Цу хенахь школехь дешархо яра со, цхьана аьхкенан дийнахь лекхачу дегIехь, оьзда куц-кеп долуш цхьа воккха стаг веара тхан керта. РагIу кIелахь Iачу тхан дега, нене хьал-де хаьттина ваьлча, ша деана гIуллакх дийцира цо. «Вайн юьртахь, урам-новкъахула соьналла кIезиг ю. Ас дехар дора шуьга, кетIахь шайн декъан дохалла синтарш дIадегIахьара аш! Вайн хIаваъ цIена а хир дара, уьйтIа чан а хьийзор яцара, ураман куц бIаьргана ган тамехь а хир дара. Дитт хьалакхио шераш деза». Бер долчу суна а «Ма дика адам ду иза» аьлла дагадеара. И стаг мила ву ца хаьара суна, амма рогIера Толаман де – 9-гIа май тIекхочуш вайн кетIахула, Шелан майдана агIорхьа тIемалойн-ветеранийн йоккха тоба охьайолаелира. Царна юкъахь вара хьастагIа тхоьга веана стаг. Иза Шелин юьртда Юнусов Ваха хиллера.
Шеларчу Юнусов Юнусан а, Масаран а кIант Ваха дуьнен чу ваьллера 1922-чу шарахь.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, 19 шо хан йолуш, жима стаг хилла иза.
Жималлехь дуьйна харцо ца езаш, гIийланиг хьийзавар стогалла ца хеташ, майраллех вуьззина волу Ваха, шен накъосташца Шеларчу Эльнакаев Башиций, Мусханов ШахIидций, Магомадов Iабдул-Хьалакъций цхьаьна эскаре вахара 1941-чу шеран 13-чу июлехь. ТIом болабеллачу деношкахь Генарчу Малхбалера Совгавань гIала кхечира иза. Цул тIаьхьа 8 бутт баьлча Сталинграде. Цигахь йолу тракторийн завод стратегин маьIна долуш, СССР-н куьйгаллин тидамехь яра, хIунда аьлча, иза тIеман гIирсаш барна кечйина яра. И завод мостагIех ларъян езаш яра. Цул тIаьхьа Курск гIалахь хиллачу тIаме кхечира Ваха, иза пулеметчик вара, гIашлойн-пулеметни полкехь.
1943-чу шарахь минометчик хилира иза. Смоленск гIала йоккхуш тIемаш бира церан полко. Белоруссехь 62-чу Эскаран командующи вара Инарла Еременко. Польшина а, Германина а юккъехула охьадоьдучу Одер хин бердайистошкахула къиза тIемаш хилира. Польша фашистех паргIатъяьккхича, Германехула чекхбевлира уьш, Берлин гIала кхаччалц луьра тIемаш а беш.
Хала, къиза даьхкира тIеман шераш. Жиманиг воккхавора тIамо, воккханиг хеназа къанвора.
Йоккхачу Россера Германин шахьаршка кхаччалц тIеман хала дукъ дIакхийхьира Вахас. Минск, Витебск, Смоленск, кхин йолу гIаланаш мостагIех паргIатйохуш, доьналлица тIом бира.
1944-чу шарахь Москвана гергакхочуш еза чов йо цунна. Цул тIаьхьа иза 618-чу полкехь Польша фашистех паргIатйоккхуш тIом беш чекхволу. Уггаре а хала меттиг Польший, Германий йоькъуш, схьадогIучу Одер хина йистехь нисло. 1945-гIа шо юккъе дахча Шела цIавеара иза, Ваха тешаш вацара вайнах цIерабаьхна бохучух. ТIамера схьавеана волу хIара юха эскаре дIаваха лууш хьаьвзира. Шеларчу Iедална коьртехь болчара милицина белхахо оьшура, аьлла дехар дина, оперуполномочени балха вахара. Амма цхьалха дара цIахь. Балхах самукъа ца долура. 1947-чу шарахь кхидIа детта са а ца хилла, Iедале дехар дира Вахас ша Казахстане дIавахийтар доьхуш. Цуьнан дехар кхочушдира. Иза дIакхаьчна 2 кIира а далале кхелхира церан нана Масар.
Толаман де, 9-гIа май, гергакхочуш, схьабийца атта боцу сингаттам тIебогIу – 2005-чу шеран 23-чу мартехь бакъдуьнена вирзина шайн да Ваха карлаволий, цуьнан доьзална а, берийн берашна а, иза вевзаш-везначарна а.
Юьртахь товш воккха стаг вара Юнусов Ваха. ГIиллакхаш хаза долуш, жимачуьнца а, воккхачуьнца а бийца мотт болуш вара. Цундела иза дIаваьлча юьртана тIедеара вуон. И саннарг, юьртана эшна ца Iаш, махкана а эшна даима а. Ишттачарех къонахий аьлла нохчаша.
Зама гена мел ели а, карлабуьйлуш, дийцаршкахь, масалшкахь беха уьш, хIунда аьлча, нохчийн халкъ довр дац ша жимдаларх, амма цу къоман къонахий дIабовлахь, мел дукха рицкъано а дан амал доцу къел хIуттур ю къоме!
Кхин а ду бакъ. Къонах дIаваьллачохь йоккха киртиг йолу, ткъа лар, иза цкъа а ца йов.
1962-чу шарера 1984-гIа шо кхаччалц Шелахь юьртда лаьттира Ваха. Атта дацара советийн Iедална а, нохчийн Iадаташна, гIиллакхашна а юккъехь латта, шен юьртахойн дагтIера ца вужуш, хьанал чекхвала.
Цхьа де а ца деара иза шен юьртахошца гIиллакхех воьхна. Юьртахь мел дан дезачу гIуллакхна дог лозуш, сема стаг вара иза. Адамийн хьовха, акхаройн а, Iаламан а бала кхочуш хуьлура иза.
Цунна чIогIа новкъа дара юрт йоькъуш Шелахула охьадоьду Бас, Джалкх хиш наха бехдар. Урам-некъ дикачу хьолехь латтор а мелехь дуйла хаьара цунна. Шен ков-керт лардеш волу хIусамда санна, юьртара тIай, некъ, бежанийн хьаьрма, школийн уьйтIе, кешнийн керт, шовданаш, дерриге а шен тергонехь латтош юьртда вара иза. Цхьана дийнахь Шелара АтагIа боьдучу новкъахула Соьлжа-ГIала воьдучу Вахина гина хиллера Шела йистехь машен тIера нехаш охьаюхкуш воллу цхьа жима стаг. Дог даьттIа, шен машен сацийна, цунна тIевахана хилла Ваха. Со юхаверзале хIара нехаш дIайохур ю ахь, къонах! Кхин ма гайталахь хьо иштта дерг деш! Ма бехъелахь вайн бежанийн хьаьрма! – аьлла дIавахана хиллера иза. Суьйранна иза юхавогIуш цигахь нехаш ца хилла.
Шелахь ехачу цуьнан хIусамнанас, Юнусова Сацитас, тхан дехарца масех дош элира шен цIийнда дагалоцуш: «Ямартло, сийсазалла, малар ма чIогIа ца дезара цунна адамашкахь.
Къинхьегам а, цIеналла а яра цунна шегахь а, нахехь а оьшург. Даима а къахьега лууш вара иза. Шен доьзале а къахьоьгуьйтура цо, ша а ца Iара хан эрна йойъуш. Цо олура: «Юьртахь а Iаш, даьхни а ца лелош муха вехар ву? Ма йоккха ледарло ю доьзал хецна, къинхьегамна тIе ца берзош вахар». Цкъа а цомгаш лелла вацара иза, амма вайн махкахь хиллачу тIемаша чIогIа дог дохийнера цуьнан. Шен дай баьхна латта бомбанаш, ракеташ етташ, хIаллакдеш гойтучул, уьттазза тIамехь хуьлуьйтур вара цо ша. ТIаьхьарчу шерашкахь вай Iеса довлар, маттах, Iадатех хердалар чIогIа халонга даьллера цунна.
Цуьнан дог-ойла айалора телевизор чохь Дагаев Валида, Дидигов Билухьаьжас иллеш олуш хезча. Шен берийн берашна чIогIа тIера вара иза…».
Цхьа шатайпа дозаллица воьдура иза Москва, Волгоград, Ростов, кхечу гIаланашкахь хуьлучу парадашка. Цунна езара уьш, мацах ша къевсина яьхна гIаланаш.
Дика доьзал кхиийра Вахас а, Сацитас а. Мидалш канаш юьззина йисина Вахин. Царна юкъахь ю «Германина тIехь толам баккхарна» «За отвагу», «Боевой славы» мидалш а, «Орден трудового Красного знамени» а, ткъа иштта 2000-чу шеран 9-чу майхь Москвахь ЦIечу Майданахь хиллачу парадехь дакъалоцуш елла «Толаман 60 шо кхачарна» мидал а. «Сталинградан тIеман дакъалацархочунна» мидал яла кхайкхира иза, амма могашалла хаьддачохь, севцира некъаш…
Зама генна некъ беш дIайоьду. Вахин берийн бераш тахана а Нохчийн Республикин пачхьалкхан тайп-тайпана учрежденешкахь белхаш беш ду. Шайн деда карлавуьйлу царна. Иза царна масал, юьхькIам бу.
Дуьнен чохь эрна ваьхна вацара иза. Цуьнан хIусамехь бусалба дин, нохчийн Iадат деха тахана. Ткъа иза цхьана а бахаме ца кхочу бахам а бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
ЮнусовгIеран доьзалан архивера суьрташ
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо