болчу лаамца, кху деношкахь, нохчийн вевзаш волу яздархо Берсанов Хожа-Ахьмад волчохь хьошалгIахь хилира Кегийрхойн юкъараллин-патриотически «Ахмат» боламан векалш
Цуьнан куьйгалхочо Хажмурадов Хаважис, 8 бIене ца кхоччуш болчу боламан дакъалацархойн цIарах, 90 шо кхачарца даггара декъалвира яздархо.
– Даймохк беза, иза кхио, хазбан, цунна тхайн са, дог, хаарш, ницкъ ца кхоо хьох а, хьо санначу вайн къанойх а Iема тхо, – элира университетан студента Азизов Мохьмада. – Къоначу корреспондентийн школехь доьшуш волуш, тхуна къоман гIиллакх-оьздангалла хьеха вогIуш, ахь дина хьехарш сан дахаран къилба хилла дисина ду. Дела реза хуьлда хьуна, Хожа-Ахьмад. Дала могаш, дукхавахавойла хьо.
Ша дагавеана, шеца болчу ларамна баьхкинчу кегийрхошна доккха баркалла аларца, яздархочунна лиира, шен хьеший Нохчийчоьнан муьлхачу ярташкара схьабевлла хаа. Кегийрхой Хьалха-МартантIера, Мартан-Чуьра, Гуьмсера, Шелара, Дуби-Эвлара бара. Цул тIаьхьа Берсановс дийцира:
– Шун боламан цIе «Ахьмад» хиларх доьзна дукха ду. Цо шуна тIе дуккха а декхарш дохку. Цкъа делахь, ийманца, гIиллакхца, оьздангаллица, дика дешарца, балхаца масал хила деза шу. ШолгIа делахь, шаьш схьадевллачу яртийн, шуьга кхачале хьалха хилла цIе ца йожош, и дебо дикаллин масалш алсамдаха деза аш. КхоалгIа эзар шо долалучу юьххьехь дукха кегийрхой дIакъаьстина вайх. Уьш а, шу санна, къона а, хаза а, Даймахкана шайн синош ца кхоош а хилла. КIезиг бацара царна юкъахь вайн махка баьржинчу дуьненаюкъарчу боьхачу ницкъаша Iехийнарш, тилийнарш, хIаллакбинарш. Делан къинхетамца, вайн къам кIелхьарадаккха Кадыров Ахьмад-Хьаьжин доьналла, хьуьнар ца тоьънехь, тахана вай мича кхаьчна хир дара ала хала хир дара. И девзаш хила деза шу. Хаа деза, Даймахкана эшначу хенахь цуьнан машар, къоман цхьаалла, баккхийчийн, зударийн, берийн синтем ларбан гIовттурш кегийрхой хилар. Шу церан могIарера хиларна, оцу декхарна кийча хила а деза. Герз кара а лаций, иштта гIуллакх кхочушде бохург дац иза. Шуна суначул а дика хаьа, тахана берриге а тIом интернето дуьненахь боьзначу машанца хаамийн хьаьттахь беш хилар. Цу чуьра бакъ-харц къасто хууш а, харцонна дуьхьал даккха дош долуш а, олуш а хила деза шу. Цундела шуна йовза еза шайн къоман истори, литература, мотт, бовза беза халкъан турпалхой. Довза деза таханенан беркат, иза дебораш. Шуна тIехь ду шаьш лелон цIе южучух лардалар, иза лакхайоккхург айдар… .
Яздархочуьнца даьккхинчу масех сохьтехь дуккха а керланиг девзира кегийрхошна. Шаьш цунна совгIатна деанчу вертанах а, жаIуьнан куйнах а долу шира дийцарш а, бакъдерш а хезира царна.
– Хожа-Ахьмад волчу схьакхаччалц, иза воккха хиларна, могашалла а, бIаьрса а ледара дуйла хаарна, тхо мелла а бIокъажийна дара, – элира «Ахьмадхоша», – амма цуьнца яьккхинчу хенахь масал эца дуккха а диканиг карийра тхуна, нохчийн къоман къонахийн векалех долу тхан хаарш алсамдевлира. Дела реза хуьлда цунна. Дала могашалла лойла.
Т.АЛИЕВА
№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо