Россехь йолчу дешаран учрежденех уггаре а яккхийчех а, ширачех а цхьаъ ю Iилманан а, культурин а коьрта вуз – М.В.Ломоносовн цIарах йолу Москван пачхьалкхан университет (МГУ). БIеннаш цIеяххана Iилманчаш, экономисташ, журналисташ, математикаш, дуккха а кхин говзанчаш кхиабо цигахь. Махкана а, халкъана а беркат долуш бехачу царна юкъахь вайн къоман векалш хилар къаьсттина хазахеташ ду.
Оцу ВУЗ-хь дешначу вайн махкахоша, массара бохург санна, бIаьрла лар йитина республикин дахарехь. Шайн къоналлин шерашкахь Даймахкана генахь хиллехь а, цара лардина дайн гIиллакхаш, нохчийн цIе еза а хетта царна.
Царах хIоранна а дешна ваьллачул тIаьхьа дахарехь шен меттиг карийна. Вайн республика кхиорна юкъа хазна йиллина, дахаран некъаш тайп-тайпана нисделлехь а.
Лаккхарчу даржашкахь белхаш бина зеделларг долуш пенсехь берш а, шаьш хаьржинчу говзаллица хIинца а къахьоьгуш берш а бу царна юкъахь. Масала, Саламов Овта – хьехархойн университетан коммерцин а, менеджментан а кафедрин профессор, Осмаев Мовла – экономикин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин кафедрин доцент, Акаев Кюри – Москван пачхьалкхан университетан (МГУ) спортан къийсадаларийн туьшан куьйгалхо, Мазаева Тамара – Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан культурологин кафедрин куьйгалхо, Хучиев Муслим – Соьлжа-ГIалин мэр, Баширов Сайд-Мохьмад – Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, и.дI.кх.
Уьш вовшийн бовзуьйтуш, церан цхьаьнакхетарш вовшахтухуш гIуллакх до лакхахь хьахийначу дешаран учрежденехь дешна волчу, Москварчу «Энтайп» ООО-н Соьлжа-ГIалахь йолчу филиалан директора Б.Демельхановс а, цуьнан белхахоша З.Ибрагимовас а, М.Сайдулаевас а. Юьхьанца цхьаьнакхетарийн Iалашо яра вовшийн довзар а, хилларг-лелларг дийцар а.
Хьалхара цхьаьнакхетар 2014-чу шарахь Шуьйтан районехь хилира. ХIетахь дуьйна пхоьзза вовшахкхетта уьш. ТIаьххьарлерниг дукха хан йоццуш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу «Майдан» ресторанехь. Иза дIахьош вара Саламов Овта. Дукха дара церан студентийн шерашкахь шаьш лелийначух лаьцна дийца. Иштта республикин дахарехь, дешарехь, Iилманехь, нохчийн маттехь долчу хьолах лаьцна чулацаме, доглазарца дан къамелаш а.
Таханлерчу дийнахь, бIе сов волчу царах, ткъе итт гергга стаг веанера цига. Шо-шаре даларца алсамбовлуш бу уьш. Цо гойту церан вовшашца уьйр-марзо чIогIа хилар а, цара вовшийн сий деш хилар а, уьш вовшашна оьшуш хилар а.
Цхьаьнакхетарийн дакъалацархойн ойла ю Москван пачхьалкхан университет чекхъяьккхинчеран Кавказан ассоциаци йилла. Цуьнан коьрта Iалашо хир ю Москван пачхьалкхан университете деша баха луучу вайн кегийрхошна гIодар. Иштта, университет чекхъяьккхинчарех лаьцна книга арахеца ойла а ю церан.
ХIокху шарахь университет чекхъяьккхина юбиляраш (итт стаг вара уьш) бовзуьйтуш, декъалбира. Цул тIаьхьа, хьалха хиллачу цхьаьнакхетаршкахь йина ролик гайтира. Тайп-тайпана номинацеш йолуш (стеган амал, хаьржина говзалла, баьхна кхиамаш тидаме оьцуш) дипломаш делира. Масала, О.Саламовна – «Верность профессии и передачу своих знаний новому поколению», К.Акаевна – «Боевой дух», М.Осмаевна – «Верность традициям и мудрость решений», Б.Демельхановна – «Неиссякаемый оптимизм», С-М.Башировна – «Достижение высокого профессионализма в своей области», И.Ахмадовна – «Большие достижения в бизнесе», В.Гишларкаевна – «Руководитель высшей пробы», Р.Даудовна – «Скрытые резервы», С-Э.Даурбековна – «Бесценный фонд», М.Каратаевна – «Железный характер», Т.Мазаевана – «Золотой фонд», С.Решиевна – «Мастерство управления», М.Хучиевна – «Лидер года», Ю.Элембаевна – «Бесценный фонд», и.дI.кх.
Дипломаш дIаделлачул тIаьхьа Осмаев Мовлин «Нохчий. Iадаташ. Ламасташ.» монографи йийцаре йира, рецензи а йоьшуш.
Цул тIаьхьа студентийн шерашкахь а, тIаьхьарчу хенахь а даьхна суьрташ юх-юххе дохкуш, бевзий хьовсура. Дукха хан юкъа йоьлла долу суьрташ тIехь берш ца бевзира.
Леррина Францера дуьйна цIа цхьаьнакхетаре еанчу Магомадова Маккас элира: «Ши-кхо де дисинчу хенахь хаийтира соьга хIокху гIуллакхах дерг. Оцу буьйсанна ши сахьт даьлча интернетехула билет а эцна, шолгIачу дийнахь новкъаелира со. Цкъа а цигара цIа йогIуш хилла бацара сан иштта аьтто. Дала яздинчунна цхьа бахьана хIутту-кха…
Университетехь тхоьца доьшуш хиллачу нохчийн кIенташа, шайн йижарий санна ларбеш, бIаьрIуналла дора тхан. И кIентий хилар бахьана долуш, кхечу къомах берш, вуониг ала боху ахь, тхан агIор схьахьажа а, бистхила а ца хIуьттура. ХIокхарах муьлхха а схьаэцча ваша ву ала йиш йолуш, бертахь, хаза Iийна тхо, вовшийн гIо-накъосталла а деш».
Цул тIаьхьа массарна анкеташ елира. Цу тIехь шен автобиографи а, студентийн шерашкахь я цул тIаьхьа хилла шайн дахарера книги юкъадахийта мегар долуш хIума яздан а дезара. Иштта цу тIехь довзийта аьтто бара хIокху цхьаьнакхетарх хIун дегайовхо а, тIейогIучу хенахь иза муха, мичахь дIадаьхьча дика хир дара а, шена хетарг а.
Диканехь-вуонехь цхьаьна а долуш, вовшийн бала а кхочуш хила дезаш хилар билгалдаьккхира цара. ХIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу «Энтайпан» белхахошна баркалла а элира.
Юха маца, мичахь цхьаьнакхетар ду билгалдаккхарца дIасакъаьстира дуьненахь а евзаш йолчу вайн мехкан пачхьенехь йолчу университетехь дешнарш.
Цхьана хенахь къона студенташ хилла болу уьш хIинца вайн махкахь бевзаш а, шайн яккха цIе йолуш а бу. Церан дахар тоьшалла ду, Iилманах къилба дина вехаш верг муьлххачу а лакхене кхочург хилар.
Царах вай дозалла а до, уьш хилар вайна юьхькIам а бу.
Цхьана ВУЗ-хь тайп-тайпанчу хенашкахь дешна, иштта вовшашца гергарло долу тоба суна кхин гина яц. Дика масал ду цара гойтург.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо