Бахархойн хаарш зуьйш…

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан оьрсийн меттан туьшан куьйгалхочо Саидова Заремас  университетан студенташца «Тотальни диктант» цIе йолу акци дIаяьхьира.

Тотальни диктантехь дакъалацар доьхуш, З.Саидовас а, гуманитарни факультетан 3-чу курсан студенташа а Соьлжа-ГIалин урамашкахула буьйла а луш, вайн республикин бахархошка чолхе дешнаш яздайтира, иштта буклеташ а йийкъира. Царна юкъахь нийса язъеш берш а, йозанехь гIалаташ дохуш берш а нислора. Шайга яздойтучу дешнаш тIехь дукха гIалаташ дохучаьрга къаьсттина лерина доьхура цара тотальни диктантехь дакъалацар.

Иштта, шайна тIех волуш мел верг саца а веш, церан хаарш зийра акцин дакъалацархоша. Ткъа республикин бахархоша самукъадаларца яздора и дешнаш. Цхьаболчара, шаьш студенташна тIе а боьлхий, шайга а чолхе дешнаш яздайта олуш меттигаш а нислора. Бахархошна дIасайоькъучу буклеташ тIехь, тотальни диктант маца, стенгахь  хир ю дуьйцуш хаам бара.

 

М.БАЙБАТЫРОВА

№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: