Малаков Ваха

Малаков Ваха дуьнен чу ваьлла 1955-чу шеран 22-чу декабрехь Казахстанехь. Хьалха-Мартан районан Олхазар-КIотарарчу №1 йолчу школехь дешна. Жимачохь дуьйна волавелла байташ язъян. Царна школехь нохчийн мотт хьоьхуш хилла гIараваьлла вевзаш волу нохчийн поэт Сулейманов Ахьмад. Иза ву цунна нохчийн мотт а, байташ язъяр а марздинарг. Къеггина масал хилла дIахIоьттира цунна шен хьехархо. М.Бексултановца а, А.Бисултановца а дара цуьнан гергарло. Шен байташкахь, дукха хьолахь, вайнехан амалш гойту поэта. Цуьнан байташ ненах а, Даймахках а, Iаламах а, безамах а, иштта кхечунах а ю. Уьш зорбане йийлина «Орга» журналехь а, тайп-тайпанчу газеташкахь а. В.Малаков 2014-чу шарахь бакъдуьнене вирзина. Малаков Ваха дуьнен чохь волуш гIараваьлла вевзаш ца хиллехь а, тахана а шайн маьIна даза ю цуьнан байташ. Царах цхьаерш шун кхиэле йохку оха.IMG-20160506-WA0079

Хуур ду хьуна…

Хьайн дегӀан гиба салийса яьлча,

Дуьненца эхарт хьо къийсадаьлча,

ГӀелделла бӀаьргаш хьайн кийра хьийсош,

ТӀехь дисна декхарш синкӀоргехь цӀийзош,

Ойланехь кегош хьайн къинойн баьрзнаш,

Кхетамо лехьош эхартан аьзнаш,

БIаьргаш чохь соьцуш абаден мIаьрго,

Каш-лахьтий оьхьуш кхетаман бӀаьрго,

Ӏожаллех хьаггал лазар дазделча,

Хьуо хьайх цавашшал ойла юткъаелча,

Хьомсарчу ненах синтем ца къахко,

ТӀаьххьарчу некъах бӀаьрхиш ца кхардо,

Велар аьшна дан гӀора лоьхуш,

Кхерамо хьаьшна са Деле доьхуш,

СинкӀоргехь къуьйлуш лазаран хало,

ХӀаваэхь луьйцуш валаран къахьо,

Доьзало йинчу тӀаьххьарчу харжо,

Хьайн дегӀе кхачош деккъа цхьа марчо,

Хьайна тӀехь Делан кхел сецна яьлча,

Дуьненан декхар хьо текхна ваьлча,

Хьо йовза хьаьгна Ӏаламан къайле,

Туьран дитт хилла, дагах чекхъяьлча,

Ахь лолла дина мекара дуьне

Ямартло йина дIа юьстах даьлча,

Девзар ду хьуна дуьненан хӀилла, 

Чевнах хьу санна, хьайх доьлла хилла,

Бекхаман суьртахь къиношка доьрзуш,

ДаьӀахкийн тӀум а кхерамца моьрцуш,

Са далар той тарлун Ӏазапан гатто, 

Кхолла а йиш йоцург адамийн матто,

ТӀаьххьарчу хьайн кхерчахь васхала яьлча,

Дуьненан моттаргӀех хьуо паргӀат ваьлча,

Хуур ду хьуна хьуо мила хилла,

Мел доккха хилла дуьненан хӀилла,

Токхамах базбелча упханийн тхов,

Мичахь ду дуьненна ахь баьхна «бӀов»?!

 

Нана

Нана, ахь ма дукха баланаш лай,

Стиглане белхабеш къа-бала хьайн,

Соьгара хилла вас хьан дагна тай,

Со бахьнехь бицбина лаамаш хьайн.

 

Бераллин темаш а, цатемаш сайн,

Ас хьоьга балхийна заманаш яй,

Хададеш сан деган марзонийн тай,

Кху лаьттан букъ тIера хьо ма дIаяй.

 

Ас стиглан Iаьршашка хихкина дой,

Со лаьтта кхоьссина, паналлехь дай,

Сан цIийца левзина ламанийн кой,

Хьох къастар ца лайна, «тIап» аьлла, дай.

 

Сан нана, хьох къастар ас муха лай,

Дуьне а ца дуьйхи, малх а ца бай,

Со вуьтуш сатийса чаккхене сайн,

Кху лаьттан букъ тIера хьо ма дIаяй.

 

Хил дехьа – Даймехкан юьхь

БӀешерийн балано хьаьшна,

Стигланийн сийналлех хьерчаш,

Iуьллу хьо техкадан хьаьгна

Хьайна тӀехь аьрзунан хелхарш.

 

Къеначу ламанийн баххьаш

Iаьржачу мархашлахь техка,

Хьо ларъеш, баьхначийн яххьаш

Хьан бердийн тархашлахь къеста.

 

Ткъа чарташ, тишделла чарташ,

Дийначийн доIанех хьаьгна,

Цкъа мацах хиллачохь ярташ

ХӀолламаш замано аьгна.

 

Чов йинчу некхах цӀий санна,

Хьан бердех Iийдало шовда.

Хетало, ша цхьанна гарна

Кхоьруш, и лахене гӀерта.

 

Ӏена и, бӀаьрхиш а хилла,

Хьан къина угӀучу бертийн,

Кхераме доIа а хилла,

Хьоьга сатийсинчу кIентийн.

№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо   

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: