Хьомсара махкахой!
Декъалдо шу Машаран денца! 2009-чу шеран 16-чу апрелехь Россин Федерацин Президентан тIедилларца Нохчийн Республикера контртеррористически операцин раж дIаяьккхира. И де вайна массарна а баккъал а, сирла а, деза а де хилла дIахIоьттира.
Контртеррористически операцин раж дIаяккхаран де нохчийн халкъан исторехь республикехь маьрша хийцамаш дIаболабаран де хилла дIахIоьттира. Оцу сацамо гIо дира пачхьалкхан Iедалан а, урхаллин а ерриге а институташ меттахIитторна, шуьйра таронаш схьайиллира республикин экономика а, социальни дакъа а кхиорна.
Оцу дийнан мехаллин а, шайн дахарш ца кхоош иза гергадало гIиртинчеран хьуьнаран а мах хадийна вер а вац. Нохчийн Республикехь машар а, синтем а, токхе а хилийтаран дуьхьа шайн синош ца кхоийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъосташа а. Церан цкъа а лийр йоцу турпалалла бахьанехь тахана Россин уггаре а сиха кхуьуш йолчу, маьршачу, синтемечу цхьана регионехь Iаш ду вай. Вайн декхар ду оцу маршонан, кхиамийн хама бар, и маршо а, кхиамаш а ларбар, чIагIбар, дебор.
Билггал Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш республикин пачхьено – Соьлжа-ГIалано лардина шен исторически дозанаш. Лардина иза кхечанхьа дехьа яккха еза бохуш дуьйцуш хабарш хиллехь а. Тахана Соьлжа-ГIала Россин уггаре а хазачу а, маьршачу а гIаланех цхьаъ ю. Кхузахь дIахьо дуьненаюкъара къийсадаларш, конференцеш, гайтамаш, фестивалаш. Дуьненан массо а маьIIера туристаш богIу вай долчу, инвесторша шайн харжаш вайн экономикина юкъайохку, гIала бIаьргашна а гуш кхуьуш, хазлуш ю. Нийсса шо хьалха мехкан Президента Путин Владимира исторически нийсо меттахIоттийра, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе а тиллина.
Контртеррористически операцин раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадевлла шераш билгал дара бIаьрла толамаш бахарца а, баккхий хиламаш хиларца а, регионан дахаран дерриге а дакъош – промышленностана тIера дешарна а, могашалла Iалашъярна а тIекхаччалц сиха кхиарца а. Амма вайн уггаре а коьрта кхиам бу адамийн дахар тоделла хилар. Церан яккхий таронаш ю шайн бакъенаш, лаамаш, сатийсамаш, ойланаш кхочушъян, шайн таронех пайдаэца.
Хьомсара махкахой! ХIокху дезачу дийнахь суна лаьа шун доьзалшкахь ийман, беркат лаьттийла, дахарехь аьтто хуьлийла, стигал даима а маьрша хуьлийла. Шайн дикачу дерриге а гIуллакхашкахь кхиамаш хуьлда шун!