Машаран ворхI шо

Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяьккхина ворхI шо! ВорхI шо хьалха, 2009-чу шеран 16-чу апрелехь, Федеральни кхерамазаллин службин директора, Россин Къоман антитеррористически комитетан куьйгалхочо Бортников Александра Нохчийн Республикехь контртеррористически операци дIаяхьаран раж дIаяккхаран хьокъехь омра арадаьккхира. Иза юкъаялийна яра Нохчийчохь шолгIа тIом дIаболалучу 1999-чу шарахь.

ZCwB8jmMreA   «Терроризмана дуьхьало яр» цIе йолчу Федеральни законца нийса а догIуш, Россехь контртеррористически операци «леррина гIирсаш а, герз а, тIеман техника а лелош, леррина дIахьош йолу мероприятеш» аьлла, билгалъяьккхина ю. Оцу законца билгалдаьхна ду контртеррористически операци дIаяхьаран бахьанаш а, Iалашонаш а: бахархойн а, организацийн а кхерамазалла Iалашъяр; террористически лелхарш цадайтар; террористаш зеназа бар, иштта дIа кхин а.

Россин Федерацин куьйгалло Нохчийн Республикехь КТО-н раж дIаяккхаран хьокъехь сацам бар а, цул тIаьхьа дIадаьлла ворхI шо а республикин а, цуьнан халкъийн а керлачу историн бIаьрлачу хиламийн а, кхиаман а мур хилла дIахIоьттина. Амма республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран бух 2009-чу шарахь кхоллабелла бац. Иза Нохчийн Республикин халкъаша 2003-чу шарахь, шаьш республикин Конституци а, Россица цхьаьна хилар а тIеоьцучу хенахь боьттина бух бара, цигахь коьрта дакъалаьцнарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а волуш.

Цуьнан майралла а, хьекъал а, политикехь хиндерг гар а бахьана долуш таро хилира Конституци тIеэцарна лерина референдум дIаяхьа. Республикехь КТО-н раж дIаяккхаран хьалхара гIулч яра иза. Цул тIаьхьа, кхин а ялх шарахь бахбелира и некъ. Вайна массарна а хаьа, цу муьрехь, машаран дийне кхача гIерташ, вайн къомо мел беза а, лакхара а мах белла: нохчийн къоман дуккха а кIентий а, йоIарий а кхелхира цу некъа тIехь. Иштта кхалхар нисделира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн а.

Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, А-Хь.Кадыровн кIанта Кадыров Рамзана, ша республикин куьйгалле хIоьттинчу хьалхарчу муьрехь дуьйна къахьийгира республикехь КТО-н раж дIаяккхийтаран дуьхьа. Цунна хаьара КТО-н раж а йолуш республикин социальни кхиар а, республикин шен таможни, дуьненаюкъара аэропорт хила а, йиш цахилар.

Цундела республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана федеральни тIегIанехь хIоразза а бохуш дара вайн махкара КТО-н раж дIаяьккхича, республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахошкахь бахархойн кхерамазалла Iалашъян ницкъ а, говзалла а хилар. Иза КТО-н раж дIаяккхийтаран дуьхьа дина къамел дацара, иза бакъдолу, шен бакъ хилар дуьненна а дIагайтина долу къамел дара.

Цуьнца нийса а догIуш 2009-чу шеран 27-чу  мартехь Россин Федерацин Президента Медведев Дмитрийс Къоман антитеррористически комитетана Нохчийн Республикехь КТО-н раж кхидIа а латторан гIуллакх таллар тIедиллира. 20 де даьлча, 2009-чу шеран 16-чу апрелехь, Нохчийн Республикехь 1999-чу шарахь дуьйна лаьтташ йолу КТО-н раж дIайоккхуш ю аьлла, хаам бира Россин Къоман антитеррористически комитето.

– Цу дийнахь дIадоладелла Нохчийн Республикин а, цуьнан къаьмнийн а керла дахар. Вай дерриге а декхарийлахь ду вешан махкара машар а, маршо а Iалашъян. Историн чолхе агIонаш вайн къаьмнашна кхин цагайтаран дуьхьа, вай тIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран белхаш бан декхарийлахь ду. Цул сов, вай царна довзийта деза, дIахаийта деза, таханлера машар а, маршо а яккхаран дуьхьа, вай мел беза, мел лакхара мах дIабелла, – элира Кадыров Рамзана.

 

И.ЧЕЧАНХО

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: