ТIехьа-Мартан районан Берийн кхоллараллин цIийнера болх де-дийне мел дели а жигарболуш бу. Цигахь заьIап берашца бечу балхах а, аьхкенан лагерь схьаелларх а лаьцна дерг хааран лаамца тхан къамел хилира Берийн кхоллараллин цIийнан директорца Бериева ПетIаматца:
– Могашчарна дуьненахь шайн меттиг лаха хала дац аьлла хета суна, ткъа заьIапхойх дерг ала атта дац. ЗаьIапхошна юкъахь доьналла дерш дуккха а хуьлу, шайн могашаллина иэшам хиллера аьлла ца Iаш, мукъа ца Iа а, кху дахарехь шайн некъ лаха а хьовсу уьш. 2001-чу шарахь дуьххьара дIаболийна оха заьIап берашца беш болу болх. ТIехьа-Мартан районан бахархошна цунах хаза кхаъ а хиллера, хIунда аьлча, заьIап бер наггахь мукъана а чуьра арадаьккхина, цуьнан самукъадаккха меттиг хилча оцу беран самалха долу. Уьш къаьсттина экам ду. Шайна динчу кIеззигчу хазахетарх а боккха кхаъ хуьлу царна, жимма а шайна хиллачу халахетарх йоккха вас а хуьлу, цундела цаьрца йолу юкъаметтиг лерина лело еза.
Тайп-тайпанчу даздаршна лерина кест-кеста цхьаьнакхетарш хуьлу. ХIора а цхьаьнакхетар еххачу хенахь берийн иэсехь лаьтта, тIаккха хаа тхуна тхаьш берийн дуьхьа хьоьгу къа эрна доций. Цунах тхуна синхьаам хуьлу, кхидIа бан лерина болх кхин а жигарбаккха дог а догIу. Карарчу хенахь школе дахаза долчу заьIап берашца болх беш ду тхо. Царна юкъахь тайп-тайпана цамгарш йолу бераш ду, масала, «ДЦП», «Синдром Дауна», иштта кхидIа а. Цхьаболчарна хета тарло, заьIапхошна муха Iемар ду хелхар дан, илли ала, хIума тега?! Iемар дац бохург бакъ дац. Шен лаам кхочушбан адамийн къахьега деза. Шайн могашалла а, хьуьнар а доллушехь, цхьана а хIуманан духе кхиа ца лууш, шайн хан эрна йохуьйтуш берш а нисло вайна юкъахь. Бер заьIап хиларх цунна хIумма а Iемар дац аьлла, иза юьстах татта мегар дац. Лаам хилча цунна хелхар дан а, илли ала а, суьрташ дахка а Iема. Ишттачарех ду оха Iамош долу бераш. Масала, хелхаран кружокехь шен нийсархойл тIаьхьа ца вуьсуш Iемаш схьавогIуш ву «ДЦП» йолу кIант. Оха вовшахтухучу конкурсашкахь жигара дакъалоцу цо. Тхуна иза боккха кхаъ бу. Уггаре а дика хеташ ду, кхуза Iама даьхкинчул тIаьхьа бераш дикачу агIор хийцалуш хилар. Церан дай-наношца къамеле девлча а хаьа тхуна иза. Цара дийцарехь, кружокашкахь Iамаро дикачу агIор тIеIаткъам бо берашна. Царна юкъахь конкурсаш вовшахтохар а ламаст хилла схьадогIуш ду. Оха ЗаьIапхойн дуьненаюкъара де билгалдоккху. Тхайн бераш деладелла гича дерриге а дуьне серладаьлча, деладелча санна хетало тхуна, – дийцира цо, – хIора а шарахь аьхка берашна лерина аьхкенан лагерь схьайоьллу оха тхаьш долчохь. Аьхкенан муьрехь а тхан хьехархой мукъа Iаш бац.
«Аьхкенан каникулашкахь школера бераш садоIуш хилар бахьана долуш дуккха а мукъа хан хуьлу церан. Мукъа хан дукха хилча, и бераш харцахьарчу новкъа довларна кхерам бу. Цунах бераш лардаран Iалашонца схьайиллина яра аьхкенан лагерь. ХIора а аьхка кIиранах пхеа дийнахь берийн таро ю тхан лагерехь хан яккха. Цигахь цаьрца болх беш хьехархой хуьлу. Цара хи тIе а дуьгу бераш, ловзаран кепехь царна дарсаш а ло. ХIинцале а кечамбеш ду тхо лагеран болх дIаболо», – дерзийра шен къамел П.Бериевас.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш долу бераш
№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо