«Ламан Аз» командин пхоьалгIа толам

   ХIокху деношкахь С.Билимхановн цIарахчу стадионехь дIадаьхьира Россин ХХI-чу чемпионатан гурашкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина «Кавказан йоккха кубок» цIе йолу турниран хьалхарчу гуонан къийсадаларш.

Даздаран хьолехь турнир ерзорна лерина дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин МВД-н министр Алханов Руслан, Россин Федерацин заьIапхойн футболан Федерацин президент Луначарский Георгий, вице-президент Федоров Николай, генеральни секретарь Киянский Иван, турниран коьрта судья Заболотнев Дмитрий, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Хизриев Хасмохьмад, цуьнан заместитель Дадашев Iабдулла, Соьлжа-ГIалин а, «Ламан-Аз» клубан а куьйгалхо Динаев Iадлан, «Ламан-Аз» спортан-адаптивни школин директор Дахкильгов Уматгири,  Россин вовшахтоьхначу командин тренер Герзишев Руслан.

Цхьаьнакхетар долош  Дадашев Iабдуллас билгалдаьккхира Россин чемпионатан гурашкахь, футболах ловзарехь Россин заьIапхошна юкъахь «Кавказан йоккха кубок» къовсарехь дIахьош йолу турнир Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина хилар.

– ХIара турнир пхоьалгIа дIахьош ю. Кхузахь дакъалоцуш болу спортсменаш доьналла долуш бу. Баккъал а, шайн яхь, майралла, адамалла  гойту кхара. ХIорш дуккха а адамашна масал ду. Дала аьтто бойла шун! – элира Дадашев Iабдуллас.

Цул тIаьхьа, хьешашка а, турниран дакъалацархошка а салам-маршалла а хоттуш, вистхилира Динаев Iадлан:

– Тахана вай цхьаьнакхетта Россин ХХI-чу чемпионатан гурашкахь заьIапхошна юкъахь футболах ловзарехь «Кавказан йоккха кубок» яккхаран турниран 1-ра гуо берзорна. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарца доьзна дуккха а дика гIуллакхаш ду вайн махкахь дIахьош. Нохчийн халкъана маршо яккхарехьа шен дахар ца кхоийра цо. Вайн иэсехь даима а дика масал хилла лаьттар ву иза.

Тахана, цо болийна некъ дIакхоьхьуш ву цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо доккха гIо дина спортан хьаьрмахь къахьоьгучарна. ХIинца а вайн республикехь спортан тIегIа лакхадаккхарехь накъосталла деш ву. Цундела, вайн махкахь спортехь денна а хуьлуш кхиамаш бу, – элира цо.

Цул тIаьхьа «Кавказан йоккха кубок» къовсуш ахфиналан а, финалан а ловзарш хилира. Хьалхара меттиг Грозненски «Ламан Аз» командо яьккхира.

Финалехь Москварчу «Олимпро» командица ловзуш вайн спортсменаша жамI 2:0 долуш толам баьккхира.

Спортан даздарш дерзош, I.Дадашевс элира:

– Даггара баркалла ала лаьа тахана шайн хьуьнарш гайтинчу спортсменашна. Оха баккъал а дозалла до шух. Тхуна доккха совгIат ду вайн юкъарчу Даймехкан – Россин юьхь аш иштта ларъяр. Дала аьтто бойла шун!

З.ЛЕЧИЕВА

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: