Шеман кема герз тоьхна доха а дина, дозанехь герзаш а диттина Хонкаран эскарша. Иза шайн махкана йина агресси лору Шеман куьйгалло.
***
Мисарахь боккха некъан-транспортан бохам хилла, киралелон ши машен вовшах а кхетта. Цигахь 17 стаг кхелхина.
***
Корейн халкъан демократин республико юха а 16 ракета кхоьссина Японин агIонгахьа. Цу тайпана питане гIуллакхаш дуьххьара деш дац.
***
Израилан ерриге а посольствоша ханна болх сацийна, дипломаташа забастовка ярца доьзна.
***
Малайзехь дог ца диллина «Боинг» кема карориг хиларх. Иза лахар дIахьош ду Индийски океанехь. Дагадаийта лаьа кеманахь 239 пассажир хилла хилар.
***
Гаагехь дIахьон йолчу ворхI пачхьалкхан Саммитна кечамбар чекхдаьлла. Цигахь йийцаре ян лерина ядерни проблема.
***
Италин арахьарчу гIуллакхийн министра дIахьедина: «Россина дуьхьал санкцеш яро вуон тIеIаткъам бийр бу Евросоюза юкъахь йолчу пачхьалкхашна».
***
Украинан къилба-малхбалехь дIайоьлхуш митингаш ю. Цигахь дакъалоцучара лоьху референдум дIаяхьийтар а, Украинах федеральни пачхьалкх яр а.
***
Белоруссин а, ОвгIанан а куьйгалло къобалдина ГIирма Республика а, Севастаполь а Россина юкъаяхар.
***
Лугански областерчу 100 эзар стага куьг яздина область Россех дIатохар доьхуш.
***
ГIирмерчу «Роза Хутор» курортехь токхам хилар бахьанехь 2 стаг кхелхина.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира мехкан премьер-министраца Д.Медведевца. Цара дийцира ГIирмина экономикин гIодаран хьокъехь долу гIуллакхех лаьцна.
***
Нохчийн Республикин Парламентехь тIеэцна 2014-чу шарна йолу бюджет алсамъяккхар билгалдеш долу республикин закон.