Белхаш шен хеннахь кхочушбина

Нохчийн Республикехь бахархой ширачу хIусамашкара дIакхалхоран регионан программа 2015-чу шарахь кхочушъяран шеран жамIаш, пачхьалкхан корпорацин – ЖКХ-на реформа ярна гIо-накъосталла даран фондан кхеташонехь дийцаре а дина, къобалдина тIечIагIдира.

Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос кечдинчу шеран жамIашкахь ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхоран регионан программа кхочушъярх а, дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран регионан программин йоццачу ханна йолчу планан гIуллакхаш дIадахьарх а, иштта, №185 а йолуш, «ЖКХ-на реформа ярехь гIо-накъосталла даран фондан хьокъехь» долчу федеральни законан 14-чу статьяца нийса а догIуш, фондан чоьтах ахчанца гIо-накъосталла даран хьелаш кхочушдарх а лаьцна хаамаш бара.

Нохчийн Республикехь бинчу белхан жамIаш теллинчул тIаьхьа, лакхахь билгалдаьккхинчу №185 йолчу федеральни законан 14-чу статьяца нийса а догIуш, фондан чоьтах ахчанца гIо-накъосталла даран хьелаш талхор ца хааделира. Иштта, регионан программаш кхочушъярехь а, ахчанца кхачоярехь а цхьа а кхачамбацар я тидам тIебахийта беза гIуллакхаш ца карийра.

ХIусамашна капитальни ремонт ярехула 2015–2016-чуй шерашкахь дан догIуш долу гIуллакхаш шен хеннахь дина хилар а, бахархой ширачу хIусамашкара дIакхалхоран программа 2014–2015-чуй шерийн муьрехь кхочушйина хилар а тIечIагIдира фондан кхеташонехь.

А.ХАСБУЛАТОВА

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: