Иштта ю Нохчийн Республикехь Россин МЧС-н куьйгаллица дIахьош долчу татолийн, хин бердийн йистош, шовданаш цIандаран Ерригроссин экологически гIуллакхан цIе. И мехала гIуллакх дIахьош ду Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькаман Яхьяев Русланан тIедилларца. Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш бу МЧС-н белхахой, кегийрхойн юкъараллин организацийн жигархой, волонтераш, экологаш.
– 2014-чу шарахь дуьйна ламаст хилла дIахIоьттина ду «ЦIена берд» гIуллакх дIадахьар. Iалам цIандан, лардан Iалашо йолчу оцу гIуллакхан дакъалацархоша адамаш гуонахара Iалам лардаре кхойкху. Иза дац, леррина, цхьа де билгал а даьккхина къахьега деза бохург. Муьлххачу а стага ша хи тIе кхаьчча, Iаламе бIаьрг тухуш садаIа вахча, шена тIаьхьара нехаш дIаяьхча а цIано хир яра. Иза башха хала хIума а дацара, – элира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хинан объекташкахь адамийн кхерамазалла ларъяран отделан хьаькама Алхаев Аслана. Цо дийцарехь, Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу районашкахь цхьана дийнахь 18,5 км. бердан йистош нехех цIанйина.
М.БАЙБАТЫРОВА
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо