20-гIа апрель, 1936 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Нашхоев Руслан, журналист, яздархо. Дешна Уральски пачхьалкхан университетан журналистикин факультетехь, КПСС-н ЦК-хь хиллачу Лаккхарчу партийни школехь. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан заведующи, жоьпаллин секретарь), КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь (зорбанан, телевиденин, радион секторан заведующи, пропагандин, агитацин отделан куьйгалхочун заместитель), «Россия» газетехь (Нохчийн Республикехула шен корреспондент), «Нурэнерго» акционерийн юкъараллехь (хаамийн гIирсашца зIенийн отделан куьйгалхо).
«Сатийсамийн тIемаш тIехь», «Сан заманхой», «Хелхаран бозбуунча») («Чародей танца»), «Пхьарматан къайле», «Нохчийн Республикин энергетика» книгийн автор. Цул сов цуьнан дIадолорца оьрсийн маттахь арахийцира халкъан барта кхоллараллин ши книга: «Нохчийн, гIалгIайн турпалаллин иллеш», «Нохчийн, гIалгIайн туьйранаш, шира дийцарш, аларш». Р.Нашхоевс хьакъйолуш лелайора «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» (2006 шо), «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» (2007 шо) сийлаллин цIерш. Кхалхар хилла 2010-чу шарахь.
20-гIа апрель, 1943 шо. Шелахь вина Ирисханов Iимран, журналист, Россин Журналистийн союзан декъашхо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина Гуьмсерчу типографехь, Шелан кIоштан газетехь (редакторан заместитель, редактор волуш). Еххачу хенахь республикин книгийн издательствехь редактор лаьттина. Иза редактор я хIотторхо волуш, дукха книгаш арахецна нохчийн яздархойн. «Чеканные узоры» книгин автор. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьрта редактор.
22-гIа апрель, 1956 шо. Казахстанан Кзыл-Ордински областан Чили станцехь вина Ибрагимов Кюра, юьртабахаман Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик. Соьлжа-ГIалара №2 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетехь.
1982-чу шарахь чIагIйина юьртабахаман Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1995-чу шарахь юьртабахаман Iилманийн докторан диссертаци чIагIйо. 2000-чу шарахь К.Ибрагимов Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик хоржу. Белхаш бина «Пригородный» совхозан юьрта агроном (1982–1984-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн стоьмийн, хасстоьмийн Iилманан-талламан станцин лакхара Iилманан белхахо (1984–1987-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан хьехархо (1987–1994-гIий шераш), Нохчийн юьртан бахаман Iилманан-талламан институтан директор (1996–2009-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор (2009-чу шарахь дуьйна) волуш.
70 сов Iилманан белхан автор, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан 3 диссертаци.
23-гIа апрель, 1954 шо. Юккъерчу Азехь вина Салгириев Хьасан, Россин Федерацин хьакъволу пилот. Дешна Краснокутскерчу кеманхойн училищехь, Граждански авиацин академехь (балхара юкъах ца волуш). 1974–1995-чуй шерашкахь болх бо Грозненски авиаотрядехь (2-гIа пилот, кеманан командир, авиаотрядан командиран заместитель). Цул тIаьхьа белхаш бина «Нижегородские авиалинии» авиакомпанехь (ТУ-134 кеманан командир), «Асхьаб» авиакомпанехь (генеральни директоран заместитель), «Газпромавиа» авиапредприятехь (пилот, ТУ-134 кеманан пилот-инструктор, авиаэскадрильян командир). Белхан тIаьххьара меттиг – «Грозный-авиа» авиакомпанин генаральни директор. 40 шарахь сов авиацехь болх беш, 17000 сахьт хIаваэхь даьккхина летчико, 14 шарахь сов куьйгаллин балхахь лаьттина. 1981-чу шарахь цуьнан цIе дIаязйо СССР-н граждански авиацин министерствон «Сийлаллин Книги» тIе, 1988-чу шарахь Граждански авиацин 1-чу классан пилотан цIе ло, 2007-чу шарахь «Россин Федерацин хьакъволу пилот» сийлаллин цIе яларца билгалбоккху хьуьнаречу летчикан болх. Цо кхиийна ТУ-134 кеманан 10 командир.
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо