Историк, журналист, бIаьхо

нгКоммунистийн хазачу хабарех Iехавелла ЦIечу Эскарехь тIом бинчу нохчех цхьаъ вара Итон-Кхаьлларчу Имадин Джамалди. Иза чIогIа тешнера гIалагIазкхаша дIалаьцна латтанаш вайнахана юхадерзор ду бохучух а, массеран бакъонаш цхьаъ хир ю бохучух  а. ХIора стагана къахьегаре терра дуьненан даьхни кхачор ду бохург  маьIне а, Iаламат мехала а хетара аганара воьссичахьана къахьега Iеминчу ламанхочунна. Советийн Iедал Кавказан къоьжачу лаьмнашка хьалагIертачу муьрехь зуда ялийна, цхьаъ-шиъ доьзалхо волуш кхиъна ваьлла къонах вара Джамалди. Цу берийн кхане сирла а, токхе а хилийтархьама идийра цо масех шарахь бIаьхаллин луьра некъаш. Цкъа-шозза чевнаш хилира цунна кIайчу гIалагIазкхашца  хиллачу луьрачу тIеман тасадаларшкахь. Амма Джамалди  юха ца волура. Иза чIогIа муьтIахь вара Советийн Iедална. Дагца къобалдина и Iедал тIелаьцначарех цхьаъ вара иза. Баккъал а, цуьнан толаман дуьхьа, эшахь, мерза са а дIадала кийча вара. Цундела хIоттийна хила там бу иза цкъа цхьана муьрана Теркаца йолчу кIоштан милицин куьйгалле а. Дешна вацахь а, революцин некъана тешаме хилар дара оцу хенахь хьаькам дIахIоттош, цуьнан амалехь уггаре а хьалха лохуш дерг. КIоштан милицин отделан куьйгалле ша хIоттийча кхийтира Джамалди мел чIогIа оьшу стагана йоза-дешар хаар бохучух. Мел жима велахь а,  шен воккхах волчу кIанте Мохьмаде олура Джамалдис: «Дешалахь кIант, дешалахь! Ца юуш а, ца молуш  а дешалахь!». Кест-кеста дас и дешнаш олуш хиларна даг чу дийшинера кIантана. Берашна дешарна аьтто лаха лууш кхечира Имадин Джамалди 1924-чу шарахь Энахишка. Цу хенахь оьрсаша Михайловское олура цу юьртах, хIинца-м вай массара а Серноводск олу цунах. Цигахь деша волавелла  Мохьмад. Бакъду, дукха хан ялале, цIеххьана лазар кхетта, дIакхелхира Имадин Джамалди.1926-чу шарахь дара, дагахь доцуш, и бохам ИмадаевгIеран доьзале беача. 1915-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу Мохьмадан 11 шо дара.

Иза воккханиг волуш, пхеа бераца йисира кхеран нана Зезаг. Кхо кIант, ши йоI яра кхеран доьзалехь. Царна напха латтор Зезагна тIедуьйжира. Хала зама яра.  Дешар юкъахдитина а,  балха ваха гIоьртира Мохьмад, нанна гIо-накъосталла дан лууш. Амма нана дуьхьал елира. Цунна хезнера кест-кеста дас кIанте деш хилла къамел. Джамалдина чIогIа лаьара бераша доьшийла. Къаьсттина Мохьмад вара ден хьоме. Цунах цхьа воккха хьаькам хирг хиларх тешна вара иза. Цундела Мохьмада кхидIа а доьшийла лиира нанна а. ЦIахь долчу гIуллакхашна сагатдеш, кIант дешарна юкъара ца вилийтархьама, лерринчу интернате дIавелира нанас. Интернатехь дешначул тIаьхьа Энахишкара юьртабахаман техникум кхиамца чекхъяьккхира Имадаевс. Техникумехь доьшучу муьрехь комсомоле дIаийцира кIант. Жимачохь дуьйна хьуьнаре вара иза. Шен да Джамалди санна, Советийн Iедална, революцин баьчча хиллачу В.Ленинан хьехамашна  муьтIахь вара. Ира хьекъал, дан дезачун само йолуш вара. Дика дешарал сов,  техникуман юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара. Цундела республикехь мелла а вовза волавелира кхиъна вогIу жима стаг. Цунна  тоьшалла ду техникум чекхъяьккхина ваьлла Имадаев Мохьмад Нохчийчоьнан комсомолан обкомо культпоходе хьажавар. Культпоходе хьажийнарг кегийрхойн йоккха тоба яра. Мехала декхар дара кегийрхошна тIедиллинарг. Нохчийн ярташкарчу бахархошна йоза-дешаран баххаш довзийтар дара царна хьалха хIоттийначу Iалашонна юкъадогIуш. Ликбезан курсаш вовшахтоха езаш бара культпоходан дакъалацархой. Самукъадолуш бира Мохьмада и болх. ЦIеначу даггара схьабогIу лаам бара цуьнан массо нохчи а йоза-дешарх кхеташ хила лаар. Цундела, де-буьйса ца лоьруш, хаддаза болх бора цо ярташкарчу кегийрхошца. ЖамIашка хьаьжча гуш дара Имадаев Мохьмада, цIархазмана доцуш, баккъал а цу культпоходехь хьанал къахьегна хилар. Кхиамаш бахарна комсомолан обкомо совгIаташ динчу жигархошна юкъахь вара Мохьмад а. Комсомолан обкоме балха дIаийцира къона жигархо. Амма цунна, шен ден весет кхочушдеш, кхидIа а деша лаьара.

1932-чу шарахь Пятигорскерчу институте деша воьду иза. Цунна чIогIа лаьара къаьмнийн истори Iамо. Цуьнца цхьаьна ша схьаваьллачу нохчийн халкъан истори йовзаре сатесна вара жима стаг. Юьхьанца институтан куьйгалллин а, цхьацца болчу хьехархойн а шеконаш хилла Нохчийчуьра веанчу жимачу стеган дешарх хIун хир ду ца хууш. Оьрсийн мотт хаар а ледаро хеташ хилла царна, ткъа историн хаарш а юьхьанца эгIаза хилла вайн махкахочун. Амма институтехь доьшуш цхьа  шо чекхдалале, тIаьхьа кхиъна а ца Iаш, оьрсийн мотт шарбаларца а, хааршца а дикка хьалха хилла Имадаев Мохьмад. Ша юьхьарлаьцна  муьлхха а гIуллакх доггах деш хиларан билгало ю иза. Ткъа иза бераллехь дуьйна дешарна тIера вара. Хаарийн кIоргене гIерташ вара. Институтехь доьшуш иза мелла а Iилманан белхашка кхевдира. Дика жигархо а вара иза. Къилбаседа Кавказан ламанхойн кегийрхойн гулам дIабахьа кечамаш бечу муьрехь вовшахтохараллин тобанна юкъахь а вара Мохьмад. Гуламо шен болх дIахьош президиумехь Iаш хилла иза. Цул тIаьхьа гуламо тIеэцначу сацамца кегийрхойн йоккха тоба эцна Москва вахара. Цигахь Россехь гIараяьлла евзачу серлончица Крупская Надежда Константиновница цхьаьнакхетар а хилла. Шен экамечу синан эла хилла дIахIоьттинчу В.И.Ленинах йисинчу Крупскаяца цхьаьнакхетар а, цуьнца къамел дан аьтто балар а деза совгIат лоруш, мехала хеташ хилла М.Имадаевна. Цу заманахь кест-кеста дIахьош хиллачу студентийн цхьаьнакхетаршкахь а, кегийрхойн диспуташкахь а патриотизман шовкъаца дуьйцуш хилла цо шен дог-ойла ир-кара хIоттийначу Крупскаяца цхьаьнакхетарх. Доцца аьлча, революционни шовкъаца сийсаш йолчу оцу заманан лехамашна дуьззина жоп луш, яхь йолуш жима стаг хилла Мохьмад. Цундела, 1936-чу шарахь кхиамца дешна ваьлча, аспирантурехь деша вуьту иза ша дешначу Пятигорскерчу ламанхойн халкъийн институтехь. Амма цIа сагатдарна, ненах къахетарна аспирантурехь дешар заочни кепехь нисдой, Нохчийчу цIавоьрзу. Энахишкарчу техникуме историн хьехархо балха дIаоьцу къона говзанча. Цхьана-шина шарахь техникумехь болх бо цо. ТIаккха Соьлжа-ГIала Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкоме балха схьакхойкху. Массаьрца гIиллакхе, оьзда вара иза. Даймахкана, шен халкъана муьтIахь вара. Нанна дика кIант а, йиша-вешина аьхна ваша а вара. Да дIаваьлчахьана ненан кочахь дисина цIийнан дукъ шена тIелаьцна, доьналлица дIакхоьхьуш вара. Ша Iуналла деш, цо дешийтира шен шина вешига, шина йишига. Балхахь вара, сиха воллура аьлла цкъа а верасашка, бевза-безачаьрга вуоне-дикане ца кхочуш ца Iара. Цуьнан башхачу амалан цхьа агIо хилла иза, адамаш цунна дукхадезар гучудоккхуш. Цундела массарна дукхавезара. Муьлххачунна, гIо-накъосталла оьшучохь даима орцанца гIатта кийча вара.

Соьлжа-ГIалахь ара долуш хиллачу нохчийн маттахь цхьаъ бен доцучу республикин «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттаво Имадаев Мохьмад 1939-чу шарахь. Ерриге а Россин пачхьалкхана санна нохчийн къомана а чолхе беана мур бара иза. ТIеман цIергахь Европа яра. Иштта, массо маьIIехула мостагIаша тIамна  юкъаийзош СССР яра. ЧугIерташ японхой бара, Байкал Iома тIе кхаччалц латтанаш дIадоьхуш. Вукханхьахула чугIерташ Финлянди яра, иштта цхьадолу латтанаш дIадезаш. Ткъа уггаре а коьртаниг, хала когаяха гIертачу нохчийн литературина онда тохар деш, НКВД-с дIабигна, чубоьхкина вайнехан яздархой бара. Нийса дерг-доцург хууш стаг вацара. Мел доккха собар, хьекъал, хьуьнар оьшуш хан хилла иза шех халкъан бIаьрг ца бодуьйтуш, Iедалца эвхьаза ца волуш, шена тIедехкина декхарш кхочушдеш, болх дIакхехьа. И дерриге шен сица, цIийца долуш хиллера Мохьмад. Уллора накъостий ларбеш, хьакъ долччу кепара церан дола, Iуналла деш, шарахь сов «Ленинан некъ» газетан коьртехь болх бира цо. Нохчийн къоман кхоллараллин интеллигенцина, ма-дарра аьлча, мехкан дукхах болчу бахархошна, цу хенахь Iаламат дукхадезаш дара газет. Халкъан дахаран массо маьIIе кхача ницкъ кхочура вайнехан журналистийн. Гойтура ярташкара дахар, бовзуьйтура юьртабахаман турпалхой, яздора хIетта когаяха камIараш етташ хиллачу къоман театрах. Цу муьрехь литературехь дуьххьара гIулчаш йохуш болу къона яздархой а тIеозийнера редактора. Яздархойн дийцарша мелла а махкахойн чордачу дахарна газет герга узуш санна хетара коьртачу редакторна, къаьсттина и дийцарш забарийн басарш ца кхоош яздина делахь. Ша а яздора цо кест-кеста махкахь хуьлучу хийцамех лаьцна. Шуьйра чулацам болуш, кIорггера маьIна  долуш хуьлура  цуьнан статьяш. Газетдешархоша даима лаккхара мах хадош тIеоьцура уьш. ЦIеначу даггара яздинчу цуьнан йозанаша дегайовхо кхуллуш хилла газетдешархойн дегнашкахь, Даймахке безам кхиош хилла, шен нохчийн халкъах дозалла дан Iамош хилла. Нохчийн журналистика кхиаран юьххьехь лаьттинчу къонахех цхьаъ ву М.Имадаев.

1941-чу шеран 22-чу июнехь дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Немцойн фашисташ ямартлонца тIелетира СССР-на. Эзарнаш вайн махкахой тIаме бахара. ЦIахь бисинчаьрца идеологин болх дIаболийра. Оцу мехалчу белхан дакъа Имадаев Мохьмадана а кхечира. Дийнахь а, буса а ламанца йолчу кIошташкахь кхетош-кхиоран болх дIакхоьхьучу тобанца вара иза.

1941-чу шеран гурахь хабар даьржира Къилбаседа Кавказехула массо а къаьмнийн векалех мостагIчунна дуьхьалъяккха цхьацца полк кечъеш ю аьлла. Нохч-ГIалгIайн Республика шина халкъах  лаьтташ хиларна Соьлжа-ГIалахь вовшахтухуш ши полк яра. И ший а полк  вовшахтоьхна Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи кечъян сацам тIеэцнера мехкан куьйгалло. Цхьана полкехь хила вогIург 1 370 стаг вара. Ши полк вовшахтоьхча цу юкъахь хила вогIург 2 740 стаг нислора. Амма Имадаев Мохьмада а, цуьнан накъосташа а бина болх бахьанехь 1941-гIа шо чекхдалале 4 271 стаг юкъахь волуш вовшахтоьхна яьллера 114-гIа дошлойн дивизи. Цуьнан командир ЦIечу Эскаран полковник Мамсуров Хаджи-Умар вара, комиссар-политрук Гайрбеков Муслим вара. Говрашца, барзакъца, герзаца дивизина кхачояр мехкан куьйгаллина тIехь дара. Керла 1942-гIа шо дIадолалуш Нохч-ГIалгIайн 114-гIа дошлойн дивизи тIаме дIаяха кийча яра. Дивизи тIам тIе дIахьажош омра Москвара схьакхача дезаш хилла. БIаьхоша и омра лардеш, январь бутт чекхбаьлла, цунна тIаьххье февраль бутт чекхбаьлла, эххар а 1942-чу шеран 3-чу мартехь Лаврентий Павлович Берияс тIе куьйг яздина кехат кхаьчна Соьлжа-ГIала: «114-гIа Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи дIасаяккхаран хьокъехь». Хиллачух кхеташ цхьа а стаг ца хилла. ТIаме баха кечбелла бIаьхой а, дог доьхна, шайн-шайн цIа бахана. Амма вайнахана Iаламат шога хеттачу оцу киртигах хабар дуьненан массо а маьIIехула дIасадаьржина. ТIеман арахь мостагIчух дера леташ болчу вайн махкахошка а дIакхаьчна и хабар. ТIаккха цара кхайкхам бина Москвахь долчу Iедале, Даймехкан сий лардан лууш болу Нохч-ГIалгIайн кегийрхой тIаме схьабахкийтар доьхуш. Эххар а, и бакъо а схьакхаьчна. ДIасаяьккхинчу 114-чу Нохч-ГIалгIайн дивизин буха тIехь, Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-гIа полк кхоллар магош. Полкан командир Висаитов Мовлади хилла, цуьнан комиссар – Имадаев Мохьмад. 1942-чу шеран июнь баттахь дуьйна, Даймохк мостагIехь дIацIанбеш луьра кхихкинчу тIемашкахь дакъалоцуш хилла Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-гIа полк. Вайн турпалчу махкахоша тIемаш бина Нохчийчоьнан Теркаца Iохкучу станицашкахь, Дон хинан бердашкахь, ГIалмакхойн аренашкахь. Оьрсийн яздархоша зорбане яьхначу дуккха книгашкахь хьахийна ю Нохч-ГIалгIайн дошлойн полко гайтина майралла, церан доза доцу доьналла, бIаьхаллин хьуьнарш. Даймехкан сий лардечохь шайн синош ца кхоош чекхбевлла вайнехан турпал кIентий. Амма къаьсттина доьхна деана хилла царна 1942-чу шеран август беттан 3–4-гIий денош. Июль беттан чаккхенехь дуьйна Сталинградан йистошкахь тIом беш бара дошлойн 255-чу полкан бIаьхой. Цкъачунна юхадолучу ЦIечу Эскаран некъаш тIе фашисташ ца кхочуьйтуш мокхаз гIап хилла дIахIиттина бара вайн махкахой. Котельниково, Садовое, Цаца цIе йолчу меттигашкахь латтийнера цара и некъамаршо ЦIечу Эскарна. Август беттан хьалхарчу деношкахь Чилеково станцехь лаьтташ яра дошлойн 255-гIа полк. Даима санна дера чугIерташ мостагI вара. Немцойн 78-гIа танкови корпус яра буьрса тIелетарш деш. Иштта луьра хьийзаш авиаци яра. Цхьана минотана ца соцуш, тIом шолгIачу дийне белира. Къар ца луш мостагIчунна дуьхьал леташ вайн махкахой бара. ШолгIачу дийнан делкъал тIаьхьа, дуьненах дог диллинчу цхьана бIаьхочо мохь туххуш «Ясин» деша долийра. Цуьнан шелъеллачу ойланах кхеттачу вукху бIаьхочо Девкар-Эвла яккхарх долу турпаллалин илли долийра аз айдеш. Дукха кIентий эгнера оцу буьрсачу тIамехь. Еза чевнаш хилла, госпитале кхаьчнера кхетамчуьра ваьлла командир Висаитов Мовлади. Мела цIий лешаш вара полкан комиссар Имадаев Мохьмад, амма тIом бечуьра соцуш вацара иза. БIаьхойн дог-ойла ир-кара хIотто болчу лаамца кест-кеста мохь тухура комиссара: «Же ям, яI кIентий! Нохчийн яхь дIагайталаш оцу немцойн йовсаршна! Даймохк бу шуна вай ларбеш берг!» Эххар а вожийра иза пулеметан дIаьндарго лаьцна. ТIаьхьо 255-чу полкан штабан хьаькам волчу капитана Емельяновс динчу рапортехь билгалдаьккхира цу дийнахь вайнахах 342 стаг бIаьхьаллин турпаллала гойтуш тIеман арахь воьжна хилар. Дийна бисинчарна совгIаташ дира мехкан Iедало. Цу дийнахь Чилеково станцехь майралла, доьналла гайтарна полкан командирна Висаитов Мовладина «ЦIечу Седанан» орден елира. Ткъа полкан комиссар Имадаев Мохьмадан чевнаша кхетамчуьра ваьккхинчохь, мостагIчунна каравахар нисделира. Вайн махкахойх иштта йийсаре кхаьчначу цхьана бIаьхочо Мохьмаде дехна хиллера – комиссаран билгалонаш барзакъ тIера дIаяхахьара ахь, аьлла. Цкъа юьхьанца комиссаро дуьхьало йинера и билгалонаш дIа ца яха дагахь . Делахь а, накъостий къар ца белла, цара охьаяхийтина хиллера комиссаре и билгалонаш. Амма хила хьаьхнарг, ца хилча ца долуш дуьне ду-кх хIара. Цхьа йовсар ларийна хиллера айкхвала. Немцоша могIарерчу бIаьхошна юкъара схьаваьккхина, герз тоьхна вожийра нохчийн къоман яхь йолу кIант. ТIаьхьо йийсарера ведда кIелхьара ваьлла Соьлжа-ГIала цIаверзар хиллачу цхьана оьрсийчо дуьйцур ду махкахошна Имадаев Мохьмадах хилларг. 1942-чу шеран 5-чу августехь бIаьрг-негIар ца тухуш, Даймехкан сий ца духкуш, нохчийн къонахчун яхь дIа ца луш, доьналлица Iожалла тIеэцна цу турпалчу стага. Нохчийн журналисташа дозаллица йоккху цуьнан сийлахь цIе. Зорбанан цIийнерчу 4-чу гIат тIехь дIатоьхна ду Имадаев Мохьмадан сурт. ГIазотехь кхелхинчу вайнехан кIентийн хьалхарчу могIарехь цIе яккха хьакъ долуш ву иза. Къоман дуьхьа ваьхна а, шен дахар дIаделла ву Мохьмад. ТIаьхьарчу тIаьхьенашна а къеггина масал хилла яха хьакъ долуш ю цуьнан сийлахь цIе, ХХ-чу бIешарна юккъехь луьра кхихкинчу тIемашкахь дакъалаьцначу шен вешин, летчикан Имадаев Ахьмадан турпал цIе санна. Нохчийн къоман исторехь сирла агIо  хилла йисна ИмадаевгIеран башха цIерш. Вай декхарийлахь ду царах дерг довза а, церан бIаьхаллин хьуьнарш иэсехь латто а.

А.ГАЗИЕВА

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: