Говза журналист, яздархо, оьзда стаг
ДIадаханчу бIешеран 44-чу шарахь нохчий, гIалгIай махках баьхна, Юккъерчу Азе а, Казахстане а дIабохуьйтучу хенахь дукхах болу нах вовшех, доьзалех, гергарчарех къастийра. ДIабахийтина масех шо даьллачул тIаьхьа, балха а нисбелла, чубаха меттиг а хилла, мелла а когахIиттича, йиша-ваша, гергарнаш леха буьйлабелира нах. Оцу муьрехь тхан дена а хезира Алма-Атарчу, Консервни заводан районехь бехаш тхан гергарнаш бу, аьлла. Цул тIаьхьа дукха хан ялале со а, тхан да а вахара цига. Уьш бара тхан ден ненахой болчу вежарийн Элимбаев Хьамидан, Индербиев Iамарбекан, Нашхоев Манцин доьзалш. Дуьххьара цига ваханчохь вевзира суна Манцин кIант, сайн гергара стаг Нашхоев Руслан. ХIетахь дуьйна гергарлонан зIенаш, доттагIаллин уьйраш ца хадош схьабаьхкина со а, тхан доьзалш а. Ткъа цхьана хенахь «Ленинан некъ» газетехь Русланца цхьаьна болх беш а хилла.
Тхойшиъ дуьххьара цхьаьнакхеттачу хенахь Руслан Алма-Атарчу №13 йолчу школехь доьшуш вара. ГIалахь вехаш волу Руслан дешарх дика кхеташ вара. Ша жима велахь а, цуьнан лелар шатайпа оьзда, лерина дара, арахь ловзарш кIезиг дара. Доцца аьлча, хан эрна дIаоьхуьйтучарех вацара иза. Цул сов, цуьнан дика кхиамаш бара спортехь а. Шен девешин кIантаца Индербиев Iимранца цхьаьна гимнастикехула районан а, областан а, республикин а къийсадаларшкахь дукхазза а хьалхара меттигаш йохура цо.
Школа чекх а яьккхина, 1955-чу шарахь Казахски пачхьалкхан университетан журналистикин факультете деша вахара Руслан.
Цу хенахь нохчийн къомах стаг наггахь а деша дIа ца оьцура, университете хьовха, могIарерчу юккъерчу лерринчу дешаран заведене а. Амма, Русланан лаккхара хаарш хиларна, иза дIаийцира цига.
Университетан дахарна сихха юкъавахара жима стаг. Юкъараллин дахарехь жигара дакъалаца а волавелира. Цул сов, Абайн цIарах йолчу Казахски пачхьалкхан академически оперин, балетан театран солиста З.Райбаевс куьйгалла деш хиллачу университетан Нохч-ГIалгIайн хелхарийн ансамблан дакъалацархо хилла ца Iаш, староста а вара Руслан.
Университетехь дешар шардаларца ша яздан волавелира Руслан. Кест-кеста вогIура иза, оцу хенахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газете, ша язйина материалаш йохьуш (хIетахь со а вара оцу газетехь болх беш). Студентийн дахарх, бевзаш болчу нахах, гIалин, республикин мехалчу гIуллакхех лаьцна цо язйина материалаш говза кечйина а, тема хаарца хаьржина а, юкъараллина чIогIа оьшуш а хиларна хьем ца беш, зорбатухуру газетехь. Редакцин куьйгалло тхуна, белхахошна, шайх Iама масал дина, гойтура къоначу студента язйина очеркаш, зарисовкаш, статьяш. Оцу хенахь хинволчу журналистан материалаш арайийла юьйлаелира «Казахстанская правда», «Алма-Атинская правда», кхечу газеташкахь.
1957-чу шарахь, КАЗГУ-н ши курс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Уральски пачхьалкхан университетан журналистикин факультете деша вахара Руслан. 1960-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхира цо.
Цул тIаьхьа Свердловскехь, Новосибирскехь, Хабаровскехь газеташка а, радио а тайп-тайпанчу дикачу меттигашка балха кхайкхира иза. Амма меттахIоттош йолчу вайн республикин экономика а, культура а кхиорна шен дакъа юкъадилла боккха лаам хиларца, цу хенахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь отделан заведующи волчу шен дукха хенахь дуьйна хьехамча хиллачу Габисов Бийсолтас магорца, Нохч-ГIалгIайчу схьавеара Руслан.
Юьхьанца цо болх бира «Ленинан некъ» газетехь. Школехь цкъа а нохчийн мотт Iамийна воцчу Русланна хьалхарчу муьрехь чIогIа хала дара ненан маттахь арадолучу газетехь болх бан. Цо чIогIа баркалла бахарца дагалоьцура хIетахь коллективана юкъаварехь, журналистан корматалла шаръярехь, ненан маттахь яздан Iаморехь шена доккха гIо дина болу газетан белхахой: Хасмагомадов Хьамид, Саракаев Азамат, Чалаев Билал, кхиберш.
«Ленинан некъ» газетехь ша болх бинчу шийтта шарахь Р.Нашхоевс бIеннаш очеркаш, статьяш, репортажаш, рецензеш, корреспонденцеш язйира. Уьш газеташдешархоша чIогIа хазахеташ, тIе а оьцура.
1972-чу шарахь КПСС-н ЦК-хь йолчу партин Лаккхарчу школе деша хьажаво Руслан. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа, цигахь цо даккхий хаарш гайтар тидаме а эцна, циггахь аспирантурехь деша сацар магийра. Вовшашна экономикин агIор гIодаран Советан (СЭВ) журналан коьртачу редакторан меттиг а, кхин белхаш а кховдийра цуьнга. Амма Руслана сацам бира республике юхаверза.
1974-чу шарахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман бюрохь обкоман зорбанан, телевиденин, радион секторан заведующин, цул тIаьхьа, цхьа шо даьлча, обкоман пропагандин, агитацин отделан заведующин хьалхарчу заместителан балха вахийтира Руслан. Ша цигахь волчу хенахь цо доккха дакъалецира вайн республикин дахарехь мехала маьIна долу дуккха а документаш арадахарехь. Редакцехь балхахь долчу тхуна хаалора секторан кабинеташна чуьра арадолуш долу муьлхха а документ гIуллакхан ерриге а агIонашна боккха тидам тIебохуьйтуш, говза кечдина хилар. Цул сов, тхуна, шен хиллачу белхан накъосташна, доккха гIо а дора цо: хьехамца а, гIуллакхца а.
1992-чу шарахь Макка ХьаьжцIа вахара Руслан.
Шен гIиллакх-оьздангаллица, оьшучунна мичча хенахь а гIо дан кийча хиларца, шен деган комаьршаллица, дахарехь шен гIиллакхашца, амалшца богIуш берш каро таро хуьлура цуьнан. Русланца уьйр-безам болчарна, массарна а девзаш дара цунний, дерриге а дуьненахь гIараваьлла хиллачу нохчийн хелхарчина Социалистически Къинхьегаман Турпалхочунна Эсамбаев Махьмуданий юккъехь хилла доттагIалла. И гергарло бахьана долуш цо арахийцира оцу воккхачу хелхарчех лаьцна йолу очеркаш, ткъа цул тIаьхьа книгаш а.
Къоначу яздархочун юххера гергарло дара нохчийн зударех дуьххьарлера летчица хиллачу Насуханова Лялица. Руслана иза республикин бахархошна йовзийтина ца Iаш, дозанал арахьа а йовзийтира республикин «Грозненский рабочий» газетехь «Зуда-ламанхочун нуьцкъала тIемаш» цIе йолу очерк зорбатохарца. Араелира цунах лаьцна книга а. Ткъа «Объединенная газета» тIехь, Ляля еллачул тIаьхьа, 2001-чу шеран майхь Руслана язйо «Къонаха, безамехь» аьлла йолу очерк.
Вайн республикехь тIом болабеллачу хьалхарчу муьрехь, шен белхан декхарш кхочушдеш, Соьлжа-ГIалахь висира иза. ХIетахь Руслан «Россия» газетан Кавказехула волу корреспондент вара. Бакъду, оцу хенахь дагахь доццург хилира.
Цкъа Нохчийн Республикехь хиллачу территориальни урхаллин пресс-службин куьйгалхо хилла Хь.Юнусов волчу чу ваханчу хенахь цIеххьана чIогIа эккхийтар дина, чевнаш йира Русланна. Амма больницехь чевнаш дIа а ехкийтина, охьавижа боххушехь, дIавахара иза. Шена хиллачу чевнел хьалха дара цуьнан дан деза гIуллакхаш – иштта яра цуьнан амал.
Цул тIаьхьа Р.Нашхоевс белхаш бира вайн республикин «Автодоран» пресс-службехь а, Москвахь «Даймехкан серло» газетан коьрта редактор, «Объединенная газетан» редакторан заместитель хилла а. Ткъа 2002-чу шарахь дуьйна шен тIаьххьарлерчу деношка кхаччалц «Нурэнерго» ОАО-н юкъараллица а, шуьйрачу хаамийн гIирсашца а йолчу зIенийн отделан куьйгалхо Iийра иза.
Ша муьлххачу балхахь хилча а, Руслан гуттар а ша дечу гIуллакхана керланиг юкъадало гIерташ, лехамехь, кхоллараллин ойла еш вара. 2006-чу шарахь Нохчийн Республикехь а, Россехь а кхузаманахьлерчу хьелашкахь дуьххьара, «Нурэнерго» ОАО-н юкъараллица а, шуьйрачу хаамийн гIирсашца а йолчу зIенийн отделан коьртехь а волуш, Руслана кеч а йина, арахийцира «Хьалха хилларг а, хIинца долуш дерг а» цIе йолу книга. Цу тIехь дуьйцу 1895-чу шарахь Нохчийчохь электроэнергетика йилларан а, вайн деношка кхаччалц тайп-тайпанчу муьрашкахь цуьнан хиллачу кхолламан а хьокъехь. Оцу кепарчу изданийн Дуьненаюкъарчу конкурсехь диплом а, хьалхара меттиг а елира иза язйинчу Р.Нашхоевна.
Шен хIора дийнахь болу болх бина ца Iаш, яздархочо, журналиста дуккха а ницкъаш а, хан а дIалора кхоллараллин балхана. 2002-чу шарахь зорбатоьхна араяьлла «Пхьарматан къайленаш. Тамашийна долчух лаьцна къамелаш» цIе йолу книга. Иза шатайпа Iилманан болх бу. Арахеца кечдеш дара книгин шолгIа дакъа. Амма иза арахеца ца ларийра Руслан. Иза кхелхира 2010-чу шеран 5-чу майхь (вина 1936-чу шеран 20-чу апрелехь). Иза вайца воцу ялх шо ду. Билгалдаккха деза, Р.Нашхоевс тидам тIебохуьйтуш йолу, цуьнан кхоллараллин тематика тайп-тайпана хилла хилар. Муьлххачу а темина яздан хьуьнаре вара Руслан: цо лаккхарчу корматаллица яздора воккхачу хелхарчин М.Эсамбаевн кхоллараллех, цIеяххана евзаш йолчу нохчийн хьалхарчу летчицин Насуханова Лялин хьуьнарех, Кавказан къаьмнашна юккъехь хиллачу уьйрех, нохчийн ширачу исторех, иштта дIа кхечарах а лаьцна. Ешархоша чIогIа резахилла тIеийцира геолого-минераловодчески Iилманийн докторх Флоренский Павелах, медицинин Iилманийн докторх Митаев Сосламбеках, «Московски индустриальни банкан» президентах Арсамаков Абубакарх, цIеяххана вевзаш хиллачу Социалистически Къинхьегаман Турпалхочух Кагерманов Олхазарх лаьцна йолу Р.Нашхоевн очеркаш, статьяш.
Цуьнан хьанал болх дукхазза а билгалбаьккхира тайп-тайпана цIерш тахкарца а, совгIаташца а. Иза «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», «Нохчийн Республикин хьакъволу культурин белхахо», цIерш лелош вара. Цунна совгIаташ дира «За трудовую доблесть», «В.И.Ленин вина 100 шо кхачарна» мидалшца, Монголин «Найрамдал» («ДоттагIалла») мидалца, М.Ю.Лермонтовн мидалца, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Сийлаллин грамоташца, «Нурэнергон» грамоташца.
Говза журналист, яздархо, оьзда, гIиллакхе стаг вара Руслан.
C.МАГОМАЕВ
Иза сайна вевзина хиларх воккхаве со
Нашхоев Руслан суна вевзира 2000-гIа шо дIадаьллачул тIаьхьа, Нохчийн Республикин энергетикин комплекс меттахIотточу хенахь. И мур регионан экономикин мехала дакъа долу электроэнергетика когахIотторан а, кхиоран а уггаре а халачарех цхьаъ бара.
ХIетахь Руслан «Нурэнерго» ОАО-н шуьйрачу хаамийн гIирсашца цхьаьна гIуллакхаш даран службин хьаькам вара. Цуьнан куьйгаллица керлачу тIегIане даьлла, тоделира ОАО-на хаамашца кхачояр. ДIахьора пресс-конференцеш, арахоьцура пресс-релизаш, вовшахтуьйхира юкъараллин шен сайтан болх, арахийцира Нохчийчоьнан энергетика кхоллаяларх а, кхиарх а лаьцна книга.
Русланан гIуллакхаллин дикаллех лаьцна дуьйцуш хилча, билгалдаккха деза, иза лаккхара корматалла йолуш белхахо хилла хилар. Оьзда стаг вара. Уггаре а чолхечу хьелашкахь цунна хаьара нийса сацам тIеэца. Стаг вевзаш я гергара вара аьлла, озабезамаш ца бора, цо гуттар а нийсо лоьхура. Шен болх хьанал, кхоллараллица кхочушбора, цхьаннах а возуш воцуш, шен дош а, шена хетарг а, ойла а йолуш вара. Цуьнца гуттар а атта дара дагара дийца а, белхан гIуллакхех лаьцна дагавала а.
Масех дош ала лаьа Русланан кхоллараллех лаьцна. Муьлххачу а темина язъян хьуьнаре вара иза. Говза яздархо хилла ца Iаш, белхан доккха зеделларг долу журналист а вара Руслан. Тайп-тайпана яра цуьнан кхоллараллин тематика. Цо книгаш язйира дерриге а дуьненахь вевзаш хиллачу хелхарчех Эсамбаев Махьмудах, нохчийн дуьххьарлерчу летчицех Насуханова Лялех лаьцна. Социалистически Къинхьегаман Турпалхочух Кагерманов Олхазарх, кхечарех лаьцна очеркаш, проблемни, публицистически статьяш язйира. Уьш ерриге а чулацаме а, хIинца а доккха маьIна долуш а ю.
Дуккха а баланаш лайначу Нохчийн халкъо а санна, Руслана хала лайра тIеман муьрехь вайна тIехIоьттина бала, халонаш. Амма ца вухуш, яхь дIа ца луш, къонахаллица чекхвелира иза царах. Цу тIехь цунна дика накъост, хьехамча, йоккха гIортор хилла чекхъелира цуьнан хIусамнана Лиля. Иза Русланна чIогIа муьтIахь, шен цIийнда даггара лоруш, сий деш, эшахь, цунна хьалхара яла а кийча яра.
Руслана а, Лиляс а кхиийна шаьш санна дика, оьзда доьзал. Церан кIант Мохьмад лаккхара корматалла а йолуш лор ву. Иштта лаккхара дешар чекхдаьккхина, тайп-тайпанчу дикачу белхашкахь бу йоIарий а.
Со кхолламна баркалла бохуш ву, цо сайна Руслан вовзийтарна. Цо йоккха хазна юкъайиллина нохчийн журналистика, литература кхиорна. Оьзда, дика стаг, юкъараллин деятель, дахаран дерриге а дакъошкахула даккхий хаарш долуш вара Нашхоев Руслан. Дала декъал войла иза!
АСЛАХАНОВ ГИРИХАН,
«Чеченэнергон» белхахошца бечу белхан урхаллин хьаькам
Суна деза дара цуьнца хилла гергарло
ХIора стеган дахарехь цхьа къилба хуьлу, цуьнга кхача, цуьнга нисвала лууш. Иштта къилба хилла суна Нашхоев Русланан дахар а, кхолларалла а. Со масал эца гIиртина цуьнан оьздангаллех а, собарх а. Суна деза хилла цуьнца долу гергарло. 20 шо хан яра тхойшинна юккъехь. Эшначохь да вара суна Руслан, юха ваша, тIаккха нийса накъост а. Цунна иштта хила хаьара. Диканан да вара иза, шен лаамаш юха а теттина, хьуна дика дан кийча вара. Тхойшиъ вевзаш хиллачу, тхойшиннан синан гергарло схьадеанчу 33 шарахь а вара. Со тахана а иэсехь дагавуьйлу синъоьздангаллин бIов хилла лаьттинчу Айдамиров Абузарах, дан леринарг цуьнан хьежамашца дустуш. Ас хIинца а ларбо боккхуш болу ког, Джанаралиев Iимрана лийринчу гIиллакхашца бустуш. Ткъа тахана Русланца а иэсехь дагавийлар диси…
Нохчийн барта кхоллараллехь, уггаре а ширачу дийцарехь Пхьармата адамашна еана цIе хIинца а йогуш ю вайн кхерчашкахь. И дийцар дукхадезара Русланна. «Бакъволчу нохчичун цIийца ю Пхьарматан амал – шен къомана, махкана дика дан лаар», – олура цо. И амал, книги тIехь йийцина а ца Iаш, шен дерриге а дахарехь гойтуш чекх а велира Руслан.
ЮНУСОВ Хьамзат, Къоначу корреспондентийн школин директор
Доьналла долуш, безамехь стаг яра Ляля
(Очерка тIера дакъош)
… Йоккхачу АтагIна, Соьлжа-ГIалина, гуонахарчу ярташна, лаьмнийн некъашна тIехула тIома даьлла, сиха хахкаделла доьду болатан олхазар. Цунна урхалла деш ю Насуханова-Битарова Ляля Андарбековна, нохчийн къона йоI, ДОСААФ-н летчик-инструктор, коммунист. Стиглахь массарел а сиха а, лакхахь а лела курсанташ Iамош ю Ляля.
Дуккха а халонаш нисъелира нохчийн къоначу йоIана хьалха, амма цхьана а ницкъе юха ца яккхаелира иза ша юьхьарлаьцначу новкъара. 1957-чу шарахь, тахана а санна, наггахь бен дIа ца оьцура мехкарий хIаваакема лело Iамо. Амма Ляля юха ца йолуш хиларо кхачийра шен Iалашоне.
Цкъа а ца дицлора цунна хIаваакеманна ша урхалла а деш, ша стигал ялар. Лаьттахь тIеттIа сихлуш мелла а дIадаханчул тIаьхьа «Як-18» тIаьхь-тIаьхьа лакхадолуш ду. Кабинел арахьа бу доза доцу стиглан хIорд. Масех гуо боккху. ХIаваакема дика ладугIуш ду, прибораша цхьанаэшшара болх бо.
ХIаваакема лаьтта охьадосса охьалахло, чкъургаш яйн лаьтта тIе кхочу. ТIаьхь-тIаьхьа лагIлуш дIадоьду, тIаккха кема соцу. Задани кхочушйина.
ДIаделира ши шо. Л.Насуханова Саранск гIала кеманашна урхалладаран-техникан коьртачу школе деша яхийтира. ТIехдика дийшира, парте а елира. Дика карадерзийра теорин а, практикин а хаарш. Муьлхха а хенан хIоттам хилча а, массо а тайпанчу кеманашна тIехь лийлира. Цуьнан хьуьнарийн хьакъ ма-дду мах хадор дара тIехдика дешна, цунна делла летчикан-инструкторан диплом.
«Аркъал пилотаж» – хIун ю хаьий шуна?
Иза хIаваакема, чкъургаш лакхахь а йолуш, аркъал доьду бохург ду. 4–5-зза алсамйолу дегIан йозалла. Корта охьанехьа а болуш, доьхкаршна тIехь дукха кхаьзча, белшашна тIехь даьIнаш хуьлу. Кеманна урхалла дар чолхе долу, хIунда аьлча нийса хиъна а Iаш, дан Iеминарг нийсса бIостанехьа дан дезаш хиларна.
Махачкаларчу аэроклубехь курсанташ Iаморца цхьаьна Ляляс караерзайора и чолхе кеп а.
Ма-дарра аьлча, цо тренировкаш йора космосан программица ала мегар долуш. Iуьйранна 6 сахьт даьлча хьалагIоттура. Iуьйренан гимнастика, лаьтта тIерачу снарядашна, батута, кхечу гIирсашна тIехь еш йолу упражненеш… Цул тIаьхьа – хIаваакеманахь стиглахь лаккхарчу пилотажан кепаш кхочушъяр. Ишттачу къинхьегамна хьакъ долу совгIат дара летчикашна юкъахь аркъалчу пилотажехула къилбенан зонин чемпионатехь хьалхара меттиг а, чемпионан I-чу даржан диплом а далар. Куйбышевехь божарех 36 летчикал хьалха а яьлла, леррина долу дато совгIат дира цунна.
1963-чу шеран сентябрехь Москвахь хилира хIаваакеманийн спортехула долу Ерригсоюзни къийсадаларш. Зударий бара божаршна лерина йолчу лаккхарчу пилотажан программехь дакъалоцуш.
Суьдхойн коллегис Насуханова Лялина кхоалгIа меттиг магийра. Цунна йоьзан мидал а, СССР-н спортан юкъараллин Союзан Коьртачу советан диплом а делира. Дашо мидал яьккхина йолчу Москвара Р.Шихина Лялясчул 0,7 очко бен сов яьккхина яцара.
Къийсадаларш долчу хенахь летчикаш болчу веара Николаев Андриан. Цо боккха тидам тIебахийтина къамел дира Лялица, цо кеманна урхалла деш тергам бира космонавта. ТIаьхьа турпалхочо «Грозненский рабочий» газетана ша еллачу интервьюхь башха дешнаш элира: «Сой, Валий чIогIа даккхийдеш ду нохчийн дуьххьарлерчу зуда-летчицас Насуханова Ляляс бохучу кхиамех. Цул хьалха а дуккха а хезнера тхуна Нохч-ГIалгIайн кегийрхойн къонахаллех, стогаллех лаьцна. Дукха хан йоццуш лаккхарчу пилотажехула хиллачу къийсадаларшкахь со Лялица цхьаьнакхийтира, иза иштта хиларх тийшира со.
Москвара Ляляс совгIаташ деана ца Iаш, шен коллегашкара уьйр-безам а, тренершкара сий-ларам а беара. Иза Советийн Союзан вовшахтоьхначу командина юкъаяхийтира. Дуьненан къийсадаларшка Испане яха виза а кечйинера, амма цу къийсадаларшка яхар ца хилира – Ляля доьзалхочух яра.
Лялин а, Асланан а гIиллакх хилла дIахIоьттинера шаьш кхетош-кхиийначаьрца аэродромехь, классашкахь цхьаьнакхетта ца Iаш, дуьххьалдIа цхьа накъостий хилла стоьла хьалха, доьзалехь цхьаьнакхетар а. Суна дагайогIу да-нана доцуш хиллачу ша кхетош-кхиийначу цхьана оьрсийн кIантана Ляляс ша да а хIоьттина, зуда ялийна хилла меттиг. ХIинца цаьргара кест-кестта кехаташ кхочу, ший а ирсе дехаш ду и шиъ.
Суна Ляля гира аэродромехь кеманца хIаваэ ялале хьалхха – тIехь летчикаша лелон тIаьрсиган куртка а, коьртахь шлемофон а, кога юьйхина унташ а йолуш. Лекхачу дегIахь, куьцехь, товш, каде йолчу цо шена тIе тидам бохуьйтура. Суна Ляля гира доттагIашна юккъехь, цо ша говза тегна йолу хаза коч юьйхина; иза забарш еш, сакъералуш яра, самукъане, къегара цуьнан Iаьржа бIаьргаш. Евзаш йоцчунна моьттур дара иза гIараяьлла пианистка ю: каде, хаза дара Лялин куьйгаш! Мукъамах дуьзна дара цуьнан «тIома яьлча санна» дайн меттахъялар. ХIинца Ляля чохь лелон фартук юьйхина ю – тIаккха а товш ю иза. Тхуна хьалха ду цо кечдина мерза жижиг-галнаш.
Дуккха а шераш ду суна иза евза, хIуъа дича а, со тамаш бина ца волу и къона, безамехь зуда а кхузаманахьлерчу хIаваакеманна тIехь урхалла деш хиларх! ХIора дийнахь долчу дахарехь иза, кхиберш санна, товш, хаза, безамехь зуда ма ю. ТIехдика хIусамнана, тидаме доттагI, кIеда-мерза, лехаме нана. Оцу ерриге а дикаллашкахь шега безам бохуьйтуш ю иза…».
НАШХОЕВ РУСЛАН
№45, еара, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2016 шо