Эксперташа хадош болчу мехаца а, иштта, Россехь а, дозанал арахьа а дика бевзаш болчу нахана хетарехь а, Нохчийн Республика тахана Россин Федерацин уггаре а жигара кхуьуш йогIучу субъектех цхьаъ ю. Ткъа уьш деккъа дешнаш дац, пхийтта шарахь къахьегарца чIагIбина кхиам бу. Регионехь спортан объекташ, школаш, больницаш, иштта кхийолу объекташ а ярехь хилла ца Iаш, кхечу агIонашкахь а бу кхиамаш. Амма уьш Нохчийчохь Iаш волчунна бен гур бац.
Тахана, шайн Даймахкана гена а бевлла, шаьш патриоташ ду бохуш болчара, вайн регионехь бахархошна аьттонна кхуллуш цхьа а хьелаш дац бохуш, харц къамелаш даржадо. Цул совнаха, цецваьлла ца волу, 1990-чу шерашкахь хилла долчу Ичкерин Iедале безам лаьттачу нахах а. Кхетамехь долчу адамна хала дац цу хенахь хилла долу а, тахана долу а хьелаш вовшашца дуста.
1994–1999-чу шерашкахь вайн регионехь хилла долу хьал дага а доуьйтуш, яханчу хене жимма экскурси йийр ю вай. Цу хенахь Нохчийчохь хиллачу тIамо кхо бIе эзар нохчичун дахар дIадаьхьира. Цул сов, йохийра регионан гIаланаш, ярташ, адамаш даа а, мала а доцуш дисира. Ткъа уьш оцу луьрачу тIеман берриге а бохамаш хилла ца Iа. И хенаш дага а йохкуьйтуш, таханлерчу дикачу хийцамашца юстуш, вайн махкахь болу машар ларбан ницкъ мел кхочург дан деза вай.
Нохчийн Республикин таханлерчу куьйгалло шен къомана хьалха долу декхарш кхочуш ца до бохучарна жоп а луш, цхьацца терахьаш далон лаьа.
Регионан Куьйгалхочун хьекъале политика а, цуьнан бакъйолу патриотизм а бахьанехь, вайн республикехь хIокху тIаьхьарчу 10 шарахь маьрша дахар дIахIоттийна. Оцу йоццачу хенахь 46 248 берана лерина 137 дешаран учреждени йина, меттахIоттийна 339 школа, 123 072 студентана лерина техникумаш йина, могашалла Iалашъяран 206 объект йина, царна юкъахь ю больницаш, амбулатореш, фельдшерски пункташ. Цул сов, белхазалла лахйина. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикехь болх беш боцурш 70 процент бахархой хиллехь а, тахана и гайтам 12 проценте кхаччалц лахбелла. 2007-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц йолчу юкъана 604 326 стагана белхан меттигаш нисйина.
Боккха болх бу бахархойн синъоьздангалла кхиорехь дIахьош а. Тахана регионехь болх беш рузбанан а, жамIатан а маьждигаш ду. Царах дукхахдерш Кадыров Рамзан республикин куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа дина ду. 2014–2015-чуй шина шарахь 74 маьждиг дина вайн республикехь. Иштта, бIеннашкахь схьайиллина зударшна а, божаршна а лерина йолу хьуьжарш. ХIора шарахь иттаннаш а, бIеннаш а мутаIелимаш арахоьцу цигахь. Лаккхарчу тIегIанехь бусалба дин Iамо луучарна Соьлжа-ГIалахь схьайиллина Кунта-Хьаьжин цIарах Россин исламан университет а ю. Иштта, кхин дин лелочарна а боккха тидам тIебохуьйту регионан Iедало. Цунна тоьшалла ду республикехь 7 килс хилар.
Регионан аренийн меттигашкахь а, иштта, лаьмнийн районашкахь а 669,7 км. некъаш меттахIиттийна, 55 тIай тилина. Цул сов лаьмнашкарчу ярташна газаца а, электроэнергица а кхачо йина.
Амма, туьйранахь санна хилла болу и хийцамаш, схьагарехь, цхьаболчарна тамехь бац. Дукха цецвала хIума а дац иза, маьрша кхуьуш йогIучу регионна вон болх лууш берш бу уьш. Малхбузерчу лерринчу службаша сом кхоьссича, церан дашна тешаме а хилла, вайн пачхьалкхан политикин хьал а талхийна, вайн баьчча а, иштта, цунна тIаьхьа хIоьттина долу дерриге а нохчийн халкъ а бехке дан лууш бу уьш. Оцу хIуманан а шен маьIна ду. 1990-чу шерашкахь хилла йолу луьра зама юхаезаш болчу Россин мостагIашна Кадыров Рамзан йоккха дуьхьало ю. Вай даггара тешна ду, Делан къинхетам а, Россин бакъболчу патриотийн барт а бахьана долуш, мостагIийн аьтто бериг цахиларх. Цунна дегайовхо кхуллуш ю дукха хан йоццуш республикин коьртачу шахьарехь хилла йолу, миллион сов адамо дакъалаьцна митинг. «Вайн ницкъ вайн цхьааллехь бу!» бохуш болчу кхайкхамо гайтира вайн къам Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а муьтIахь хилар.
ДЖАВОТХАНОВ Мохьмад
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо