Дахарехь халонаш лайна

ХIокху статьян турпалхо  Хьалха-МартантIера яхархо Кубаева Хадижат – йоккха стаг ю. БIе шаре яьлла йолу иза тахана де эшна елахь а, дика иэс долуш, нахаца йолчу уьйр-марзонах ца хедаш, доккхачу хазахетарца хьеший тIе  оьцуш, берийн берех, церан берех марзо а, ирс а оьцуш Iаш ю.IMG-20160219-WA0003

Цуьнан дахаран некъ атта ца хилла. Боккхачу доьзалехь кхуьуш йолу Хадижат дукха хьалхе байлахь йисира. Шийтта шо дара кхуьнан, да-нана кхелхича.  Цамгаро пхеа вешех-йишех къастийна, цхьана вешица йисира жима йоI.

Делахь а, халонашка ша эшаяйта йиш яцара. Жимах волу ваша вара дола дан дезаш, цунна гIо-накъосталла а, Iуналла а оьшура. Хадижатна шайн дахар дIанисдар бен кхин дагахь хIумма а дацара. Делахь а, кхиъна йогIу Хадижат нехан тидамза ца йисира. Захало  деара кхунна тIе. ЙоI реза яцара, делахь а, кхуьнга ца хиттира гергарчара, нехан цIентIехь хилча гIоле хеташ, маре дIаелира. Гергарчарна дуьхьал ца яла, къурд а бина, сецира Хадижат. Дала доьзалхо а велира цунна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале вайн къам махках доккхуш ду аьлла, ирча кхаъ кхечира.

Йоццачу хенахь вовшахтоьхна, даьхний лелочу вагонаш чу а боьттина, махках бехира нохчий, гIалгIай. Ирча де дара халкъана тIехIоьттинарг. Йиша вешех, доьзал дех-ненах къаьстира цу дийнахь, адамаш Iадийна, доьлхуш дара. Кхелхинарш, де эшнарш тергал  ца беш, бехачу новкъа вагонаш чуьра аракхуьйсуш, ирча некъ баьхьира вайн  халкъо хийрачу махка.

Хадижата а лайра махках дахар, вешех къаьстира иза. Ницкъ мел бу лийхира цо иза, амма Дала яздина ца хиллера хIара шиъ вовшахкхета…

Дела воцург накъост воцуш, де эшна биснера нах. Мацалла, шело ловш,  шайн махках девлла, эшамаш хиллачу халкъана хала дара. Иштта халачу хьолехь яра Хадижат а. Карахь бер а долуш, баьпкан юьхк яккха гIерташ, болх беш яра иза. Маре ца нисдаларна, декъаза йорт еттара цо. ТIаьххьара а, собаран кад бузуш, тIе зуда ялийра кхунна. Цу хIусамера меттиг дIаелира Хадижатан, цу доьзалца йолу уьйр-марзо  хедира. Гергара нах  бацара тIекхочучохь. Хадижат-м Iийр йолуш яра, цунна гиначу баланашка хьаьжча, доккхачех дацара тIе зуда ялор. Халонаша эшийна а ма яцара иза, баланаш лайна а яра. Делахь а, Iан ца йитира…

Делан къинхетамца, арахь ца йисира, евзаш йолчу зудчо шайга Iен дIайигира. Иза ша а яра йисина, доьзал кхобуш. Комаьрша, къинхетаме, «доккха дог» долуш зуда яра иза. ВорхI баттахь вовшашна накъостий хилла, бертахь хаза хан яьккхира цу шимма. Бераш кхабарна тIехь гIо-накъосталла деш  яра цунна Хадижат.

Дукха хан ялале Хадижат маре яхара. Кхин гIур яц аьлла, даг чохь сацам хиллехь а, оьздачу доьзалера схьаваьлла стаг хиларна, резахилира иза.

Делан къинхетамах дог ца дилларо а, сатийсамо а хIоразза а ницкъ луш, халонаш лар  эрна  ца дайра цуьнан. Цкъа шен доьзалх яьллехь а, Дала юха а боккха доьзал белира Хадижатна. Цуьнан дуккха а берийн бераш  ду, церан бераш ган а ирс хилла йоккхачу стеган.

Дахаран новкъахь   халонаш дукха хиллехь а, Дала деллачунна реза а йолуш, корта айббина чекхъяьлла иза. Нахана езаш а, цара лоруш а, йоккха стаг ю иза. Цуьнга ладогIар а, цуьнгара хьекъал эцар а доккха беркат ду. Дала хIора а доьзалехь бахабойла баккхийнах, уьш боцу хIусам яьсса ю-кх…

(Редакцера: цхьа бутт сов хан ю хIара статья тхан редакце кхаьчна. Къоначу авторан дуьххьарлера материал хиларе терра, цхьацца кхачамбацарш а карийна, зорбане ца йолуш хьеелла хIара. Дукха хан йоццуш автор зIене яьлча, статьян турпалхо йолу йоккха стаг кхалхар хиира тхуна. Шайн цIийнан йоккхачу стагах лаьцна статья тхан газетан агIонехь ган сатесна хиллачу Хьалха-МартантIерчу КубаевгIаьрга халахетарца кадам а беш, хIара материал, йоккхачу стагах карарчу хенахь дийцарца, зорбане йоккху оха).

 

ГЕЛАГАЕВА Зараъ

Суьрта тIехь: Кубаева Хадижат шен кIентан йоIаца

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: