Хала ду спортехь кхиамаш баха, хьо айхьа лелочух баккъал а дог лозуш вацахь. Ткъа къаьсттина хала ду спорт а, дешар а цхьаьна лело. Цу шиннах цхьаъ дита дезаш хуьлу, амма оцу шинна а некъа тІехь кхиамаш бохурш а бу вайна юкъахь. Царех цхьаъ ву Гуьмсан районан Ойсхара юьртан вахархо Лечиев СаьIид.
СаьIид вина 1991-чу шеран 16-чу январехь. 1997-чу шарахь шайн юьртара №1 йолчу школе деша воьду иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Лечиевс дизайн-интерьерехула йолу курсаш чекхйоху. Юха, 2010-чу шарахь, Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан университетан гIишлошъяран факультете деша хIутту. Иштта оцу дешарца цхьаьна спортехь а къахьоьгу СаьIида. Жима волчу хенахь дуьххьара каратэ лелла иза. Цигахь а шен накъосташна юккъехь тIах-аьлла хиларца билгалволу спортсмен республикин турнирехь дакъалаца кечвеш вара, амма дин бухк (ключица) кагъяр бахьана долуш, цуьнан йита дийзира каратэ. Ша товеллачул тIаьхьа охатохархлатаран а, боксан а секцешка лела иза.
Ткъа 2012-чу шарахь тIеман самбо Iамо воьду «Грант» спортклубе. Цигахь эхашарахь, Арипханов Шейх-Мохьмад тренер волуш, къахьоьгу цо. Цул тIаьхьа «Беркут» спортан клубе воьду. (Цигахь Лечиевн тренерш бевзаш болу спортсменаш Исаев Бислан а, Алиев Мохьмад а ву). «Беркут» спортклубан юкъа вахчахьана дуьйна дIайолалуш ю спортсменан корматаллин карьера. Ша дакъалаьцначу турнирехь призер ца волуш цIа а ца вогIу иза. 2012-чу шарахь Дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь латаран искусствехула 2-гIа меттиг йоккху цо. Оццу къийсадаларшкахь греплингахула 2-гIа меттиг йоккху. Цу т1аьхьа нийсса шо даьллачул тIаьхьа Украинерчу Одессехь хиллачу греплингахула йолчу Дуьненан чемпионатехь толам а боккху. Бийца кхин а дуккха а толамаш бу цуьнан вайн республикехь а, Россехь а дІадаьхьначу къийсадаларшкахь баьхна. Ткъа спортсменан хIокху шеран коьрта Iалашо ю кху баттахь хинйолчу Россин Кабудо-латаршкахула йолчу чемпионатехь толам баккхар. (Кобудо герзаца волчу стагана дуьхьала латаран говзалла ю. Чинойн маттера гочдича: Ко – шира (чу), бу – латар (ан), до – некъ). (Оцу къийсадаларшкахь толам баьккхича спортан мастер волу).
Спортаца долу гергарло муха тасадалелира аьлла хаттар дича, цо иштта дийцира: «Со жима волчу хенахь дегIана эгІаза вара. ТIаккха бераш духьала дуьйлуш летара. Сайга уьш эша ца луш чIогIа дог этIара сан, – вела а воьлуш, дуьйцу СаьIида. – Цундела, сайна цара тоьхнарг дIадоькхур ма ду ас аьлла, волавелира со спортзале. Бакъду, оцу «довхошна» кхин дIа ца доькхуш, хилла вас йицйира ас. Суна мелхо а баркалла ала луур дара оцу «довхошна», хIунда аьлча цара йохье ца ваьккхинехьара тахана сан хилла кхиамаш хир ма бацара».
Билгалдаккха догIу, Лечиев СаьIидан спонсор а, цуьнан гIуллакхе хьожуш верг а, Нохчийн Республикин Правительствон чолхе хьелаш ца хилийтаран а, уьш дІадахаран а комитетан председатель Ахмадов Руслан хилар.
АБДУЛАЕВ Адам
Авторан сурт
