Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь Радион цIийнехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас, Нохчийн Республикин арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, цуьнан заместительша: Абдулмуслимов Сайд-Селима, Гудаев Лоьмас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, кхиболчу официальни наха.
Д.Абдурахмановс, Ш.Жамалдаевс, кхечара нохчийн къоман истори, вайна тIенисъелла халонаш дага а лоьцуш, Конституци тIеэцарх лаьцна дийцира гулбеллачарна.
«Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна зама дагаеъча, хIора а де карладолу иэсехь. Дерриге а ца дийцахь а, мелла а истори шуна йовзийта лаьа. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа куьйгаллехь а волуш, вовшахтоьхначу комитетана хьалха дуккха а Iалашонаш яра. Делахь а, уггаре коьрта Iалашо яра Нохчийн Республика Конституцин низамна тIенисъяр. И Iалашо кхочушйича, кхолладеллачу халачу хьолах хьалхадевр долуш дара вай. Дала диканца бекхам бойла, халкъ паргIатоне кхачо некъ хаьржинчу А.-Хь.Кадыровна. Иза доьналла долуш стаг ца хиллехь, вайн махкахь тахана машар хир бацара», — бохура Жамалдаев Шаида.
Д.Абдурахмановс шен къамелехь кегийрхошка дехар дира къоман цхьаалла а, барт а ларбе, къоман истори йиц ма е, аьлла. Иштта, Конституци тIеэцале хьалха Нохчийчохь хиллачу чолхечу хьолах лаьцна а дийцира цо.
КхидIа, студенташна юкъахь дIаяьхьначу «Хьуна евзий Нохчийн Республикин Конституци» аьллачу конкурсан толамхой билгалбехира. Массо толамхошна дипломаш а, мехала совгIаташ а делира министра.
А.МУСАЕВА