Дукха хан йоццуш Грозненски районан Йоккхачу АтагIарчу №2 йолчу школехь «Наркоманина а, цигаьрка озарна а, корта бахочу маларшна а дуьхьал профилактика яр» аьллачу темина лерина семинар хилира. Кхиазхошна оьшу семинар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас, лакхахь хьахийначу министерствон говзанчас Цацаев Аптис, Кхиазхошна социальни реабилитаци яран «Феникс» туьшан директора Яричев Iабдулас, СПИД-ца къийсам латторан республикин туьшан психологаша Абдулкадырова Алинас, Умаева Тамилас, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан методиста Багаева Тамарас, Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографехула йолчу урхаллин говзанчас Ибрагимов Мовсара.
Семинаран дакъалацархоша цигахь юьйцучу темина лерина шайна хетарг элира, школин лакхарчу классийн дешархошка кхайкхамаш а бира. Шен къамелехь М.Ибрагимовс элира:
«Бер кхуьучу хенахь дас-нанас цунна кхетам а, хьекъал а луш ца хилча, «дика» а, «вуон» а къасто цунна Iамош ца хилча, иза зуламечу новкъадала минот ца оьшу. Бер пхийттара даьллачу хенахь уггаре а коьртаниг ду цунна уллохь лелачеран тидам бар, уьш харцхьа лела я ца лела хьажар, хIунда аьлча, берана гуонаха болчарех доьзна ду цунна вуониг я диканиг Iамар».
Наркоманех а, корта бахочу маларех а, психотропни молханех а долучу зуламаша дуккха а адамийн дахар дохош хилар хаийтира семинаран дакъалацархоша. Дешархой дика кхетара шайна ден хьехарш шаьш вуочух лардаран Iалашонца деш хиларх. Цундела берриге а дешархой сема ладугIуш бара. Церан семачу тидамехь дара семинаран дакъалацархоша олу хIора дош а. Дешархошна къаьсттина дика хийтира шайна хаа луург цаьрга хатта таро хилла хилар.
Дешархошна дийцинарг тIечIагIдеш наркоманех а, корта бахочу маларех а долучу зуламех лаьцна дуьйцуш проектора тIехь видеороликаш гайтира. Школин куьйгалло семинар вовшахтоьхначарна баркалла а олуш, берзийра цуьнан болх.
З.КУНТАЕВА
Суьрта тIехь: семинаран дакъалацархой
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо