Машаран денна лерина гулам

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн зала чохь Машаран денна лерина гулам дIабаьхьира. Цигахь дакъалецира Iедалан а, бакъонаш ларъяран структурийн а, бусалба динан а, Iилманан а, кхоллараллин а, юкъараллин а организацийн векалша.2

Иштта, гуламехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата А.Делимхановс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо И.Кадыровс, республикин Парламентан спикера М.Даудовс, кхечара.

Кадыров Рамзана дезачу денца декъалбира республикин бахархой. Цо билгалдаккхарехь, республикехь контртеррористически операцин (КТО-н) раж дIаяккхар нохчийн махкана а, халкъана а историн маьIна долуш ду.

«Нохчийн махкахь Машаран дийне сатуьйсуш дукха къахьегна вай. Цу некъа тIехь эзарнашкахь вайн вежарий а, йижарий а кхелхина. Цундела Дала толам а белла вайна! Дуьненаюкъара терроризм шен баххашца дIа а йоккхуш, маьршачу а, кхуьуш йолчу а республикин бух боьттина вай. Кху дийнахь вай дагалоцу вайн вежарий а, йижарий а. Шайн синош а, догIмаш а ца кхоош, нохчийн махкахь машар хилийтаран дуьхьа кхелхина уьш. Цара хаьржина некъ бусалба динца богIуш а бара, уьш цу некъа тIехь кхалха а кхелхира. Вай гуттар а дагахь латтор бу уьш», – элира цо.

Иштта, республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчо  билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) арабаьккхина некъ нийса хилла хиларна тоьшалла дара, республикехь КТО-н раж дIаяккхар.

«ХIора дийнахь, шен дахарна кхерам боллушехь, вайн дуьхьа ваьхна Ахьмад-Хьаьжа. Амма иза Iожаллех кхоьруш вацара, хIунда аьлча цунна хаьара ша хаьржина некъ, цу муьрехь хиллачарех уггаре а нийсаниг буйла. Дукхахболчарна цо динарг тамашийна хетара, амма цо дуьненаюкъарчу терроризмана тIом кхайкхийнера. Иштта, зуламаш лелочу федеральни структурашна дуьхьал а вара иза. Цо олура: «ТIом сацор яц вайн Iалашо, вайн Iалашо – иза гуттаренна а дIабаккхар ю». Шен са ца кхоош, цу Iалашоне кхечира иза. Нохчийн къоман дегнашкахь даима а вехар ву иза», – элира Кадыров Рамзана.

Кхузахь ала догIу, КТО-н раж дIаяккхаро республикехь экономика а, социальни дакъа а кхиорна таро елла хилар. Цул сов, цуьнца доьзна ду Нохчийн Республика Россин Федерацин бакъонийн хьаьрма юхаерзар а.

«Контртеррористически операцин раж дIаяьккхинчул тIаьхьа 64 процентана лахъелла белхазалла. Ткъа республикин экономике инвестицеш кхачар 148 процентана лакхадаьлла. Вайн ярташ а, гIаланаш а денна кхуьуш, хазлуш ю. Цуьнца цхьаьна чIагIлуш бу машар а, къепе а. Муьлххачу а россихочун йоллу бакъонаш ю вайн тахана. Ткъа республикех, Iедалан ерриге а органаш кхоьллина Россин Федерацин юьззина бакъонаш а, жоьпалла а долу дакъа хилла. Вай декхарийлахь ду таханлера хьал Iалашдан», – олуш, шен къамел дерзийра республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс.

Гулам дIахьочу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата цул тIаьхьа дош делира М.Даудовга а, А.Делимхановга а, Р.Алхановга а, С-Хь.Межиевга а.

Даудов Мохьмада билгалдаьккхира, КТО-н раж дIаяккхар а, республикехь а, Россехь а йолчу къепена тIекхийдаш хиллачу террористашна тIехь нохчийн халкъо кхоччуш толам баккхар а цхьаьна догIуш хиларх лаьцна.

Делимханов Адамна хетарехь, масех шо хьалха аьтта, йохийна лаьттина йолу Нохчийн Республика тахана Россин Федерацин тоьллачу субъектех цхьаъ хилла дIахIоьттина.

«Вайн махкара хьал дийцар сих-сиха нисло сан белхан накъосташца. Уьш цец а буьйлу, баккхий а бе кхузахь тIаьххьарчу шерашкахь хиллачу кхиамех. Тахана вайн махкахь кхуьуш ю экономика, спорт, культура, социальни дакъа. Ахьмад-Хьаьжин некъ нийса хиларна тоьшалла ду иза», – элира цо.

Алханов Руслана таханлерчу криминогенни хьолах лаьцна а, республикехь машар а, маршо а хилийтаран дуьхьа кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн 1 602 белхахочух а лаьцна дийцира. Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос церан цIерш цкъа а йицйийр яц.

Республикин бусалбанийн динан Урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас доIа дарца дIадирзира Машаран денна леринчу гуламан коьрта дакъа.

Цул тIаьхьа, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхарца дIадоладелира гуламан шолгIа дакъа. Цигахь дакъалецира нохчийн эстрадин а, театрийн а, хелхарийн а коллективийн векалша.

И.ХАСАХАНОВ

№44, шинара, оханан (апрель) беттан 19-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: