Далош делил доцург эладита ду

11-чу апрелехь Нохчийн Республикин къоман музейхь Iилманан интеллигенцин цхьаьнакхетар хилира. Иза вовшахтоьхна дара, шайна хеттарш дуьйцуш, нохчийн къоман исторех а, динах а лаьцна книгаш зорбане яха мегарг цахиларх дерг дийцаре даран Iалашонца. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президент Гапуров ШахIруди, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, историн Iилманийн доктор, профессор Багаев Муса, къоман музейн директор Асталов Ваха. Ткъа иштта, республикин Iилманан, дешаран, зорбанан векалш.3

Хьалхара дош олуш вистхиллачу М.Хийтанаевс элира: «Iилма кхуьуш ду. Iилманан белхаш зорбане баха аьтто бу вайн махкахь. Цунна лерина вайн вешан Iилманчаш а яздеш бу, Iилманан-талламан институташ а ю.

Амма шайна хеттарш а яздеш, я динца а, я историн, архиван тоьшаллаш доцуш, деса хабарш дуьйцуш книгаш а язъеш, уьш зорбане яха еза бохург нийса дац. Вай декхарийлахь ду ваьш муьлш ду, мичара схьадевлла хаа. Иза хиъча дика а ду. Къуръанца цхьаьна ца догIург, иза деха дийца а ца оьшуш, дош доцийла хаа деза вайна. Вайна девзаш ду ша яздархо ву бохучу Р.Ибрагимовс айдина питана. Ялсаманехь буьйцург а нохчийн мотт бу боху цо. И хIуманаш дийца мегар дац».

Цул тIаьхьа Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис а довзийтира шена хетарг: «Этногенез – иза вайн лазаме тема ю. Вай мичара схьадевлла хаа лаар дика ду. Тхо долчу академе кест-кеста кхочу «Суна вай мичара схьадевлла хаьа, нохчийн мотт дуьнен чохь болу мел хан ю хаьа! – бохурш. –– Мичара хиъна? Иза доккха хIума ду хьуна хиънехь» – оха шега хаьттича, – «Иза соьга доьссина!» – олу. Оха шега архивехь, библиотекашкахь, Iилманан-талламан институташкахь болх бе аьлча лар йов оцу тайпа «Iилманчийн». Вай дан дезарг, исторехь вуониг ца лоьхуш, диканиг лахар дара. Вай массарел тоьлла ду, вайга кхочуш цхьа а къам, халкъ дац бахарх – фашизм олу. Дала магор долуш хIуманаш дац уьш». Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела К.Ибрагимовс ма-аллара, вайн кегийрхой интернета чохь бу. Церан кортош лебан юкъаяьккхина харц идеологи ю. Ибрагимов Ризван а, Шейман Марк саннарш а бу и питана даржош берш. Ша бакъдерг а, нийса дерг а дуьйцучо шен цIе а йоккхур ю шех «Марк Шейман» а ца бохуш. Историн Iилманийн доктора, профессора Багаев Мусас доцца а, чулацаме а элира: «Со кIадвелла хIокху тIаьхьарчу 10 шарахь нохчий ерриге  а цивилизацийн бухбиллархой бу бохуш яздечу нахана дуьхьал тIом бина. 1960-чу шарахь дуьйна а археологи Iамош ву со. «Империя нахов» аьллачу книгин реклама яра Соьлжа-ГIала мел ю баннершна тIехь схьагуш. Иза «Марк Шеймана» зорбане яьккхина. «Вайн истори Ватиканехь ю. Цхьа зама йогIур ю иза вай нахала йоккхуш!» – боху М.Шеймана. Тептар, делил доцуш ма олийла цхьа а дош, ма язбойла Iилманчо шен цхьа а болх. Мегар дац исторехь иштта кIезиг, Iовдала дерш дийца. Яздинарг йозанехь дуьсу. Вайн кегийрхой тилар чу буьгур бу вай иштта бух боцу книгаш язъяхь». Оцу кхеташонехь къамелаш дира Iилманан академин Iилманан-талламан институтан директора С.Магомадовс, яздархочо С-Хь.Нунуевс, Нохчийн Республикин къоман музейн директора В.Асталовс. ХIокху тайпа кхеташо хIора баттахь вовшахтоьхча пайдехь хирг хилар а билгалдаьккхира цара.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: