(Юьхь – 37 номерехь)
Йозуш йоцу пачхьалкх санна Россин Федераци когахIотта йолаелира вуно чолхечу хьелашкахь. Цуьнан боккха къийсам дIабахьа дийзира шен суверенитет ларъярехьа. Союзан центро къобалдеш дацара Росси дIакъастар. Иза вочу агIор хааделира пачхьалкхан институтан, правовой системин дикаллина тIехь, федеральни центран субъекташца йолчу юккъаметигашна тIехь.
Юьхьанца Россин куьйгалло Федерацин субъекташа бохург дан дезаш нисделира, союзни центраца дIахьочу къийсамехь цаьрга шен гIолацийтархьама. Изза дан дезаш нисъеллера союзни центр а Союзан субъекташна тIехь латтош долу куьйгалла дIа ца далийтархьама. Оцу хьолехь Россин Федерацин Президента Ельцин Бориса регионашна магадора шайга дIакхехьалун йоллучул суверенитет схьаэцар. Ткъа СССР-н Президента Горбачев Михаила дош делира союзни а, автономни а республикийн статус цхьабосса ян.
Дукхах йолу автономни республикаш, цу юкъахь Нохчийчоь а кечлуш яра керла Союзни барт бан а, цу бартана куьйгаш яздан а. Союзни республикийн йоллу бакъонаш йолуш субъекташ хир яра уьш тIаккха. Федеративни керла юкъаметтигаш кхоллаяларехь шен маьIна лелийра Россин чоьхьа йолчу политикин кризисо а, Iедалан законодательни а, кхочушдаран а органашна юкъахь хиллачу къийсамо а. И къийсам чекхбелира парламентан гIишлонна даккхий герзаш деттарца. Керла тIеоьцуш хиллачу законошна а, бакъонийн акташна а тIехь хаабалаза ца бисира Президентан а, парламентан а дуьхь-дуьхьал латтаран Iаткъам. И бахьана долуш Россин керлачу пачхьалкхан амалехь хаалора авторитаризман а, тоталитаризаман а билгалонаш. Иза чIогIа кхераме дара российски къоначу демократина. ХIунда аьлча, иза тоталитарни юкъараллехь кхоллалуш яра.
Тайп-тайпанчу бакъонийн статус йолчу субъектех лаьтташ ю Россин Федераци: къоман-терроториальни вовшахкхетараллаш (шайн Конституцеш йолуш йолу); территориальни вовшахкхетараллаш (крайш, областаш), (шайн Уставаш долуш йолу); территориальни вовшахкхетараллашна юкъахь автономни къаьмнийн вовшахкхетараллаш. И структура кхоллаелла исторически хьелашца а, экономикин бакъдолчаьрца а доьзна. Иза Россин Федерацин гурашкахь халкъийн шайн кхоллам шаьш къасто бакъо хиларан ша тайпа билгало ю. Амма Федерацин цу тайппанчу дIахIоттамна дуьхьал берш хилла даима а. Уьш хилла Российски импери денъярехьа къуьйсуш йолчу политикин партийн а, боламийн а векалшна юкъахь а.
Россин Пачхьалхкан территориальни цхьааллина а, суверенитетана а кхерам кхоллабеллачу хьелашкахь федеральни центр дийцарш даран а, юхаяларан политика а йитина Федерацин субъекташца Iедал лакхара охьа хиларан шога политика дIакхехьарна тIеяла езаш хилира.
Делахь а, нохчийн хьалхара тIеман кампани хиларх политически бахьанашца кхето гIертарх гIуллакх хир дац. Нохчийчохь дIабоьдуш тIом а болуш, Россехь дIадаьхьира пачхьалкхан долаллина приватизаци яр. Экономикин агIор иза яр данне а санехь дацара российски пачхьалкхана. Ткъа российски юкъараллина талор дар санна дара иза.
Нохчийн тIеман шолгIа кампани дIайолаялале хьалха В.В.Путин коьрте хIоьттина российски пачхьалкх оцу хенахь дуьненан геополитикехь цхьана а чоьта яцара, иза вовшахъяьлла йолучу хьолехь яра. Цуьнан ницкъ кхечира мохк цхьаьнатоха, дуьненан уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхех цхьаъ йина иза дIахIотто, цуьнан статус меттахIотто. Шел хьалха хиллачу Мехкан куьйгалхошкара цунна кхаьчнарг российско-нохчийн юкъаметтигийн хьерчийна уьйриг бара. И уьйриг баста дийзира цуьнан политикин а, экономикин а чолхечу хьелашкахь.
Россин а, Нохчийчоьнан а вовшашца йолчу юкъаметтигийн проблемина лерина бара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кандидатски диссертацин болх. «Россин а, Нохчийчоьнан а къовсам: генезис, маьIна, къовсам дIабаккхаран некъаш» яра цуьнан цIе. И болх теоротически таллам хилла ца Iаш, цуьнан кхидIа а бан безачу политикин некъан ша тайпа къилба дара. Политик хиларе терра, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина чIогIа мехала дара хIокху хаттаршна жоьпаш карор: мичахь ду къийсаман хьостанаш, хIуна дан деза тIейогIучу хенахь къийсамаш ца хилийта?
Шен талламехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Iаламат мехала маьIна доккху: XIX-чу бIешарахь хилла Кавказан тIом ца хилийта аьтто бара, аларца. Цунах кIелхьардовлийла дара. Нохчий, эдигаш (адыгейцы), дагестанхой Россина юкъабахар маьрша, цIий ца Iенош, хила тарлуш дара. Амма, паччахьан администрацин политико дуккха а шерийн къизачу тIамна тIедалийра. Паччахьан администрацина Кавказерчу ламанхошца ницкъаца бен юкъаметтиг лело ца лаьара, дийцарш дIадахьа шайга нийсса ца хетара ламанхой.
Талламхочунна хетарехь, паччахьан Iедало ницкъаца Iаткъам бар лах а дина, регионехь экономикин юкъаметтигаш лелор тIедевлча, Нохчийчоь Россин политикин а, экономикин а хьаьрми юккъе яр жигара дIадоладелира.
А-Хь.Кадыровс шен диссертацехь яздора: «XX-чу бIешеран хьалхарчу итт шарахь Нохчийчоьнан культурин дахар дерриге а пачхьалкхан хорша дерзорехьа деш дерг тIеттIа алсамдоккхуш дара. Мелла а ехкина а, къоман школаш йохкуш хиллехь а, къоман маттахь арахоьцуш газет, книгаш хиллехь а, меттигерчу элито а, хьал-бахам болчу бахархоша а шайн бераш деша оьрсийн школашка а, пачхьенерчу университете а дIалора. Алсамдолуш дара оьрсийн маттахь йолчу прессе а, изданешка а долу хьашт-дезар. Бусалбанийн собаре юкъаметтигаш яра керста дине а, керстанашка а. Нохчийн халкъан а, цуьнан элитин а кхетамехь оьрсий, боьрз-боьрзуш мохк дIалацархой болчуьра дикачу лулахошка, герзан вежаршка боьрзуш бара. Вуьшта аьлча, билгалдолуш дара вовшашца машаре юкъаметтигаш кхоллалуш хилар. Цунна тоьшалла дора царна юкъахь къийсамаш хуьлуш цахиларо».
Нохчийн кризис хиларан а, российско-нохчийн юкъаметтигийн историн а таллам бар дIахьош волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура нохчийн герзашца гIовттар оьрсийн паччахьан Iедална а, цул тIаьхьа советийн дIахIоттамна а дуьхьал хиллачул алсам Россин политикина, оцу политикин кепашна а, некъашна а дуьхьал дара. Паччахьан а, советийн а Iедалш шайн идеологешца вовшах къаьсташ хиллехь а, къаьмнашца йолу проблемаш дIаяхаран кепаш цхьабосса яра церан – ницкъана тIетовжар, Iазап латтор.
XIX-чу бIешарахь Кавказехь хиллачун хьесапдечу хенахь Ахьмад-Хьаьжас чIагIдо цу хенахь хилла бохаме хиламаш нохчийн халкъан иэсехь нохчашний, оьрсашний юкъахь хилла къийсам а, церан вовшашка хилла цабезам а санна бисина цахилар. Цундела кхузаманахь Нохчийчоьнний, федеральни центраний юкъахь хиллачу къийсаман бухехь лаьтташ хилла бахьанаш доьзна дацара XIX-чу бIешарахь хиллачу Кавказан тIамца, Шина а агIоно хаамийн тIамехь цунах пайдаэца гIерташ хIуманаш лелийна хиллехь а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хетарехь, Б.Ельцин шен бакъонел тIех велира тIом дIаболабе аьлла омра дарца. Россин законодательствоца нийса а догIуш, тIом дIаболабале хьалха тIеман я чрезвычайни хьал дIакхайкхо деза. (Иза ца дира). Цу хьокъехь хаам бан безара Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думе а, Федерацин Совете а. Цу тIе Федерацин Советан бакъо ю чрезвычайни хьал юкъадалоран хьокъехь долу закон нийса ца лара. Цу тайппана Президента талхийна Конституци (ст.8) а, «Оборанан хьокъехь» долу закон (ст.5) а, шен гIуллакхаш Федерацин Советаца дага а ца волуш дарца.
«Оборонин хьокъехь» долчу Законан 5-чу декъаца нийса а догIуш, цуьна бакъо яцара тIеман хьал дIакхайкхо. ХIунда аьлча, кхин пачхьалкх я пачхьалкхийн тобанаш тIелетта меттиг яцара. Делахь-хIета тIеман хьал дIакхайкхадойла яцара. Иза кхайкхадо тIом дIаболабелча я кхин пачхьалкх тIелетча.
Амма Россина дозанал арахьара кхерамаш туьйсуш цхьа а вацара. Ткъа Нохчийн Республика Россин Федерацин субъект яра. Нохчийчоьнан агIонгахьара а яцара агресси. Вуьшта аьлча, нохчийн кризис дIаяккхархьама Герзашца кечбинчу ницкъех пайдаэца оьшуш дацара, пайдаэцар бакъонца а дацара. Нохчийчохь федеральни ницкъаша дина тIеман гIуллакхаш законца ца догIуш а, антиконституционни а лара догIуш, уьш российски а, дуьненаюкъара а бакъонаш талхош дина ду. (Л.Рубан. «Чеченский узел» Кавказского кризиса. – М. 1996-с.71).
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла ма-хиллара, и хиламаш «тIом» бохучу кхетамна юкъа ца богIу. ХIунда аьлча, дуьненаюкъарчу бакъонца нийса а догIуш, тIом иза шина я масех пачхьалкхана юкъахь герзашца дIахьош къовсам бу. ТIом дIакхайкхийначул тIаьхьа вовшашца тIемаш беш йолчу агIонашна юкъахь дипломатин юкъаметтигаш лелор сацош ду. Вуьшта аьлча, тIемаш беш ерш дуьненаюкъарчу бакъонийн субъекташ ю. Иза граждански тIом а бац. Оцу тIамехь вовшашца къийсалуш берш юкъараллин тайп-тайпанчу чкъоьрнийн векалш бу. Иза чрезвычайни хьал а дацара. Чрезвычайни хьал – иза адамийн дахаран а, белхан а хьелаш талхор ду цхьана объектехь я билггалчу меттехь. Авари, Iаламан я экологин бохам хиларца, ун даржарца, и.дI.кх. хиларца доьзна бохаме, кхараме хьал хIоттар ду.
Нохчийчохь хилларг агресси лара йиш а яц. ХIунда аьлча, ООН-н Генеральни Ассамблейн 1974-чу шеран 14-чу декабрехьлерчу Резолюцин хьалхарчу статьяхь билгалдеш ма-хиллара, агресси лору пачхьалкхан герзашца кечбинчу ницкъех кхечу пачхьалкхан суверенитетана, мехкан цхьааллина я политикин йозуш цахиларна дуьхьал пайдаэцарх.
Нохчийчохь хиллачу хиламийн, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чIагIдарехь, мах хадон мегар дац иза къоман паргIатонехьа къийсам бара аьлла. Къоман паргIатонехьа болу къийсам халкъийн шайн кхоллам къасто бакъо хиларца боьзна бу. Дерриге а халкъийн бакъо ю маца, муха шайн чоьхьара а, арахьара а политикин статус шайна маца, муха къасто лаьа бохург билгалдаккха, арахьара нах юкъагIертар а доцуш. Амма дIакъастаран а, шен пачхьалкх кхолларан а хьокъехь лехам барна бакъо хуьлу Iедалан структурашкахь къаьмнийн векалаллин а, бакъонаш цхьабосса хиларан а принцип талхош хилча.
Нохчийн халкъаца йолчу агIонехь Россина юкъахь цу тайпана талхораш дацара. ТIаккха хаттар хIутту: нагахь санна иза къам паргIатдаккхарехьа къийсам белахь, хьаьнца мила ву къийсам дIахьош? Нохчийн халкъан а, Нохчийн Республикин халкъан а къийсам барий-те иза? Дуьненаюкъарчу бакъонца «халкъ» бохучу кхетамна юкъабогIу пачхьалкхан лаьтта тIехь болу берриге а бахархой. Делахь-хIета, «Нохчийн Республикин халкъ» бохучу кхетамо юкъалоцу республикера берриге а бахархой.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дийцарехь, XX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь дIабаьхьна Нохчийчоьнан Президентан харжамаш нийса бацара. ХIунда аьлча, ейтта районах цигахь дакъалоцуш ялх район бен яцара. Нохчийн Республикехь хIетахь дIа ца яьхьира Россин Федерацина юккъера дIадовларан хьокъехь референдум. Вуьшта аьлча, халкъе парггIат шен харжам ца байтира.
ТIом хилар бахьанехь Нохчийчоьнан бахархойн кхерамазалла йохийра. ТIеман-полицин гIуллакхаша, пачхьалкхан документашкахь дIахьедина ма-хиллара, конституцин къепе дIахIотто езаш яра, бахархойн бакъонаш, маршо меттахIотто езаш яра. Амма, маьршачу бахархошна кхерам цахилийтарна кхачояран метта, кхерамна кIел хIоттийра церан дахар, хьал, бахам. Бахархойн цхьа дакъа, уггаре а хьалха оьрсийн, шаьш Iаш болу меттигаш дIатийсина, дIадаха дезаш хилира.
Делимханов Адам, Россин Пачхьалкхан Думин депутат.
(«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – нохчийн халкъан сийлахь кIант» книги тIера.
(Чаккхе хир ю)
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо