Вай машаран хама бо

Луьстачу хьаннашна, ширачу лаьмнашна  юккъехь Iуьллуш йолчу Веданах тахана  шахьар хилла. Юьртах волучохь  5 гIатт долу  районан коьрта  больница а, эскархойн  хIусамаш а  ю. Юьрта  юккъехь шишша-кхоккха гIаьтнаш долуш цIенош  ду, исбаьхьа рузбанан маьждиг ду. Шера ду  силам  диллина  некъаш. Цу некъаца Шела кхаьчча, баккъал а цхьана йоккхачу  гIала  кхаьчча  санна  хетало. Оцу  ойланехь  чIагIво керла  деш долу  дуккха а гIаьтнаш долчу даккхийчу  цIеноша, маьждиго.Мечеть_-Сердце_Чечни-

Цигара охьаваьлча  Устрада-ГIала (Аргун)  кхочу. Кхузаманан башха  шахьар хилла  дIахIоьттина иза. Къаьсттина  дог токхдо Кадырова Айманин цIарах долчу маьждиго а, «Аргун-Сити»  дукха гIаьтнаш долчу цIенойн исбаьхьачу комплексо а, царна  юккъехь лаьттачу чухчарено а, ахбеттан а, седанан а  суьрто а.

Оцу гIалех а ваьлла  Соьлжа-ГIалина  герга  мел кхечи а воккхавер алсам  долу. Масех чаккхарма генара  дуьйна  гуш ю «Грозный-Сити» цIенойн комплекс. Цигарчу  цIеноша  шайна  тIевоьхуш  санна хетало. Царна  гергга  мел кхечи  а алсамдолу  вайн гIаланех,  вайн шахьарех, вайн нана-Нохчийчоьнах  воккхавер. Хаза гIан, хаза туьйра  хета  гуш дерг. Дан а ду хIара-м туьйранехь  санна  хилла  хIума.

Нийсса  пхийтта  шо хьалха  хилларг дага лаца-кх цунах шеко йолчо. ХIетахь хIора  бIе  метр мел ели федеральни эскарийн блокпосташ яра, хьаннаш, лаьмнаш  сийсош  яра  дуьненаюкъарчу терроризман гIайренаш. Йохийна,  саьлнашка  ерзийна  яра  ярташ,  гIаланаш… ДIахьаьжначохь – къизалла. ТIеман  кIуркIамани. Хьере  хилла  адамаш, лармашчохь хан  токхуш, Iазап  хьоьгуш дара… Иза  ирча  гIан санна  дагалоьцу  вай.

Цу хенахь  цхьа  а да вацара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  воцург, оцу хьолах хьалха муха  довла деза, хIун дан деза  хууш. Диканах дог а  диллина, хIаллакьхила кIелсецна  долу  халкъ самадаьккхира  цо. Цунна  хьалхавелира, шен  са  механа  а диллина. И воцург кхин цхьа а  вацара  цо  динарг  дан  Iилма,  доьналла,  хьикма, майралла,  стогалла,  хьуьнар долуш. Вацара. Иза  тIаьхьа  гучуделира. Амма  цу  хенахь  цо  лелочух,  цо  юьхьарлаьцначу  некъах,  цуьнан  Iалашонах  кхеташ верг наггахь  бен  вацара. Цуьнга  хьаьжна  ца  Iаш,  дерриге а халкъ  кхето а, шена  тIаьхьа  хIотто а  хьекъал кхечира  цуьнан. Маьршачу  наха  шайга  сатийсина  стаг  вара  иза.  Царна  тоьира  цо аьлла  долу хIара  дешнаш: «Нохчийн халкъ ас цхьаьнгга  а хьийзадойтур дац». Уьш Ахьмад-Хьаьжех тийшира, тийшира хьаннашкахь болу, дог-ойла  цIена  йолу, шайн халкъах дог лозуш болу тIемалой.  Цо аьлларг а дина, цунна а, цуьнан  кIантана а юххе  дIахIиттира  и кегийрхой. Цара бохург дан, эшахь шайн са дIадала.pesni_chechenskoj_vojni_groznij_argun_gudermes

Нохчийчохь маьрша дахар дIахIотторан, тIом  гуттаренна а чекхбаккхаран юьхь  яра  иза. Цул тIаьхьа хилира  халкъан  гулам а, цунах  дагавалар,  оцу халкъана   хIун лаьа  хьажар а. Цул тIаьхьа  хилира  дерриге  а халкъан референдум. Цигахь хилларг  а, селхана хилча  санна, вайн иэсехь дисина. Россица цхьаьна а долуш даха лууш хиллера  нохчийн халкъ. Цунна  деззане а  ца  дезара  тIеман хьал. Референдуман жамIаша даррехь  гайтира  иза.

Вайн цадезарийн  мохь-цIогIа  оьххушехь  дIаяьхьира иза а, цул тIаьхьа –    Нохчийн Республикин Президентан харжамаш а. Цигахь  президент  мила хоржур ву боху  хаттар хIотто оьшуш а дацара. Наха къобалвина  тIеэцнарг  веккъа цхьаъ  вара – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Харжамаша  чIагI а дира  иза  иштта  хилар.

Шен иштта тIетовжийла  хиларх тешна  волчу цо хIинца  баккъал а даккхий, майра гIуллакхаш дора  Нохчийчохь къепе, низам  хилийтарехьа,  нохчийн халкъ  лардарехьа, иза  цхьаьнгга а  хьийза  ца  дайтарехьа. Оьшуш хьал хилча федеральни  эскарийн инарлаш а  човхабаро, маьрша нах  балехь  латтош йолу  экстремистийн, террористийн  ардангаш хIаллакйойтура. Уьш дерриге а  Нохчийчуьра контртеррористически операцин раж дIаяккхийтаре  кхачарехьа деш  гIуллакхаш дара. Яккхий  гIулчаш  йохуш оцу  Iалашоне  воьдура халкъан  баьчча.

Амма, байттамал яI! Ца  витира. Ямартчу  мостагIаша  стешхаллица  тешнабехк  бира  цунна, дагахь доццучу, дийнахь, дагахь  доццучу  меттехь. Толаман дийнахь  тоьлла  дIавахара иза. Цо каралаьцна  хилла  маршонан, толаман байракх охьа  ца  юьйжира. Цуьнан  кIанта  Рамзана  шен  ондачу буйна схьалецира  иза. МостагIашна  моьттург  ца  хилира. Хьалхара  баьчча  дIаваьлча  доьхна-даьржина  дIа  ца  дахара нохчийн халкъ. Мелхо  а хьалха хиллачул  а чIагIбелира  цуьнан барт, кхин а чIогIа  ваьшта  таьIира  оцу  бохамо лазийна, човхийна, дардина  халкъ. Цо дIагайтира  Ахьмад-Хьаьжас  хьехначу, гайтинчу  маьршачу  некъа  тIера  ша  дIасатаьIар  цахилар.

Россин Iедалан куьйгалло дог ир-кара хIоттийра  турпала  да декъалхилла  висинчу къоначу  Кадыров Рамзанан. Путин Владимира даррехь дIахьедира  ша  Ахьмад-Хьаьжин доттагIа хилла  хилар. Делахь-хIета, цо Нохчийчоь  тесна  юьтур йоций  хиира  нохчашна. Иштта  хиира дас долийна  гIуллакх хьакъ  ма-дду  дIакхехьа  вайн  республикехь  цуьнан  кIант  Кадыров Рамзан  воцург  кхин стаг хирг цахилар. РогIера  боцчу  президентан харжамашкахь  халкъо иза  Нохчийчоьнан  куьйгалхо  а хаьржира. Адамаша  иштта  харжам баран ладаме кхин цхьа а бахьана  дара. Республикин  вице-премьеран а, премьер-министран а даржашкахь  волуш  Кадыров  Рамзана ша дика  вовшахтохархо а, халкъах доглозуш, комаьрша  куьйгалхо а, дика  бIаьхо  а хилар гайтинера. Цо сихачу боларшкахь меттахIоттош  яра  тIеман муьрехь  йохийна, хьакхлагIашка  ерзийна  Соьлжа-ГIала а, кхийолу  гIаланаш  а, ярташ а. Цуьнца цхьаьна  цо  боккха  тидам  тIебохуьйтура халкъан синтем  ларбарна. Иза  жим-жима йохуш  федеральни эскарийн блокпосташ дIайохуш а, бандиташна  дуьхьал луьра  къийсам  дIахьош  а  вара. Цу  тIехь  цуьнан баккхий  кхиамаш хуьлура.

Цундела  халкъо цунах тешийра  республикин  Куьйгалхочун  дарж. Оцу дарже  хIоьттинчу  дийнахь  Кадыров  Рамзана  дерриге а дуьненна  дIахаийтира  шен дас Ахьмад-Хьаьжас болийна  некъ ша чекхбоккхург хилар. Цо аьлларг  кхочушхуьлура. Йоццачу хенахь  меттахIоттийра  Соьлжа-ГIала. Де-дийне чIагIлуш яра Нохчийчоьнан бакъонаш ларъяран  органаш. Уьш  чIагIъяларца  цхьаьна  федеральни эскарийн дакъош  шайн «керта» дерзош дара. Цара  дIалецна хилла  школийн, берийн бошмийн,  кхийолу гIишлош паргIатйохуш  яра, церан  некъа  йистошкара блокпосташ дIайохуш яра.QeMCGsGev9w

Федеральни эскарша а, нохчийн бакъонаш  ларъяран органаша а, цу юкъахь республикин  чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос а  цхьаьна, бертахь, вовшех дага а довлуш вахабиташна а, террористашна а дуьхьал дIахьош  болу луьра  къийсам  шен толаман  чаккхене боьдуш бара. ХIаллакйина дIаехира  зуламхойн ардангаш. Нохчийчоьнан ярташкахь а, гIаланашкахь а хаалуш яцара  тIеман лар. Маьрша яра уьш. Маьрша яра  вайн  хьаннаш, маьрша дара  вайн  лаьмнаш. Дуьненаюкъарчу терроризман декъашхой  шайн са дадийна  дIабаханера  Нохчийчуьра. ПаргIатдаьллера халкъ. И дерриге а  Кадыров Рамзана  дийнахь а, буьйсанна а тем боцуш, садаIар  доцуш бинчу  турпалаллин белхан, дIабаьхьначу турпалаллин къийсаман жамI  дара. Иза гира Россин Федерацин Iедална, куьйгаллина. ТIаккха цо сацам бира Нохчийн Республикера террористически операци дIаяхьаран раж  дIаяккха. 2009-чу шеран 16-чу апрелехь  хилира  исторически маьIна  долу и мехала хилам. Гуттаренна  а дIабелира  Нохчийчуьра  тIом, шен хенахь  Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла ма-хиллара. Машаран байракх лаккха хьалаайбира  вайн  халкъо.

ХIинца, Россин кхийолу субъекташа санна,  маьрша  яра  вайн  регион. ТIаккха Кадыров Рамзанан куьйгаллица  кхин а сихдира  Нохчийчохь политикин  а, экономикин а, культурин  а  кхиоран  боларш. Соьлжа-ГIала къагийна дIахIоьттина дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг, цунна  дуьхьал – Соьлжал дехьа  – «Грозный-Сити» дукха гIаьтнийн цIенойн комплекс. Иштта  къеггина  дIахIоьттира  Гуьмсе  гIала, ерриге а нана-Нохчийчоь.

Тахана Россехь а уггаре а хазачу,  маьршачу, синтемечу регионех цхьаъ  хилла дIахIоьттина  вайн республика. Шо-шаре мел дели  толуш, токхе  хуьлуш дIадоьдуш ду  бахархойн Iер-дахар. Даккхийдер, самукъадалар хаало адамийн яьххьашкахь. Дуьненан массо а маIIера адамаш ду  вайх  цецдуьйлуш, вайн кхиаре  бIаьрг тоха лууш. Цунна тоьшалла  лара догIу кест-кеста  вай  долчохь  тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара  яккхий делегацеш  хуьлуш  хилар, уьш вайца  уьйр-марзонаш хила  лууш хилар.

Кху шарахь  ворхIазлагIа билгалдоккхур ду  вай Нохчийчохь контртеррористически операцин  раж дIаяьккхина, машаран де. Вайна дика  хаьа  машаран  мах.  Цундела  вай цуьнан хама  бо. Дуьненан халкъаш а кхойкху машаре.

С.ХАСАНОВ  

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: