С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин белхахочо Мусаитова Зулихана №1 йолчу гимназехь Космонавтикин денна лерина «Стигал а, седарчий а, ракета а» аьллачу темина ловзаран кепехь дарс делира. Цигахь дакъалоцуш бара юьхьанцарчу классийн дешархой.
Космосах дерг шайна к1езиг довзаре терра, цара лерина ладугIура космосах лаьцна дуьйцучуьнга. Мусаитова Зулихана цкъа хьалха берашна хаийтира 12-гIа апрель Космонавтикин де хилар а, иштта и де юкъадаккхарх лаьцна а. Цул тIаьхьа, космосах лаьцна дийцира цо берашна. Уггаре а ч1ог1а дешархошна хазахийтира, дара дуьнен чохь дуьххьара космосе ваханчу Гагарин Юрийх лаьцна шайна дийцинарг.
Космосах а, дуьххьарлерчу космонавтах а лаьцна дийцинчул тIаьхьа берашца викторина дIаяьхьира. Иза шина турах лаьтташ яра: хьалхарчу турехь шайга деллачу хаттаршна «хIаъ» я «хIан-хIа» аларца жоьпаш дала дийзира церан, ткъа шолгIачу турехь деллачу хаттаршна масех жоьпех нийса дерг къасто дийзира.
Оцу викториница дешархой (кегий белахь а) дика ларийра. Царах хIораммо а жигара дакъалецира викторинехь.
Иштта, Космонавтикин денна лерина «Адам, дуьне, космос» цIе йолу книгийн гайтам а вовшахтоьхнера. «Космос», «Астрономия в картинках», «Планета Земля» книгаш яра хьовсархойн кхиэле ехкинарш. Космосах лаьцна шайна дийцинчух кхачо ца хилча санна, дукха лерина хьовсура бераш хIора а книге. Школин куьйгалло Мусаитова Зулиханна баркалла элира.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: дарсан дакъалацархой
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо