Цхьа-ши дош…

 

ХIокху деношкахь чIогIа мохк бегийна Японехь а, Эквадорехь а. И бахьанехь Японехь 40 сов стаг велла, 2 эзар сов стаг лазийна, Эквадорехь 235 стаг велла, 1600 сов стаг лазийна. Дохийначу цIеношна бухахь ца карош бисинарш а бу.

***

Мохк бегийна хиллачу бохамашца доьзна Японин а, Эквадоран а куьйгалле а, халкъе а кадам бина Россин Федерацин Президента В.Путина.

***

Къилбаседа Корейхь юха а баллистически ракета кхоссарна ша чIогIа реза цахилар дIахаийтина ООН-н Кхерамазаллин Совето, цо дIахьедина Пхеньянна дуьхьал санкцеш яр кхин а чIагIдийриг хилар.

***

Шемахь дIабаьхначу парламентан харжамашкахь дакъалецира 57,56 процент бахархоша. Цу хьокъехь хаам бинчу харжамийн коьртачу комиссис дийцарехь харжамийн жамIаш герггарчу деношкахь довзуьйтур ду.

***

Женевехь дIахьош ду Шемера хьал маслаIатан некъа тIе даккхарна лерина дийцарш. Уьш 27-гIа апрель кхаччалц дIахьур ду.

***

Перу пачхьалкхехь некъан-транспортан бохам хилла. Пассажирийн автобус Iинах яхана. Цу тIехь хилла 20 сов стаг кхелхина. Бохам хиларан бахьана толлуш ю леррина службаш.

***

Францин Президент Ф.Олланд хIокху деношкахь Ливанехь хилира. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилира оцу мехкан куьйгаллица а, ткъа иштта Африкин мехкашкара бевдда кхуза баьхкинчу нахаца а.

***

Брюсселехь (Бельги) дIаяьхьира террорана а, цабезамна а дуьхьал болчеран митинг. Мехкан полицис бечу хаамашца урамашка ваьлларг лаххара а 10 эзар стаг вара.

***

Катаран пачхьенехь Дохехь цхьаьнакхийтира мехкадаьтта доккхучу 18 пачхьалкхан векалш. Цара дийцаре дира мехкадаьтта даккхар кху шеран январь баттахь хиллачу тIегIанехь сацоран гIуллакх. Амма цкъачунна цу тIехь барт ца хилла.

***

Бразилин Парламентан Лакхарчу Палатехь дIахьош ду мехкан Президент Д.Руссеф шен даржера дIаяккхарехьа кхаьжнаш тасар. ХIара кIира чекхдалале девзар ду цуьнан жамIаш.

***

Латвехь дIахьош ду дуьненаюкъара тIеман Iамораш. Цигахь дакъалоцуш бу НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхийн бIаьхой.

 

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: