Бекалахь, ненан мотт!

Нохчийн Республикин дешархошна юкъахь дIахьош ю Нохчийн меттан денна лерина хIора шеран «Бекалахь, ненан мотт! – 2016» республикин конкурс-фестиваль.

Иза вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин культурин министерствос а, оццу министерствона юкъайогIучу Халкъан кхоллараллин туьшо а.

Конкурсан Iалашо ю тIекхуьуш долу  къона чкъор ийманехь кхетош-кхиор а, нохчийн меттан ницкъ, хазалла, аьхналла гайтар а, кегийрхошна шайн къоман гIиллакх-оьздангалла Iамош, церан шайн Даймахке безам кхоллар, ткъа иштта похIма долу бераш лахар, царна оьшуш долу гIо-накъосталла дар.

Конкурс-фестивалан вовшахтохараллин комитето чIагIйина жюри ю. Цунна юкъахь ву яздархо, Халкъан кхоллараллин туьшан методикин а, клубан белхан а отделан методист Уциев Абу, лакхахь хьахийначу туьшан директоран заместитель Шатаева Зараъ,  халкъан кхоллараллин туьшан методикин а, клубан белхан а отделан заведующи Демильханова Билкъис, оццу туьшан экспедиционни отделан заведующи Альтемиров Iаьрби.

Конкурс-фестиваль дIаяхьаран ражца нийса а догIуш, хIинцале хилла хьалхара къасторан зональни тур. Иза 31-чу мартехь Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-Юьртан Культурин цIийнехь а, 6-чу апрелехь Курчалойн районерчу Культурин цIийнехь а, 7-чу апрелехь Шуьйтан районерчу Культурин цIийнехь а хилла. Нохчийн Республикин 13 районан а, гIалин а Культурин цIеношкара тоьлла номерш къастийра хIокху номинацешкахула:

1.Исбаьхьаллин дош: а) поэзи (байт, поэмин дакъа) б) эпос  (фольклоран говзарна юкъара дакъа); 2.Забар; 3.Вокал.

РогIера зональни тур  12-чу апрелехь Шелковски районан Культурин цIийнехь хилла. Цигахь Невран, Теркан, Грозненски районашкарчу дешархоша а, кегийрхоша а дакъалецира. Финальни, ерзоран тур 20-чу апрелехь хир ю. Цуьнан жамIаш а,  толамхой а газетан тIейогIучу цхьана номерехь бовзуьйтур бу оха.

 

ХИЗИРОВА ЗАЙНАП

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: