Даххех гIуллакхдаран туш юьллур ю

Соьлжа-ГIалиний а, Аргунний а юккъехь ян лерина  даххех пайдаэцаран туш (2 гектар латта билгалдаьккхина оцу гIуллакхана). ХIокху шарахь ян йолийна завод, тIедогIучу 2017-чу шеран бIаьста йина ялийта дагахь бу белхалой.

ХIусамийн-коммунальни бахаман министерствос бинчу талламашца, республикехь цхьана шарахь 2,5 миллион кубометр нехаш гулйо. Ткъа заводехь цхьана шарахь 100 эзар тонн сов нехех гIуллакх дийр ду.  ТIаккха республикера дуккха а нехаш дIакхуьйсуьйлаш дIаевр ю.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца, Белгородерчу Дорощук Николайца республикехь  туш йилла барт бан гIерта кхозлагIа шо дара.  Цуьнан компаница барт а  бина,  завод ян йолийна. Н.Дорощука шен ахчанах харжаш йийр ю аьлла, тIелаьцна, – хаам бо Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос.

Заводо болх муха бийр бу дуьйцу Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Аблиев Султана: «Цкъа хьалха нехаш, схьа а къастош, шайн-шайн чалхашна юккъе охьайохкур ю, цул тIаьхьа оцу хIора а чалхехь шен-шен агIор пайда оьцур бу. Цул сов, хIинцлера технологеш хилар бахьана долуш, кхин а дуккха пайде гIуллакхаш дан аьтто хир бу: газ а, синтетикин бензин а даккхалур ду, иштта электрически а, йовхонан а энерги а», – дийцира цо

Хь.УМАРОВА

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: