Оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь Аргун гIалахь дIаяьхьира «Библиотекина книгица совгIат де» акци.
Цхьана хенахь, нийсса аьлча, Нохчийчохь тIеман цIе кхерста йолаялале хьалха, дукха хьал долуш яра республикера библиотекаш. Амма тIеман хиламаша доккха зен дира культурин кхерчашна, къаьсттина, библиотекашна. ХIаллакьхилира иттаннаш шерашкахь гулйина зорбанан хазнаш – исбаьхьаллин а, Iилманан а литература, журналаш, газеташ…
ТIаьхьарчу шерашкахь боккха болх бина тIамо йохийна библиотекийн гIишлош меттахIиттош, керланаш еш, церан фондаш тIеюзуш, делахь а, библиотекийн фондашкара хьал кхачаме ду ала гена ду. И хьал мелла а тодаран Iалашонца Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хожа-Баудин а, А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин а дIадолорца, 1-чу мартехь дуьйна республикехь дIахьош ю «Библиотекина книгица совгIат де» акци. Оцу маьIнечу гIуллакхехь жигара дакъалоцу бахархоша а, пачхьалкхан учрежденийн, предприятийн коллективаша а, цхьацца юкъараллин организацеша а.
Дикачу вовшахтохараллица, даздаран хьолехь дIаяьхьира акци Аргун гIалахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин культурин министерствон, Аргун гIалин мэрин, депутатийн Советан векалш, яздархой, журналисташ. Шайн иллешца, эшаршца, шовкъечу хелхаршца гулбеллачийн самукъадаьккхира Культурин цIийнан кхоллараллин тобанаша. Хьан, маса книга еана лерина билгал а доккхуш, хаза кечйинчу меттехь вовшахтоьхнера бахархоша а, предприятеша а библиотекашна совгIатна йохьуш йолу книгаш дIаэцар.
ГIуллакх дIадолош, акцин Iалашо а йовзуьйтуш, библиотекаша юкъараллин дахарехь лелочу маьIнех лаьцна чулацаме къамелаш дира Аргун гIалин депутатийн Советан куьйгалхочун заместитела Тимирсултанов Наиба, Нохчийн Республикин культурин министерствон векала Яндиева Хадижас, библиотекара, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Шуаипова ПетIамата, цхьамогIа кхечара а. Цара даггара баркалла элира акцехь дакъалаьцначарна массарна а.
– ГIуллакх дIадолочу дийнахь еанарг 4 эзар гергга книга яра, уьш хIинца а тIекхоьхьуш ю, – дийцира тхуна Аргун гIалин мэрин культурин отделан куьйгалхочо Ибрагимова Заирас. – Акцехь къаьсттина жигара дакъалецира Аргунерчу больницин, могашалла эшначу берийн реабилитацин туьшан, «Солнышко» берийн бешан, ПЖКХ-н, №3 йолчу юккъерчу школин, иштта кхечу а учрежденийн, предприятийн коллективаша. Баркалла ала лаьа 109 книга совгIатна еллачу тхайн ешархочунна Арзалиева Зулайна а, шен тIаьххьара араяьллачу стихийн гуларан 20 экземпляр еллачу поэтана, тхайн гIалин вахархочунна Дакаев СаьIидбекана а. Иштта масалш кхин дуккха а ду. Дийнна схьаэцча, долийна гIуллакх дика чекхделира. Акци вовшахтохарехь а, дIаяхьарехь а тхуна доккха накъосталла дира Аргун гIалин мэран хьалхарчу заместитела Дудаев Сайд-Хьамзата, мэрин социальни отделан куьйгалхочо Алимханова Нурета, Культурин цIийнан коллективо (директор Темирбаева Аминат), цхьацца предприятийн, учрежденийн куьйгалхоша. Дела реза хуьлда царна массарна а.
Уггаре а оцу гIуллакхах самукъадаьлларг Аргун гIалин библиотечни системин директор Закаева Хеда яра. Цо дийцарехь, таханлерчу денна гIалин библиотекашкахь 25 эзар экземпляр книга ю, ткъа акци бахьанехь и терахь 30 эзаранга кхача герга ду. Дика вовшахтоьхначу гIуллакхан беркате тIаьхье ю иза.
Хь.АБОЛХАНОВ