Х1окху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Израиль пачхьалкхехь хилира. Цуьнца цхьаьна цига ваханера Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Федерацин Кхеташонан дуьненаюкъарчу г1уллакхашкахула йолчу Комитетан председателан заместитель Сабсаби Зияд, республикин Правительствон Председателан заместитель – Россин Президент волчохь Нохчийн Республикин юьззина бакъонаш йолу векал Таймасханов Бекхан, республикин транспортан а, з1енан а министр Черхигов Рамзан, кхиберш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь бинчу хаамца, вайн делегаци цига яхаран коьрта 1алашо яра Израилерчу Абу-Гош юьртахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах долу маьждиг схьаделларехь дакъалацар.
Хьалхарчу дийнахь Кадыров Рамзан хилира бусалбанийн уггаре а даккхийчарах цхьаъ ларалуш долчу Аль-Акс маьждигехь. Цу чохь ламаз а дира. Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира шайн ламазашкахь шаьш Нохчийчоьнан а, ерриге а Россин а халкъашна машар, зовкх хилийтар Деле дехна хилар.
Шолг1ачу дийнахь Кадыров Рамзана а, цуьнца цхьаьна болчу накъосташа а дакъалецира Абу-Гош юьртахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах долу маьждиг схьаделларехь. Цуьнан ц1е лелош болчу урамехь лаьтташ долу иза юхатодарехь жигара г1о дина республикин куьйгалхочо а, А.-Хь. Кадыровн ц1арахчу регионан юкъараллин фондо а.
Вайн республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира маьждиг юьртан уггаре а хазачу урамехь хилар. Цо иштта тидам т1ебахийтира цу чохь оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина хиларна.
«Тешам боллуш ала йиш ю сан, х1ара маьждиг уггаре а хазачарах цхьаъ ду. Цу чохь цхьана хеннахь ламаз дан йиш хир ю кхоъ ах эзар стеган. Маьждиган йиъ мимар гуш ю юьртан муьлххачу а маь11ера»,– элира .Кадыровс. Цо иштта билгалдаьккхира маьждиг а, урам а схьабоьллуш меттигерчу динан г1уллакххоша а, эзарнаш бахархоша а дакъалаьцна хилар.
Иштта ала дог1у Абу-Гошера маьждиг Израилехь уггаре а даккхийчарах цхьаъ хилар.
Маьждиг схьадиллинчул т1аьхьа Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Иерусалиман мэраца Баркат Нираца. Х1усамдас ма-дарра дийцира г1алех лаьцна, цо лелочу исторически, динан, культурин маь1нех. Аг1онашна юкъахь барт хилира экономикехь, культурехь з1енаш ч1аг1ъярехь г1о дан.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Н.Баркате Нохчийн Республике хьошалг1а кхайкхира шена аьтто боллучу хенахь.
Л.ШИРВАНИЕВ