Дика а, къинхетаме а лор

Де эшначохь шен гIо лаьцначунна баркалла ала хьаьгна хуьлу вайх хIора а. Гергарнаш, луларнаш гулбеллачохь цуьнан цIе йоккху. Ткъа шен могашаллина эшам  хилла  висча, шена дарба динарг муххале а  веза хета вайна. Лоьрана баркаллин дош

Иштта, дукха хан йоццуш ТIехьа-МартантIерчу яхархочо Мирзуева Умидата шена дарба динчу лоьрана баркалла алар а, иза нахана вовзийтар а дийхира. Цо вуьйцург хирург Наурбаев Мусхьаб ву. Шена дуьххьара иза вовзарх а, цо шена дарба дарх а лаьцна, иштта дийцира цо:

«Хьаьнгга хаьттича а, могашаллел коьрта цхьа а хIума дац дуьнен чохь. 2015-чу шарахь дара, сайн могашалла ледара а хетта, больницашкахула со йолаелча. ТIахьуо онкологин больнице хьажийра со. «Онкологи» дош хеззашехь, вуон хилла, йоьхнера со. Онкологин больницехь и цамгар ю-яц хьожуш анализаш  дIаялийтира соьга, Республикин онкологин диспансерехь массо а лоьрах чекх а яьккхира. Онкологи  хилар чIагI ца дира лоьраша, амма операци ян езарг хилар хаийтира. Диспансеран коьртачу лоьраца къамел хиллачул тIаьхьа, циггахь болх беш волчу лоьрана Наурбаев Мусхьабана тIехьажийра со. Йоьхна араелира со цу чуьра. Ара а яьлла, мелла а дIайолаелча, «Деца, Мирзуева хьо юй?», – олуш вистхилира соьга цхьа жима стаг. И дукха кIеда, мерза сайга вистхиларо а, къинхетамца иза сайга схьахьажаро а даг тIера гIайгIа яйъира сан. «Ас гойтур ю хьуна хьан палата», – олуш, чу йигира. Хьалхарчу дийнахь дуьйна соьга дика хьаьжира Мусхьаб. Суна операци йинарг а иза вара. Операци  дика чекхъелира. Иза йинчул тIаьхьа, со меттаеача «Деца, хьуна муха хета? ХIинца Дала мукъ лахь гIоле хир ю хьуна»,  – элира Мусхьаба. «Хьажахьа, ма адамалла ю цуьнгахь», –дагатесира суна. Иштта, цхьа а де ца долура, чу а веана цо соьга хьал-де ца хоттуш. Цхьанна операци а йина, гIелвелла, дукха кIадваларна юьхь тIе тоьхна хьацар а долуш, схьавогIуш вара иза сеничухула. Шен сох бIаьрг кхетча, сихха тIе а веана, суна палати чу яха гIо дира лоьро. «Лоьраш ледара хьовсу, царна дика ца хаьа», – бохуш, хийлазза къамелаш хеза нахера, иза иштта цахилар хуур ду кху диспансере кхаьчначунна.

И лор суна вевзина цхьа шо хан ю. Цу диспансерера дIа а ваьлла, кхечу больнице балха хIоьттина хиллера иза. ХIетте а, ша декхарийлахь воццушехь: «Деца, хьуна муха хета?», – олий, кест-кеста телефон туху цо. Цундела, иза сайца иштта дика хиларна, могашаллин хьокъехь сайн цхьаъ хатта дезча, цунах дагайолу со. Адамалла йолчу лоьре цхьа а ца кхочу», – оцу дешнашца дерзийра Умидата шен къамел.

Умидатан дехар кхочушдан болчу лаамца, цу лоьрах лаьцна мелла а шуна хоийла лаьа тхуна. Наурбаев Мусхьаб дуьнен чу ваьлла 1971-чу шеран 21-чу майхь Нажи-Юьртан районан Беной-Веданахь. 1987-чу шарахь цо чекхъяьккхина шайн юьртара юккъера школа. 1995-чу шарахь Соьлжа-ГIалара медицинин училище чекхъяьккхира. 2004-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультетехь дешна велира. 2004–2006-чуй шерашкахь Ставрополерчу пачхьалкхан лоьрийн академехь хирургин декъехула клиникин ординатурехь дийшира. Хирургин декъехь тайп-тайпанчу больницашкахь белхаш бина цо. Ткъа карарчу хенахь Республикин клиникин больницехь эндокринни хирургин отделенин заведующи ву. Дика хета, дархошца кIеда-мерза а,  къинхетаме а хиларца къаьсташ, адамалла йолу лоьраш вайн махкахь болуш.

 З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Наурбаев Мусхьаб                     

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: