«Клязьмехь – МаьIнийн майда»

иштта цIе ю Владимирски областехь дIаяхьа леринчу  Ерригроссин кегийрхойн форуман

«Клязьмехь – МаьIнийн майда» форум – автономни майданан керлачу инновацин лагерь ю. Ерриге а Россерчу, иштта дозанал арахьарчу уггаре а похIмечу, жигарчу кегийрхоша дакъалоцу цигахь.

Форуман Iалашо ю хIора а дакъалацархочунна шен говзалла гайтаран, ойла цхьаьна йогIу кегийрхой вовшахтохаран, юкъараллин а, пачхьалкхан а гIо-накъосталла даран, кегийрхойн говзанчийн цхьа тоба кхолларан майданаш яхкар. Иштта, Iилма Iамор а, дакъалацархошна проекташ кхочушъеш мел оьшу хьелаш кхоллар а лору форум йиллинчара цуьнан коьрта Iалашо. Форуман гурашкахь Ерригроссин Iилманийн а, дешаран а конференцеш, «горга стоьлаш», гайтамаш, фестивалаш, ярмаркаш, къийсадаларш, гIарабевллачу нахаца цхьаьнакхетарш, дешаран программин презентацеш, проекташ дIахьо. Иштта, дешаран а, дискуссийн а майданашка экспертийн а, форуман а дакъалацархойн гайтамаш, мастер-классаш, спортан ловзарш, культурни мероприятеш дIахьо.

Форум 8 сменах лаьтташ ю: Къоначу Iилманчаша, юкъараллин Iилманийн хьехархоша дакъалоцуш йолу хьалхара смена 27-чу июнера 3-гIа июль кхаччалц хир ю. ШолгIачу сменехь, 5-чу июлера 11-чу июле кхаччалц, къоначу депутаташа а, политикин лидерша а дакъалоцур ду. IT-технологийн къоначу Iилманчаша а, хьехархоша а 13-чу июлера 19-чу июле кхаччалц дакъалоцур ду кхозлагIчу сменехь. ЙоьалгIачу сменехь 21-чу июлера 27-чу июле кхаччалц къаьмнийн юкъаметтигаш ларъярехь къахьоьгуш болу къона говзанчаш хир бу дакъалоцуш. Къоначу Iилманчаша а, экономикин Iилманийн хьехархоша а дакъалоцуш йолу пхоьалгIа смена 29-чу июлера 4-гIа август кхаччалц хир ю. Къоначу Iилманчаша а, могашалла Iалашъяран декъехь болчу хьехархоша а 6-чу августера 12-чу августе кхаччалц дIахьур ю йолхалгIа смена. Коммерцин йоцу социальни проектийн къоначу куьйгалхойн ворхIалгIа смена 14-чу августера 20-чу августе кхаччалц хир ю. ТIаьххьара, журналистикин факультетан къоначу хьехархойн а, къоначу журналистийн а борхIалгIа смена 22-чу августера 28-чу августе кхаччалц лаьттар ю.

2016-чу шеран 15-чу февралехь дуьйна форумехь дакъалаца заявкаш чуяла йолийна ю, таханлерчу дийнахь а дIаоьцуш ю уьш, хIокху адресца:  ais.fadm.gov.ru.

Контактан телефон: 8(928) 952–65–48, (8712) 22–41–23

Форумах лаьцна дерг ма-дарра довза аьтто бу www.территориясмыслов.рф сайта тIехь.

Хь.БАХТАЕВА

 

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: