Масех де хьалха А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь схьабиллира Нохчийн Республикин хьакъйолчу художникан Даудова Фатимин суьртийн гайтам.
Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина бара художникан гайтам.
Иза схьабоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Художникийн союзан председатель Умарсултанов Ваха, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо Керимов ИбрахIим, Соьлжа-ГIалин кхузаманан искусствон туьшан директор Адуева Iайшат, Нохчийн Республикин хьакъболу художникаш Заураев Вахит, Пашаев Абу, Дадакаева Элита. Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан хьехархойн университетан изобразительни искусствон отделенин хьехархой, студенташ, искусство езархой, художникан накъостий.
Книгийн графикин жанрехь болу гайтам а, художникан-говзанчин гайтам а шаьш долчу библиотекехь дуьххьара схьабоьллуш хилар билгалдаьккхира Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас.
Хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, С.Исраиловас бовзийтира Даудова Фатимин дахаран а, кхоллараллин а некъ. Иштта, В.Умарсултановс Ф.Даудован цIарах элира: «Дукха жима йолуш евзина суна Фатима. Художникашна юкъахь къаьсташ а ца хуьлура дукха жима хиларна. Ткъа тахана Дуьненаюкъарчу гайтамашкахь а дакъалоцу хIокхо дохкучу суьрташа.
Хьалхара тIом дIабирзича Фатимас шен гайтамна тиллина цIе «Елла гIала» аьлла яра. Ткъа хIинца книгийн графика «ДIаяханчу замане трамвай» аьлла ю. Фатимин суьрташ Россин Федерацин коьртачу музейхь, Третьяковски галерейхь а хилла. Иза доккха дозалла ду. Кхане кхин а юьхькIоме, кхиаме хинйолу художник ю хIара. Ас хазахетарца хаам бо Россин Федерацин Художникийн союзо Фатима керла гайтам схьабелларца декъалъеш Диплом даийтина хиларан хьокъехь. Дала тIаьхье беркате йойла!»
Вайн республикин художникашна юкъахь ханна уггаре а воккха ву Заураев Вахит. Цо олу дош мехала а, маьIне а ду: «Изобразительни искусствон байракх нохчийн художникашлахь-зударшлахь дуьххьара хьалаайбинарг Даудова Фатима ю. Россерчу а, Дуьненаюкъарчу а гайтамашкахь хьалхара меттигаш йоху цуьнан белхаша. Италехь хиллачу гайтамехь хьалхара меттиг яьккхира цо 2013-чу шарахь. Шен (персональни) гайтам Третьяковски галерейхь схьабиллина дуьххьарлера нохчи ю Ф.Даудова». Керимов ИбрахIима дийцира ша Фатимин кхолларалла дукха хенахь дуьйна тергалъеш, лоруш хиларх: «Фатимин суьрташкахь сан жималлин гIала ю. Графика жанрехь къахьегар кIезиг хIума дац. Хууш ма-хиллара, книгийн графикца а къахьоьгуш ю художник, цуьнан суьрташкахь цхьа Соьлжа-ГIала хилла ца Iа, цо кхузаманан проблемаш гойту шен суьрташкахь.
Хазалла а, лазам а, кхайкхам а бу цуьнан суьрташкахь. Академин Президента Гапуров ШахIруддис Сийлаллин грамота елла хьуна шен цIарах дIало аьлла. Керла кхиамаш, керла суьрташ дуккха а хуьлда хьан дахарехь. Дала аьтто бойла!».
Фатимин белхан накъост, гIоьнча хилла схьавогIуш ву художник Пашаев Абу. Цо дагалецира яханчу хенахь болх бан хьелаш доцуш шаьш дина гIуллакхаш, вовшахтоьхна хилла гайтамаш: «1996-чу шарахь цхьа а гIишло яцара гайтаман зал я чоь йолуш. Соьлжа-ГIалахь эрна арахь бира Фатимин суьртийн гайтам. Россехь йолчу художникийн пхьалгIанашкахь а доьшуш, болх беш цхьаьна хилла со Фатимица. Иза оьзда йоI ю, вайн къоман гIиллакх-Iадат лоруш. Хьекъал а, кхетам а цхьаьнабогIуш верг генна дIавоьду шен кхиамехь. Вай тешна ду Фатима дуьненахь а евзаш художник хилла зама йогIур ю бохучух».
Гайтаме баьхкинчарна баркалла элира Фатимас. Цо совгIат дира ша леринчу Къоман библиотекина суьрташ даларца.
Гайтаме диллинарг 35 сурт ду. Искусство езархойн а, республикин хьешийн а аьтто бу Нохчийн Республикин хьакъйолчу художникан Даудова Фатимин суьртийн гайтаме кхача.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Ф.Даудован суьртийн гайтам
№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо