна яздина цигахь арадовлучу газеташ тIехь.

Даймахкана генахь белахь а, цара нохчийн гIиллакх-оьздангалла ларйо, иштта ламаз-марха долуш, ийманехь а бу уьш. Иштта кIентий вайн махкана а, халкъана а юьхькIам бу.

 

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: