Нохчийн Республикин Конституцин дийнан сийнна

9

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь хилира референдум дIаяьхьна а, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна а 11 шо кхачарна лерина даздаран гулам. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха, республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, министерствийн, ведомствийн, районийн куьйгалхой, Iеламнах, юкъараллин векалш.

М.Даудовс дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар. Цу тIехь боху «референдум дIаяхьар юкъараллехь барт хиларе а, акхараллин, цIий Iанош болу тIом сацоре а кхачоран ша цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хиларан хьокъехь».

«Вайн хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  муьтIахь вара шен халкъана. Цо цкъа а сацамаш тIе ца оьцура, адамашна хIун хета ца хьожуш. Цо дерриге а халкъан референдум дIаяьхьира республикин бахархойн лаам бовзархьама. Ткъа адамаша гIолецира Ахьма-Хьаьжин дIадолоран. Цара хьаржира Россина юкъахь а долуш маьрша, зовкъе дахар», – билгалдоккху декъалдарехь.

Цу т1ехь Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира 2003-чу шеран 23-чу мартехь дуккха а болчара тIеэцна йолу Конституци «х1аллакьхиларх халкъ кIелхьарадаьккхина долу, кегарех а, террорах а республика кIелхьараяьккхина долу шатайпа законан турс хилла дIахIоьттина хилар».

«Еххачу хенахь цуьнга сатуьйсуш дара тIамо а, бандитийн зуламаша а гIелдина долу адамаш. Дерриге а халкъ цхьаьнакхийтира Ахьмад-Хьаьжина гуонаха, иза республика маьршачу дахаре юхаерзорхьама, дуккха а эзарнаш нах шена юкъабоьлхуш йолу цуьнан команда хилла дIахIоьттира. Цуьнан тIаьхьенаш тахана вайна го хIора гIалахь, юьртахь.

Д.Абдурахмановс элира: «2003-чу шеран 23-чу мартехь сийлахь-воккхачу Ахьмад-Хьаьжин дIадалоран гIолаьцначу халкъо тIеийцира цуьнан кхоллам билгалбоккхуш болу сацам. Референдумо сацийра тIом, цхьаьнатуьйхира  халкъ. Цо схьабиллира закон а, къепе а коьрта долчу сирлачу хиндолчуьнга боьду некъ. И харжам бар бахьана долуш вай тахана Россин субъектехь дехаш ду. Иза бакъонца уггаре а синтемечух а, зовкхечарех а цхьаъ ю».

Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана билгалдаьккхира 2003-чу шеран 23-чу мартехь республикин бахархоша, «синтем а, Россин халкъийн вежараллин доьзалехь кхиар а хаьржина хилар. «Конституци тIеэцар бахьана долуш республика Россин буьззинчу механ субъект хилла дIахIоьттина, мехкан цхьана бакъонийн декъе яьлла иза. Тахана республикехь сиха кхуьуш ю экономика, дешар, могашаллаIалашъяр, кхидолу дакъош. Дика хийцамаш гуш а, къуьйсийла йоццуш а бу. Уьш тахана дерриге а дуьнено къобалбеш тIеэцна. Къаьсттина билгалдаккха луур дара Кадыров Рамзана гIолацар бахьана долуш вайн бахархойн бакъонаш а, паргIатонаш а, законехь долу хьашташ а лардарна оьшуш болу берриге а гIирсаш вайн тахана хилар».

Цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа концерт хилира. Цигахь дакъалецира нохчийн эстрадин хелхарийн коллективаша.

билгалдаккха деза Нохчийн Республикин Конституцин денна сийнна регионан ерриге а гIаланашкахь а, районашкахь а дезачу дийнан концерташ а, тематически суьйренаш а, спортан къийсадаларш а, интеллектуальни конкурсаш а, исбаьхьаллин гайтарш а дIадаьхьна хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,

Правительствон пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: