Магомадов Iабдулла: «КТО-н раж дIаяккхар экономика а, социальни дакъа а кхиорехь мехала гIулч яра»

Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьерана, экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министрана Магомадов Iабдуллина хетарехь, КТО-н раж дIаяккхаро доккха маьIна лелийна регионан экономика а, социальни дакъа а кхиорехь а, инвестицийн декъехь йолу Нохчийчоьнан аьхналла лакхаяккхарехь а.IMG_0444(4)

Нохчийн Республикехь КТО-н раж дIаяккхаран хьокъехь омра 2009-чу шеран 16-чу апрелехь Россин Федерацин Президентан Дмитрий Медведевн тIедилларца юхадаьккхира Къоман антитеррористически комитето. КТО-н раж республикехь йолу итт шо кхочуш дара хIетахь.

16-гIа апрель (Нохчийн Республикехь КТО-н раж дIаяккхаран де санна) Нохчийн Республикин Кадыров Рамзанан Указца Машаран де ду аьлла дIа а кхайкхийна, иза мукъа де дина.

«Республикин берриге а бахархошна вуно мехала а, деза а де ду 16-гIа апрель. Цу дийнахь дуьйна дIадоладелла вайн махкахь маьрша дахар. ХIетахь тийшира нохчийн къам тIом баккъал а дIабаьлла хиларх. Контртеррористически операцин раж дIаяьккхинчул тIаьхьа даьхкинчу шерашка бIаьрг тоьхча вай кхета вайн мохк кхидIа а кхиийта и сацам мел чIогIа оьшуш хиллера. Экономикин дерриге а дакъош кхиорехь йоккха гIулч яьккхира и хилам бахьанехь, ткъа уггаре а коьртаниг – адамийн дахаран дикалла лакхаяьккхира» – элира I.Магомадовс.

Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана бакъонаш ларъяран а, нуьцкъаллин а структурашца цхьаьна хIетахь зуламе евллачу тобанашна дуьхьал бина боккха болх а, иштта, кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран декъехь дина гIуллакхаш а бахьанехь, КТО-н раж дIаяккха таро хилла хилар. Машаран некъ дIаболийчахьана дуьйна таханлерчу дийнахь а цхьаьна къахьегаран а, диканиг даран а, экономикин кхиаран а сирла масал хилла лаьтташ ю Нохчийн Республика.

Вице-премьера ма-аллара, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республикина куьйгалла даран коьрта маьIна лорура Нохчийчохь гуттаренна а тIом дIабаккхар, шен къоман маьрша хиндерг хилийтарна бух кечбар. Цо дIадолийначу гIуллакхах дахаран къилба хилира цуьнан кIантана Кадыров Рамзанна.

Контртеррористически операцин раж дIаяккхар Нохчийн Республика  кхиорехь мехала гIулч хиларх лаьцна дуьйцуш, Магомадов Iабдуллас билгалъехира республикин экономика кхиорна оцу хиламо елла керла таронаш. Цуьнан тIаьхьало яра «Грозный» аэропортана дуьненаюкъара статус ялар а, Нохчийчохь таможни яр а. Карарчу хенахь республикин хIаваан дуьненаюкъара шен кевнаш ду, шен-шен хенахь кхочушъеш дуьненаюкъара авиарейсаш ю, хIора шарахь шорлуш ду дозанал арахьа  махлелор. Кхечу мехкашкарчу инвесторийн паргIата Нохчийчу бахка а, кхузара инвестицийн а, экономикин а таронаш йовза а таро ю. КТО-н раж  дIаяккхаро республикехь дукха дакъош меттахIитто а, кхио а таро елира.

«Динан, Iилманан, культурин, спортан декъехь Ерригроссин а, дуьненаюкъара а даздарш, фестивалаш, къийсадаларш дIахьо меттиг хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика кху тIаьхьарчу шерашкахь. КТО-н раж дIаяккхарца республикин туристско-рекреационни дакъа кхио вуно дика аьтто белира. Дерриге а дуьненахь бевзаш болу нах – Iилманан а, культурин а гIуллакххой, спортсменаш, тайп-тайпана делегацеш оьху вай долчу. Регионан куьйгалло тIеэцна а, чIагIйина а ю 2025-чу шаре кхаччалц Нохчийн Республикин социальни-экономикин кхиоран Стратеги. И хан кхачале, берриге а аьттонаш болуш, дахар лаккхарчу тIегIанехь хилийта мел оьшу хьелаш а долуш, кхиъна яьлла регион хила еза вайн. ХIинццалц республикин куьйгалло коьрта лорург социальни дакъа хиллехь а, хIинца коьрта тидам экономика кхиорна тIебохуьйтуш бу. ХIунда аьлча, кхечаьрца къовсаяла а (конкуренци лело) таро йолуш, кхузаманан экономика ца хилча, юкъаралла цхьанаэшшара дика кхиайойла хир дац. Ерриге а Россин юкъарчу экономикех долархьама коьрта дакъош билгалдаьхна вай: республика кхиорехь коьртачех хила беза юьртан бахам, гIишлошъяран индустри, энергетика, туризм», – дийцира Магомадов Iабдуллас.

Билгалдаккха деза, республикехь кхочушъеш дуккха а проекташ (цу юкъахь – инвестицийн а) хилар. Царна юкъахь ю спортан, могашалла тояран «Соьлжа-ГIалин хIорд» туристийн комплекс, къаьсттина экономикин зонина юкъайогIу «Ведучи» курорт, дуккха а хьаштийн «Ахмат-тауэр» комплекс, Соьлжа-ГIалин ТЭС, Гуьмсан районерчу Ойсхарахь хинйолу шуран комплекс, «Шали-Сити», Соьлжа-ГIалахь ян лерина хьешацIийнан комплекс. Кхочушъян йолийна кхин а 172 инвестицийн проект а ю (церан юкъара мах – 265 миллиард соьмал сов), кхолла лерина 9,5 эзар сов белхан меттиг а ю.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: