Цхьа-ши дош…

 Шемахь ларбеш бу герзаш деттар сацоран а, машар баран а хьокъехь бина барт. Иза къобалбеш болчу оппозицин декъашхойн барам тIеттIа алсамболуш бу.

***

   Шемин Iедалан эскаршна луьра дуьхьало яр дIахьо «Иблисан пачхьалкх» террористически организацин гIеранаша Латакехь а, Хомсехь а, кхечу гIаланашкахь а. Стомара цара Раккина юххехь дохийна Шемин эскаран тIеман кема.

***

   Шемарчу маьршачу бахархошна кхачанан сурсаташца а, Iер-дахарехь  оьшучу хIуманашца а гуманитарни гIо дар де-дийне алсамдолуш ду.

 

***

   Японерчу масех гIайри тIехь мохк бегийна. Iаламан бохам бахьанехь 3 стаг кхелхина, 400 гергга стаг лазийна, царах 200 стаг больницехь дарбанаш лелош ву, дохийна 10 эзар цIа.

***

   Пентагонан а, НАТО-н а куьйгалло чIагIдо шаьш Россица йолу юкъаметтигаш тоян лууш хилар. Амма цара деш дерш юкъаметтигаш «шелъеш» гIуллакхаш ду.

***

   Беларусин куьйгалла Пакистанца а, ОвгIанца а йолу политикин, экономикин юкъаметтигаш чIагIъян лерина ду. Цо дIахьедина ОвгIанан экономика когаяхийтарехь дакъалаца ша кийча хилар.

***

   Парижехь дIахьош ю хенаца доза тоьхна йоцу забастовка. Урамашка бевллачара дIахьедо шаьш шайн лехамаш Iедало кхочуш ца бича юхадевриг цахилар. Цара лоьху къинхьегаман законодательствехь беш болу хийцамаш совцор.

***

   Таджикистанан а, ГIиргIизойчоьнан а МВД-н куьйгалхоша а, белхахоша а дуьххьара юкъара коллеги дIаяьхьна. Цигахь дийцаре дина бакъонаш ларъяран декъехь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   Украинин керлачу премьер-министра В.Гройсмана Лакхарчу Радехь йовзийтира правительствон керлачу декъашхойн цIерш. Хьаххийначуьра аьлча, Лакхарчу Радин куьйгалхо хIоттийна А.Порубий.

***

   ГIирмехь дIаяьхьира дуьненаюкъара шолгIа Ялтински экономикин форум. Цигахь дакъалецира иттаннаш пачхьалкхашкарчу экономисташа.

***

   Махачкалана уллохь леррина операци дIахьочу хенахь бакъонаш ларъяран органаша виъ террорист хIаллаквина. Уьш хIаллакбинчу меттехь дуккха а герзаш карийна.

***

   Апрель беттан хьалхарчу кIирнах Россин дуьненаюкъара тIаьхьало 0,23 процентана алсамъяьлла. Иза шо доладелчахьана дуьйна а алсамйолуш ю.

№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: