Хилларг дага а лоцуш…

Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяьккхина (2009-чу шеран 16-чу апрелехь) ворхI шо кхачарна лерина даздарш дIадаьхьира 15-чу апрелехь, Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Ш.Жамалдаевс, Нохчийн Республикин экономикин кхерамазаллин кхеташонан секретара В.Усмановс, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс, кхечара.

Машаран денна лерина видеоролик гайтарца дIадолийра цхьаьнакхетар.

Цул тIаьхьа Ш.Жамалдаевс тIеман хенахь нохчийн къомо лайнарш а дийцира, дезачу денца гулбелларш декъал а бира.

– Дуккха а бехк боцу нах хIаллакбина Нохчийчохь хиллачу шина тIамо. Вайх хIоранна а тIеIиттаделла дуккха зуламаш, бохамаш. Бакъду, и харцо Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалле хIотталц бен ца лаьттира. Цул тIаьхьа республикин куьйгаллехь волу цуьнан кIант Кадыров Рамзан бахьана долуш, КТО-н раж дIаяккхарца, Нохчийчохь терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам баккха аьтто хилира, – дийцира цо.

«КТО-н раж дIаяккхаран де – иза Нохчийчохь машар хиларан де ду,  иштта нохчийн халкъан а, республикин а исторехь маьрша хиламаш дIабуьйлабелла де а ду. Цундела ас даггара декъалдо шу дезачу денца!» – элира Д.Умаровс.

Цхьаьнакхетар дерзийра концертан программица.

Хь.АВХАДОВА

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: