ХIокху деношкахь Нохчийчохь дIаяьхьира лаккхарчу дешаран заведенийн студентийн IV-гIа Универсиада. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствоца а, регионан ВУЗ-ашца а цхьаьна.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат, ткъа иштта республикин лаккхарчу дешаран заведенийн векалш.
Шен къамелехь Тагиев Мурата билгалдаьккхира, Универсиада лаккхарчу дешаран заведенешкахь доьшуш болчу студентийн спорте марзо кхолларан Iалашонца дIахьош хилар. Цо элира:
«Могаш, оьзда, хьекъале хила беза кегийрхой. Уьш вайн къоман кхане ю. Спортехь къахьегаро дикачу агIор хуьйцур ду къона чкъор. Тахана вайн йиш ю спортан декъехь кхиамаш баха, вайн хьуьнарш гайта».
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, многоборийн къийсадаларшца схьайиллира Универсиада хьалхарчу къийсадаларшкахь.
Хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан командо; шолгIа меттиг – Нохчийн пачхьалкхан университето; кхоалгIа меттиг – Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университето; йоьалгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университето.
З.БАЙТУЛАЕВА
Суьрта тIехь: IV-чу Универсиадин дакъалацархой
№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо