14-чу апрелехь С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллица цхьаьна къора а, хазар ледара долчу а берийн цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера. Цуьнан коьрта Iалашо яра берашна пайдехь хинйолу мультфильмаш гайтар. Ткъа мультфильмаш талмаж дарца а, титрашца а гойтуш яра.
Къора а, хазар ледара долчу а берашна гайтина хIора а мультфильм маьIна долуш яра. Царах цхьаъ – «Дагахь хаа еза некъийн хьаьркаш» цIе йолу мультфильм некъан боламан бакъенех лаьцна дуьйцуш яра. Иза къаьсттина мехала яра царна.
Ерриге а шайн ойла тIеяхийтина, лерина хьаьвсира бераш цуьнга. Цу чохь гойтура некъаца гIаш а, юкъараллин транспорта чохь а адамаш муха лела деза. Цул тIаьхьа, библиотекин белхахочо Паршоев Муслима а, шатайпа кхиар долчу берийн отделан заведующис Домбаева Аминас а берашца «Шуна хаьий некъан боламан бакъенаш?» цIе йолу викторина дIаяьхьира. Некъан боламан бакъенех лаьцна шайна гайтинчу мультфильмах бераша дикка пайдаэцначух тера дара. Иза гойтура, цара викторинехь жигара дакъалацаро.
Викторина чекхъяьллачул тIаьхьа, кхин а хазаниг хиллера хьалха. 2016-гIа шо Кинон шо аьлла дIакхайкхийна хиларе терра, цунна лерина книгийн гайтам вовшахтоьхнера библиотекехь. М.Паршоевс йовзийтира гайтаме ехкина йолу книгаш.
Шайн дуьхьа вовшахтоьхна цхьаьнакхетар хазахеттера берашна.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: бераш мультфильме хьовсуш
№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо