Цунна хазахетара нохчийн дош

1957-чу шеран аьхка Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь хIетта схьайиллинчу къоман отделене деша кхайкхаран хьокъехь хаам бара. Школехь цхьана дийнахь нохчийн мотт ца Iамийначо а доьшура и газет. Леррина и дешархьама нохчийн маттахь шаьш-шайна деша Iамийнарш а бара. Царах цхьаъ вара хIетахь Казахски пачхьалкхан университетан экономикин факультетан студент хилла волу Эсхаджиев Якъуб. И хаам бешча жимачу стага сацам бира, ша доьшуш хилла экономикин факультет Iадда а йитина, шен Даймахка цIа а вирзина, оцу отделенехь деша.Eskhadzhiev_YAkub

Тахана массо юрист, экономист хила гIертачу хенахь, Якъуба а, цуьнца цхьаьна къоман отделене нохчийн мотт, литература Iамо баьхкинчу кхечу кегийрхоша а динчух кхета а, теша а хала ду. Амма бераш долуш, халкъан мостагIий санна, кхалха а бина, хийрачу махкахь кхиъначу цара нохчийн маттана, къоман хиндолчунна орцах кхайкхар санна тIеийцира лакхахь хьахийна кхайкхам. Вайна-м даккхий дешнаш хета тарло уьш, амма церан дагахь хилларг «со а ца вахча, кхин мила гIур ву къоман отделене деша» бохург дара. Республика юхаденъярехь шайн ницкъ кхочу дакъалаца лаар дара иза.

Эсхаджиев Якъуб вина 1936-чу шеран  8-чу мартехь Девкар-Эвлахь (кхалхар хилла 2007-чу шарахь). 1952-чу шарахь Токушински юккъера школа чекх а йоккхий, Петропавловскерчу (Каз.ССР)  зооветеринарни техникуме деша воьду иза. 1956-чу шарахь цIечу дипломаца чекхйоккху техникум. ТIехдика дешарца техникум чекхъяьккхинчарех 5%-на (дешарехь къаьсттина билгалбевллачарна) бакъо лора, экзаменаш ца луш, шаьш хаьржинчу лаккхарчу дешаран заведене баха. Якъуба Казахски пачхьалкхан университетан экономикин факультет хаьржира. 1957-чу шарахь, вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, оцу университетан 2-гIа курс юьтий, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенин 1-чу курсе деша вогIу иза. Цигахь цо муха дешна хилар гойту, 1962-чу шарахь институт чекхъяьккхича, институтан нохчийн меттан кафедрехь иза балхахь витаро. Юккъехула делахь а, ала догIу, къоман отделенехь дешна дуьххьара чекхбевллачара (1962 шо) дика лар йитина халкъан дешар кхиорехь а, Iилманехь а. Масала, Iилманан гуонашлахь дика евза Ю.Айдаевн, I.Арсанукаевн, В.Тимаевн, З.Хамидован, Т.Вагапован, А.Манкиевн, С.Хамирзоевн, кхечеран а цIерш.

Шен, Я.Эсхаджиевн, Iилманан некъах аьлча, 1971-чу шарахь РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн НИИ-н Нохч-ГIалгIайн филиале дехьа воккху Якъуб. Иза ларамаза дацара. Филиалана тIедиллина дара юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьехаран Iилманан-методикин бух биллар, ша аьлча, программаш, учебникаш, методикин пособеш, гайтаман гIирсаш кечбар. Оцу гIуллакхана охIла болу говзанчаш оьшура  цигахь.

1972-чу шарахь филиалан куьйгалхо чIагIво Я.Эсхаджиев. Оццу шарахь Гуьржийн Iилманийн академин меттан институтехь чIагIйира филологин Iилманийн кандидатан диссертаци. Якъуба баркаллица дагалоьцура хIетахь шен Iилманан куьйгалхо хиллачу, гоьваьллачу Iилманчин Имнайшвили Давидан цIе.

1989-чу шарахь юха а Нохчийн пачхьалкхан университете сехьа воккху Якъуб. Иза доьзна дара «Нохчийн меттан учебник» цIе йолу леррина программа кхочушъярца. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц университетан нохчийн меттан кафедрехь болх бира цо. Цуьнца цхьаьна ца сацийра Дешаран гIуллакхийн институтехь болх бар а.

40 сов Iилманан белхан автор вара  Эсхаджиев Якъуб. Царах коьртаниш лара догIу:

«8–9-чуй классашна лерина нохчийн  меттан синтаксисан учебник» (соавторшца цхьаьна).

«Нохчийн меттан чолхечу предложенин синтаксисехула лекцийн курс»;

«5–9-чуй классашна лерина изложенийн гулар»  (нохчийн маттахь)».

«9-чу классехь нохчийн мотт хьехар» (хьехархошна гIоьнна лерина методикин пособи);

«5–6-чуй классашна лерина нохчийн маттехула дидактически материалаш»;

«Нохчийн литературни маттахь чолхекарара предложени хIотторан некъаш». (статья);

7–8-чуй классашкахь нохчийн синтаксис хьехаран теоретически баххаш». (статья), и.дI.кх.

Якъуба жигара дакъалаьцна юккъерчу школехь, хьехархойн институтехь, университетехь  нохчийн мотт хьехаран программаш хIиттош.

Зорбане кийчча лаьтташ хьехархошна лерина кхин шиъ пособи йисира Я.Эсхаджиевс кечйина:

«Юккъерчу школехь нохчийн орфографин хьехар», «Нохчийн меттан синтаксис Iаморца доьзна пунктуаци хьехар».

Царах хьалхарниг иза кхелхинчул тIаьхьа зорбанера араяьлла, цунах нохчийн меттан хьехархошна боккха кхаъ а хилла.

Якъубан Iилманан белхийн еккъа цIерашка хьаьжча а, гучудолуш дерг цхьаъ ду – цуьнан Iилманан лехамийн коьрта Iалашо яра юккъера а, лаккхарчу а дешаран заведенешкахь нохчийн мотт хьехаран Iилманан-методикин бух кхоллар. Оцу декъехь беркате болх а бира цо. Цул сов, кIезиг дакъа дацара нохчийн меттан хьехархой кечбарехь а, хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь а цо лаьцнарг. Якъуба жигара дакъалоцура хьехархойн семинарашкахь, конференцешкахь, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсашкахь.

Iилманехь а, хьехаран хьаьрмахь а цо бинчу хьаналчу белхан лаккхара  мах а хадийна: 1986-чу шарахь Я.Эсхаджиевна совгIат дира «За трудовое отличие» мидалца, цо хьакъ йолуш лелайора «РСФСР-н халкъан дешаран отличник», «СССР-н серлонан отличник» цIерш.  2004-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Указца цунна елира «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе.

Вай тахана сих-сиха олучех ду: «Мотт боцуш къам хуьлуш дац». Цхьамма а шеконе а ца дуьллу иза, я дукха бахарх, шен маьIнехь дай а ца ло. Делахь хIета, ненан мотт хьехарна, Iаморна, ларбарна юкъахь кIеззиг а дакъа дерг шен къам, цуьнан кхане ларйинчех ву. Иза веза стаг ву. Царах ву Эсхаджиев Якъуб.

Якъубан адамаллин агIонаш билгалйохуш, ала деза, цIена нохчи вара иза, шен сица, ойланца. Цунна хазахетара нохчийн дош, нохчийн забар. Даима кисанахь лелош жима блокнот яра цуьнан, шена хезна керла дош, хаза забар, кица дIаяздеш. Цунна хазахетара нохчийн даарш: дакъийна жижиг, уьстагIан ког-корта, сискал, тIо-берам. Кураллех хьаса бацара цуьнца. Шен хьашташ хьалхадаьхна а, шена хилла цатам айина а лелар вацара. Гуттар а цхьаццаннан гIуллакх айина лелаш хуьлура, шегара цхьанне гIо хилча, цунах шена чIогIа там а хуьлуш. Адамаш дезаш а, адамашца мерза стаг а вара.

Нохчийн меттан хьехархоша а, белхан накъосташа а, цуьнца уьйр-марзо хиллачу наха а боккхачу безамца дагалоьцу Эсхаджиев Якъуб.

 

Хь.АБОЛХАНОВ

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: