«Беза ненан мотт…»

  Вайн республикехь хIора шарахь шуьйра билгалдоккху Нохчийн меттан де.  Гуьмсан муниципальни районан дешаран урхаллин белхахоша Джамалаева Амината а, Шалаева Ларисас а бовзийтира цу декъехь шаьш беш болу болх.

Дешаран урхаллин хьаькам Куразова Малика ю. Цо чIагIйина Нохчийн меттан денна лерина хIокху шеран апрель баттахь дан дезачу гIуллакхийн план. Иза районерчу ерриге а школашка дIаяхьийтина. Цу юкъахь ду: Нохчийн меттан кIира а, Нохчийн мотт а, литература а кхиош болчу яздархошца, поэташца, Iилманчашца, культурин а, искусствийн а гIуллакххошца, журналисташца цхьаьнакхетарш а дIадахьар; Нохчийн меттан тоьлла кабинет билгалъяккхар; бевзаш болчу нохчийн яздархойн а, поэтийн а книгийн гайтам дIабахьар. «Лара шайн культура, Iадаташ, беза ненан мотт», «Орга», «Вайнах», «СтелаIад» журналаш вай долчу хьошалгIахь» классал арахьара сахьташ дIадахьар. «Тоьлла литературин альманах», «Вайн мехкан яздархой, поэташ», «Ненан мотт – нохчийн къоман аз» нохчийн меттан сочиненин а, «Нохчийн мотт – аганан илли» ешархочун (ша язйина байт ешар) а конкурсаш дIаяхьар.

«Ша балха еанчу хIокху масех шарахь дуккха а керланиг юкъадалийна М.Куразовас, – бохура А.Джамалаевас. – Масала, совгIатан меттигаш яьхначу берашна кубкаш ялар, дуккха а кхидерг. Муьлхха а тхан хилла йолу ойла шена йовзийтича, иза кхин а хаза хир йолу агIо юьйций тхуна гIо до цо. Фестивалехь, конкурсехь беро даг чу юьжуш байт ешнехь, шегара ахчанца совгIат дой, берана хазахетарг дан хьожу иза. Цунна уллохь долу тхо цуьнгара масал оьцуш, тхайн болх тобеш схьадогIуш ду. Районерчу ерриге а школашкарчу нохчийн меттан, литературин хьехархоша а, бераша а доггаха къахьоьгу. Шо-шаре мел дели а тIеттIа хаза хуьлу цара язйина сочиненеш, байташ, и.дI.кх.  Цкъа юкъаозийча цу юкъара дIадовла ца лууш хуьлу бераш».

Бераша бинчу белхийн мах хадор бу  вовшахтохараллин комитето. Жюрина юкъахь бу: Гуьмсан районан нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо Абдуразаков Шертбек, районан Дешаран урхаллин хьаькам Шалаева Лариса, оццу Урхаллин коьрта говзанча Джамалаева Аминат.

«20-чу апрелехь Гуьмсерчу Берийн кхоллараллин цIийнехь дIахьур ю фестиваль, – элира Л.Шалаевас. – ЦIийнан уьйтIахь, хьалха заманахь нохчийн хилла дахар довзуьйтуш, дIахIиттийна четарш хир ду, шайн-шайн школин цIерш йолуш. Цигахь дIалур ду тоьллачарна совгIаташ».

 

Л.ДАУТОВА

№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: