Вайн синбIаьвнийн гIортораш

Веданарчу №2 йолчу юккъерчу школехь болх беш ю Аламова Малика. Нохчийн мотт, литература хьоьхуш ю иза. Шен болх дукхабезаш а, дахаран дукхах йолу хан цунна дIаелла а ю иза. 40 шо гергга ю цуьнан белхан стаж. МогIарера хьехархо  хилла Iаш яц Аламова Малика. Цуьнан цIе шуьйра евзаш ю Веданан кIоштахь а, ерриге а Нохчийчохь а. Хьаналчу къинхьегамо а, нохчийн зудчун нуьцкъалчу амало а йовзийтина иза.IMG-20160404-WA0001

1965-чу шарахь дара Аламова Малика Веданарчу №1 йолчу юккъерчу школе хьалхарчу классе деша йоьдуш. ХIинца-м цунна туьйранахь санна, сиха чекхъиккхина хета и зама а, дахарехь уггаре а ирсе долу школехь доьшуш хилла шераш а. 1976-чу шеран бIаьста елира йоI кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина. Школехь доьшуш йолуш дуьйна безабеллера цунна нохчийн мотт а, къоман литература а. Цул совнаха, Маликин бераллин шераш чекхлилхинчу кIоштара бевлла похIме дукха а поэташ, яздархой бара. Кхин хIумма а ца хилча а, Арсанукаев Шайхин, Гацаев СаьIидан, Кибиев Мусбекан байташ тоьар яра ненан матте безам чIагIбалийта. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Маликина массарел дукхаезачарах цхьаъ ю Арсанукаев Шайхин «Нохчийн мотт» цIе йолу стихотворени. Цуьнга болчу лерамна кийча яра йоI нохчийн меттан хьехархочун говзалла караерзо. Иштта кхечира  Малика Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетерчу филологин факультете. Кхиамца зерех чекхъяьлла, юккъера школа чекхъяьккхинчу 1976-чу шарахь студентка хилира цунах. Бакъду, цIахь болчарна ца лиира йоI ша цхьаъ Соьлжа-ГIала охьаяхана юкъараIойлехь саца. Цундела деша дIатасаялар а заочни кепехь хилира Маликин. Оццу шарахь Веданарчу №2 йолчу юккъерчу школехь болх бан дIа а йолаелира иза. Дуьйцийла йоццуш хала дара къоначу йоIана белхан хьалхара гIулчаш яха. Ийзалуш меттиг а йогIура, шегара цхьа ледарло яларна кхоьруш. Цул сов, болх а, дешар а цхьана дIакхехьа атта доцийла массарна хууш а ду. Амма Малика къаръелла юха-м ца елира. Халонашка ша эша ца яйтира йоIа. Цунна дукха дезара шен къам, дика евзара къоман истори. Мел къона елахь а йоI кхетара, дешаро бен нохчашна тIера цхьаболу баланаш дIаайбийриг цахиларх. Цундела лаьара Маликина кегийрхоша деша, хаарийн кIоргене уьш кхийда, хаддаза, алссам книгаш цара еша. Шен къам а, цуьнан къона тIаьхье а къоначу хьехархочунна езаш хиларна къеггина тоьшалла дара иза. Маликас шен говзалла езаш хаьржина хиларан билгало а яра. Берашна а дукхаезара шайн  хьехархо. Сема ладугIура урокашкахь Маликас дуьйцучуьнга. Хьехархо дика кхетара дешархошца цхьаьна ша а кхиа дезаш хиларх. Мел кIорггера хаарш делахь а, ш- шех тоам бар догIуш дац стагехь, хьехархочуьнгахь муххале а. И тайпа ойла Маликин цкъа а ца хилла. Иза даима хилла хаддаза шен хаарш алсамдаха лууш. Цундела цкъа а книгаш йоьшучуьра соцуш яцара йоI. Сулаев Мохьмадан, МамакаевгIеран Мохьмадан а, Iаьрбин а, Арсанукаев Шайхин а, Гацаев СаьIидан а дукхах йолу байташ дагахь хаьа Маликина, аьтто баьллачохь дешархошна хьалха уьш еша а йоьшу цо, царах цхьаъ мукъане а берашна езаялийта йолчу Iалашонца. Къаьсттина Аламова Маликина дукхавезаш вара Айдамиров Абузар. Цуьнан кхолларалла дика евза хьехархочунна. Цул совнаха, цо кест-кеста берашна ешар тIе а дожадой, йийцаре йо нохчийн воккхачу яздархочун Айдамиров Абузаран говзарш. Иштта Iамайо цо  къона тIаьхье ойла ян а, ешначух хетарг ийза ца луш дIаала а. Къоман кханенна сагатдар ду иза, и кхане сирла хила лаар а ду. Юьртарчу хьехархочо цкъа мацах шена тIелаьцна деза дукъ кхачам боллуш дIакхехьар а ду. Дукха хан ю Малика нехан цIен тIехь йолу а. Цуьнан кхиъна ваьлла кхо кIант ву, шайн нана санна гIиллакхе, оьзда хьалакхиъна уьш. Кхуьй а доьшуш ву, уггаре а жимахверг а тIехь студент волуш. Делахь а цIийннана яра аьлла, доьзал стамбеллера аьлла Аламова Маликас цкъа а тесна дитина дац шена дукхабезачу белхан гIуллакх. Иза вайн махкахь тоьллачу хьехархойх цхьаъ ю. Мел ирча халонаш тIехIиттарх, яхь дIа ца луш доьналлица чекхъяьлла иза. Цундела белхан накъосташа дозаллица йоккху цуьнан  цIе. Нийса хир дацара юьртахь хьуьнаре болх беш йолчу хьехархочун къинхьегам вайн мехкан куьйгалло тидамза битина аьлча. Маликин алсам ю  Нохчийчоьнан Куьйгалхочо а, Нохчийн Ресубликин Правительствос а елла Сийллаллин грамоташ. 2012-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» сийлаллин цIе лелош а ю  иза. Веза-Воккхачу Дала вайх бина къинхетам бу аьлла хета Аламова Малика санна лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, шайн къоман маттана а, литературина а сагатлуш   хьехархой вайн махкахь хилар. Дахаран атта доцчу некъашкахь хьалхахьа дIагIерта уьш, тIекхуьучу чкъурана ненан маттах  къилба дина.Уьш нохчийн халкъан синбIаьвнийн гIортораш ю. Цара нохчийн къоман кхане хирг хиларх йолу дегайовхо чIагIйо сирла дог-ойла серлайоккху, дахаре а, Даймахке а безам совбоккху.

 А.ГАЗИЕВА

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: