1928-чу шеран 17-чу апрелехь дIаболийна шен болх «Вайнах» радиос. 1999-чу шарахь цхьана-шина шарна юкъахбита дийзира радион болх. ТIеман хенахь дохийра Радион цIа. Карарчу хенахь «Вайнах» телевиденица цхьаьна гIишло чохь ю радио. Цигахь масех редакци ю: юкъараллин-политикин, исбаьхьаллин, и.дI.кх.
Радиона куьйгалла деш ву Джаватханов Рамзан. Шеф-редактор Бокарова Лариса ю.
30 гергга стаг ву радиохь болх беш (технически белхахой цхьаьна).
Дукха хенахь дуьйна радиохь къахьоьгуш бу: Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Балаева Асет, Кусаев Iадиз.
Вайн дахаран дерриге а некъаш юкъалоцуш передачаш йо радиос. Царна юкъахь ю: «Мотт – къоман хазна», «Районан дахар» – Исраилова Яха, «Кхерчан йовхо», «Йовр йоцу цIе» – Бакарова Луиза, «ПIераскан буьйса» – Шундулаев Iусман, «Дахаран лар» – Махмаева Малика, «Дахаран къайленаш» – Оспанов Къосум, «Иллешка дирзина могIанаш» – Исакова Макка, и. дI.кх.
Къона белхахой А.Тапалаева, К.Солтаева, З.Жамалдаева, Э.Музуева, Б.Юнусова, Э.Куркаева, М.Саитова, И.Хабаев, С.Савтаев, С-М.Терлоев, З.Бангаева, Л.Киндарова а бу беркате къахьоьгуш. Цара юкъаялийна дуккха а керла рубрикаш.
Передача кечъян а, иза радиоладогIархошна хазъялийта а дуккха а къахьега деза. Шен декхаршца дика ларош схьайогIуш ю «Вайнах» радион коллектив.
ЧГТРК «Грозный» болх бан йолаелла 2003-чу шеран 23-чу мартехь, ткъа радио «Грозный» – жимма хьалха «тестови рожехь». Радион декъехула директоран заместитель ву Нухаев Идрис. Цо доцца дийцира шаьш бечу балхах лаьцна.
«2004-чу шарахь веана со радио балха, – дуьйцура И.Нухаевс. Цу хенахь бархI стагах лаьтташ яра тхан коллектив. Яздархойн союзан гIишло чохь дIатарделлера тхо. 2007-чу шарахь Зорбанан цIийне схьадаьхкира. Цу хенахь гIирсашца а, чоьнашца а хьал ледара дара. КхоалгIа шо ду Радион цIийне схьадаьхкина, кхузахь балхана оьшург дерриге а ду. Хаза чоьнаш а, дIаязъян гIирсаш а бу. Технически хьашташ кхочушдаран а, хаамийн-тематически программийн а, музыкин а редакцеш ю. Коллективехь 20 стаг ву.
Нохчийн Республикерчу министерствийн (масала, пенсионни а, къинхьегаман а, и.дI.кх.) куьйгалхой тхаьш долчу кхойкху. Цара дуьххьалдIа йолчу эфирехь дуьйцу шайн балхах лаьцна. Цаьрга радиоладогIархойн хаттарш дала аьтто а хуьлу. Къилбаседа Кавказехь а, Герггарчу Малхбалехь а долу хьал дуьйцуш, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь Зубайраев Юсупе хьехамаш бойту интернета чохь дуьйцуш дерг, долуш долчуьнца догIуш цахилар хоуьйтуш. Иза цигара хьал дика девзаш ву. Тхайн ницкъ ма кхоччу вайн кегийрхой зуламечух ларбаран Iалашонца «горга стоьлаш» дIахьо. Оха ерриге а теманаш ойъу тхайн передачашкахь. ГIиллакх, гIуллакх дуьйцуш, нохчийн мотт бийца безаш хилар дуьйцуш проекташ а ю. 2012-чу шарахь культурин министерствехь кхоьллина комисси ю Уциев Абу, Усманов Iимран, Мусхабов ИсмаьIил, и.дI.кх. юкъахь болуш. Цара магийна йолу эшарш хуьлу оха эфире йохурш.
ХIокху шарахь Кадыров Рамзана кхайкхина дIа а дигина, совгIаташ дина тхуна. ХIора шарахь хуьлуш йолчу «Кавказан аз» («Голос Кавказа») фестивале доьлху, хьалхара меттигаш йоху. Цигахь кхечу регионашкарчу радион белхахошца гергарлонаш тосу. Дуккха а ду радиона дина совгIаташ: кубкаш, дипломаш, Баркаллин кехаташ, грамоташ».
Дикачу белхахойн цIерш ехира И.Нухаевс. Уьш бу: шеф-редактор Загаев Руслан, аьзнийн режиссер, техник Абдулаев Шемал, корреспондент, нохчийн маттахь керланаш дIахьош йолу Абдулмуслимова Санет, корреспондент, тайп-тайпанчу теманашна хьесапдаран, дуьххьалдIа йолу эфир дIахьош йолу Уматгириева Зарема, кхиберш.
2009-чу шарахь 23-чу августехь йиллина «Некъ» телерадиокомпани. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина дара иза схьаеллар. Цунна куьйгалла деш ву вевзаш волу Iеламстаг, Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Шахидов Адам-Хьаьжа.
Бусалба стеган ислам динах долу хаарш тIедузу дика гIирс бу «Некъ» радио. Баккхийчарна а, кегийчарна а, зударшна а лерина тайп-тайпана передачаш а, хаамийн-хьесапдаран передачаш а кечйо кхузахь.
«Некъ» радион коьрта редактор Точиева Хеда ю. Цунна дика бевза шен болх. Х.Точиевас дийцира шайн балхах лаьцна: «ХIокху шарахь мелла а хийцамаш юкъабалийна оха тхайн балхана, – бохура цо. – Масала, хьалха динан бен ца хиллехь, хIинца политика, экономика, истори, иштта кхийолу агIонаш юьйцу оха тхайн передачашкахь. Оцу дакъошкахь къахьоьгуш долу адамаш кхойкхуш, дуьххьалдIа эфираш йо. Радион хIора белхахочо Россин а, республикин а дезачу деношна лерина передачаш кечйо.
Iуьйранна а (10 даьлча цхьана сахьтехь), делкъанна а (14 даьлча цхьана сахьтехь) бахархойн дехаршца декъалдарш хуьлу. Доккхах долчу декъана мовлад хазийтар доьхуш хуьлу уьш».
«Керланаш» дIахьош ю Магомаева Фатима. Радион редакторш бу: Исаков Рашид, Берсанова Хеда, аьзнийн режиссер Сосаев Джамбулат, эфир дIахьош ву Баймурадов Расул, редактор – Дидигов Казбек, дуьххьалдIа йолу эфир, интервьюш дIахьо Джабаров Тамерлана.
Республикин бахархоша езаш тIеэцна ю Х.Берсанован «Бусалба зуда», Р.Исаковн «Пайхамаран медицина», Дидигов Казбекан «Мехала интервью», Арипханов Адаман «Исламан баххаш» передачаш.
Беркате бу «Некъ» радиос беш болу болх. ХIора Iуьйранна азан дарал а, иштта Къуръан доьшуш хазийтарал а доккха хIума хир дац.
Л.ДАУТОВА
Авторан суьрташ
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо