Россин Федерацин Президентан В.Путинан рогIера дуьххьалдIа эфир 3 сахьтехь 40 минотехь лаьттира. Цу хенахь пачхьалкхан Куьйгалхо кхиира 80 хаттарна жоп дала. Россихоша жигара дакъалецира мехкан Куьйгалхочуьнга хаттарш даларехь. Президенте даийтина 2,5 миллион хаттар дара, хIора минотаца уьш дуьстича, цхьана минотехь 2,5 эзар хаттар нислора.
Россихоша коьрта тидам чоьхьарчу а, арахьарчу а политикин, экономикин гIуллакхашна тIебахийтина хилар гучуделира хьалхарчу миноташкахь дуьйна. Россихоша Президенте дуккха а «лазаме» хаттарш дира: карарчу хенан экономикера хьал, молханийн а, кхачанан сурсатийн а мехаш лакхадовлар, инфляци, социальни учрежденеш дIакъийлар, белхан алапаш сецор, иштта дIа кхин а. Тидамза ца дисира некъашца доьзна хаттар а. Кхузахь ала догIу, дукхахболчу россихошна некъашкара чолхе хьал мехкан коьртачу проблемех цхьаъ хеташ хилар.
Цул сов, россихоша дуьненаюкъарчу проблематикех лаьцна дуккха а хиттира. Шемарчу а, Нагорни Карабахерчу (Азербайджан) а, Донбассерчу (Украина) а хьолах лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш делира Путин Владимира. Тидам боцуш ца дитира россихоша Россин а, США-н а юкъаметтигийн хьал.
Нохчийчоь а, цуьнан халкъ а, Куьйгалхо а хьахош, шен цIе яккхийта лууш верг, мацах Нохчийчохь «коврови бомбардировкаш» е баьхна волу Доренко Сергей вара. Тахана иза «Говорит Москва» радиостанцин коьрта редактор ву. Россин Федерацин Президенте Путин Владимире хаттаран кепехь иштта «дехар» дира цо: «ТIекхочуш харжамаш бу. Оппозици оцу харжамашкахь дакъалаца лууш а ю. Амма тхуна кхерамаш тийсар а, тхо бехдар а хIинцале дIадоладелла.Оппозици халкъан мостагI ю аьлла, ткъа хьалха хилла волу премьер-министр тоьпан оптикин Iалашоно лаьцна гайтина. Хьайн губернаторшка кхана хиндерг къийсарехь дозанаш мичахь ду а, мичахь дац а, халкъан мостагIий леха мегар ду я дац а эр дацара ахь?».
Пачхьалкхан Куьйгалхочо иштта жоп делира цуьнан хаттарна: «Ахь мила вуьйцу хаьа сунна. Тахана иза Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву. Амма хьалха цо, шен деца цхьаьна, вайна дуьхьал тIом бина. Цуьнан да, цхьамма шена хьехарш ца диннашехь, Нохчийчоь Россица бертахь а, цхьаьна а яха еза бохучу ойланна тIевеара…», – элира Путин Владимира.
Цо билгалдаккхарехь, Кадыров Рамзан а оццу ойланехь болх беш ву. Цо цкъа а, Россина юкъахь йолчу цхьана а республикина куьйгалла дийр дацара, цу республико а, цуьнан халкъо а хаьржина некъ нийса бац аьлла, шена хеташ хилча.
«Вай дерриге а адамаш ду, цундела вайх хIораннан а шен-шен дахаран мур а бу», – олуш, Доренко Сергейн хаттарна деллачу жоьпана тIадам хIоттийра Россин Федерацин Президента.
ДуьххьалдIа йолчу эфирехь гайтира ГIирмин а, Сахалинан а, Томскан а, Тулин а, иштта Воронежан а бахархой. Кху шеран дуьххьалдIа йолчу эфирехь россихойн таро хилира шайна хетарг видеохаттаран кепехь довзийта.
Ламаст а хилла дIахIоьттина йолу дуьххьалдIа эфир юкъаяьлла 2001-чу шеран 24-чу декабрехь. 2004–2012-чуй шерашкахь «эфир» ца хилира. Ткъа уггаре а еха лаьттинарг ю 2013-чу шеран «эфир»: иза 4 сахьтехь 47 минотехь лаьттира.
И.ХАСАХАНОВ
№43, шот, оханан (апрель) беттан 16-гIа де, 2016 шо