Баркалла шуна, лоьраш

Стеган оьздангаллин, догцIена хиларан  цхьа билгало ю шена дина дика гIуллакх диц цадар, цунна кхин дан гIо дацахь, баркалла алар.прол

Оцу ойланехь болчарах цхьаъ ю Соьлжа-ГIалин яхархо Гадаева Зулай.

2014-чу шарахь дуьйна могашалла галъяьлла  яра Зулай. Лоьраша тайп-тайпана диагноз а хIоттайора цунна (хондроз, грыжа, коьртаца лазар). ТIаьхьарчу хенахь Iасанашца бен дIа а ца яхалуш йисинера иза.

Заводской районан Киров поселкерчу Чатаева Гульнара заведующи йолчу №7 йолчу больнице Неврологин отделени кхечира Зулай. Цига шен-шен хеннахь охьа а юьжуш,  дарбанаш деш яра иза. Цуьнан лор-невролог Шамилева Лариса яра.

Оханан (апрель) беттан тIаьххьарчу деношкахь чекхъяьлла Зулайн дарбадаран кхоалгIа курс. ХIинца иза Iасанаш йоцуш лелаш ю, могашалла а дикка тоелла. Цо даггара баркалла боху шега дика хьаьжначу лор-неврологна Шамилева Ларисина.

– Ас дуккха а дарбанаш динера сайн могашалла тоярехьа. Амма хьал денна а эшна догIуш дара Л.Шамилевина тIекхаччалц. Ас даггара баркалла боху соьга хьаьжначу Шамилева Ларисина. Шен болх дика хууш, гIиллакхе, оьзда, къинхетаме лор ю иза. Дела реза хуьлда цунна.

Зулайс дийцарехь, хьалха – Делан къинхетам а, шолгIа Лариса а бахьана долуш гIоли хилла цунна.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Шамилева Лариса

№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: