Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу майданахь дIаяьхьначу Республикин фестиваль – конкурсан ахфиналан цIе. Иза Нохчийчохь Машаран де билгалдаккхарна лерина, вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос а, цу юкъайогIучу Халкъан кхоллараллин туьшо а.
Конкурс республикин гIалийн а, районийн а самодеятельностан кхоллараллин коллективашна юкъахь дIахьош яра. Ахфиналехь къовсалуш пхи команда яра: Грозненски, Теркан, Итон-Кхаьллан, Шелан районашкара а, Соьлжа-ГIалин Культурин департаментера а.
Къийсадаларш шина номинацехь дIахьош дара: «Исбаьхьаллин самодеятельни хореографин кхолларалла», «Корматаллин хореографин кхолларалла».
Конкурсан веза хьаша вара Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Жюрин декъашхошна юкъахь вара Россин Федерацин хьакъволу артист Джабраилов Iабдулхьалим, Нохчийн Республикин халкъан артист Темирхожиев Гапиржан, Эльдиев Iела, Мажидов Iаднан, Ганаева Марьям, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу деятель Магомадов Iабдул-Iийса.
Фестиваль – конкурсан дакъалацархоша лардан дезаш дара: духар, хелхаран кеп, къоман гIиллакхаш.
16-гIа апрель Нохчийчохь деза машаран де санна хилар билгалдоккхуш хиларца доьзна, вистхилира Хучиев Муслим:
«Нохчийчохь Машаран де билгалдаккхар мехала ду. Оцу дийне дукха сатийсинера вайн дайша, наноша. Нохчийчохь машар хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан бIанакъосташа а. Иза дицдан ца деза вай.
Вайн республика денна а кхуьуш ю, еш ю керла школаш, больницаш, берийн бошмаш, культурин учрежденеш. Тайп-тайпанчу фестивалашкахь, конкурсашкахь, спортан къийсадаларшкахь вай хьалхара меттигаш йохуш схьадогIуш ду. Вай тешна ду вайн къоман дахар кхин а беркате, кхин а зовкхе хирг хиларх! Суна баркалла ала лаьа Дааев Хож-Баудина. Культурин министерствос вовшахтоьхна, къоман культурин хазалла гайта йиш йолу «Нохчийн хелхар» фестиваль – конкурс. ХIара тайпа къийсадаларш вайн кегийрхошна юкъахь дIадахьар мехала ду», – дерзийра цо шен къамел.
29-чу апрель дуьненаюкъара Хелхаран де ду. Цу дийнахь фестивалан толамхой билгалбохур бу I, II, III-чуй даржийн дипломашца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: «Нохчийн хелхар» фестиваль-конкурсан дакъалацархой
№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо