Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексехь схьабиллинчу Россин Федерацин Художникийн союзан декъашхочун Закриев Мохьмадан персональни гайтаман цIе. Иза вовшахтоьхна вай лакхахь хьахийначу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексан куьйгалло а, Нохчийн Республикин Художникийн союзо а Нохчийн Республикин культурин министерствоца цхьаьна. Гайтаме диллинарг 100 гергга сурт ду, дукхах дерш Iаламан хазалла гойтуш ду. 2016-чу шеран хIутосург беттан (май) пхоьалгIа де кхаччалц лаьттар бу гайтам.
Вевзаш волчу художникан гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин халкъан художник Асуханов Аманди, Россин Федерацин художникийн союзан декъашхо й Эльмурзаев Сайд-Эми, Гериханов Абубакар, Соьлжа-ГIалин №1 йолчу исбаьхьаллин лицейн дешархой, иштта искусствон белхахой.
Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Асуханов Аманди:
– Суна Закриев Мохьмад вевза дуккха а хан ю. Цо хьалха дехкина дуккха а суьрташ гина суна. Ас даима а тидамехь латтош бара кхуьнан кхоллараллин некъ. Кху тIаьхьарчу шина шарахь цо дикка къахьегна. Цхьанна а халахетийта ца боху ас, амма цо шина шарахь бина болх, дуккха а художникашка ткъа шарахь а балур бацара. Со воккхаве тхайна юкъахь иштта похIме художник хиларх. Майрра «Со художник ву!» ала йиш йолуш ву Мохьмад.
Иштта, суна хазахета тахана кхузахь дуккха а кегийрхой болуш. Цара а, иштта къоначу художникаша а масал эца мегар ду авторан белхех. Дала аьтто бойла хьан. ТIаьхье беркате йойла.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Закриев Мохьмада элира:
– Тахана сох лаьцна мел аьлла дика дош Дала сагIадойла шун. Аш сан белхаш хестабахь а, суна хаьа со сайн балха тIехь хIинца а кхиъна ваьлла воций. Кху гайтамехь мел веанчунна Дела реза хуьлда.
Суьртийн автор вистхиллачул тIаьхьа, бевзаш болчу художникаша цIен аса хадорца схьабиллира гайтам.
Художник вовзийтар. Закриев Мохьмад вина 1966-чу шеран 11-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь. 12 шо долчу хенахь вевзаш волу художник Измайлов Виктор хьехархо волчу Соьлжа-ГIалин №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школе деша вахана.
1983-чу шарахь Алды поселкерчу №39 йолчу школехь чекхдаьккхина юкъарадешар.
1991-чу шарахь чекхъяьккхина Къилбаседа ХIирийчоьнан исбаьхьаллин училище.
2001-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Художникийн союзан декъашхо ву.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрташ тIехь: «МIаьрго а, абаде а» суьртийн гайтам
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо