Нажи-Юьртан районерчу СогунтIа юьртахь ДадаевгIеран Iабдулшаидан а, Къарибатан а боккхачу, бертахьчу доьзалехь 1921-чу шеран 15-чу июнехь дуьнен чу ваьлла Абдулшаидов Юнус.
1941-чу шарахь Мескитарчу ворхIшеран школехь ялх класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нажи-Юьртарчу тIеман куьйгалло тIекхайкхира иза. Цу хенахь оцу районера эскаре гIуллакхдан вигнарг 101 стаг вара (СогунтIа юьртара Абдулшаидов Юнус, Мутуев Данга, Дотуев Исхьакъ).
Соьлжа-ГIаларчу тIекхайкхаран пункте схьакхаьчначул тIаьхьа хиира царна Германи Даймахкана тIелетта хилар. Ю.Абдулшаидовн а, Д.Мутуевн а, И.Дотуевн а тIеман хьалхара денош Ростован областан Каменск гIалахь дIадахара. Кхаа баттахь тIеман гIуллакх Iамийначул тIаьхьа, цара дакъалоцу Киевна тIелеттачу фашисташна дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь. МостагIчун ницкъ дуккха а сов хилар бахьана долуш, фронтан командующин Н.Ф.Ватутинан омрица вайн тIемалойн гIала йита дийзира. Харьков, Курск, Воронеж гIаланаш юьтуш, Сумск гIала йолчу агIор юхабевлира цIеэскархой.
Ю.Абдулшаидов шеца цхьаьна 14 салти волуш, Къилбаседа Малхбузерчу фронте хьажийра Ленинградана юххехь йолчу Старый Русс гIала. Фронтана 80 километр генахь Крестцы станцехь охьабиссийра хIорш. КхидIа болу некъ, уьшал (болото) йолуш а, вуон а хиларна, гIаш бан безара. Транспорт тоьаш цахиларна, тIемалошна юург а, герз а говрашца тIедохьура. Иштта, шайна юург а, тIамна оьшуш болу гIирсаш а эцна, Старый Русс гIалина юххехь дIатарделира Ю.Абдулшаидовн тIеман дакъа…
Минометчикаш кхиош, фронтана гена йоццуш, полкан школа яра. Цигахь цхьана баттахь дийшира Ю.Абдулшаидовс, 82-мм йолчу минометан тIехьажархо (наводчик) тIеман говзанчин цIе елира цунна. Цул тIаьхьа массо хенахь 254-чу гIашлойн дивизин гIаролехь лаьттира иза.
1942-чу шеран чаккхенехь тIеман куьйгалло Ю.Абдулшаидовн полкана тIедуьллу Минск а, Ленинград а гIаланашна тIедоьлху некъаш дIа а къевлина, Ленинградана гуо бина лаьттачу мостагIашна герзаш дохьуш йогIу шалон сацор. 1943-чу шеран юьххьехь Волхов гIала мостагIех паргIатъяккха олий омра до куьйгалло. ХIуъа дина а схьаяккха езаш яра гIала. Волхов хих дехьабовла безара уьш. ЦIеэскархой ларбеш, мостагIийн тIеман меттигаш (огневые точки) йохайо Ю.Абдулшаидовн тобано. Вайн тIемалоша, хил дехьа а бовлий, гIала схьайоккху. Оцу тIамехь цо куьйгалла дечу минометни расчето масех пулемет а, цхьа танк а хIаллакйо. Цигахь немцойн кеманаша-истребительша советийн эскаршна тIееттачу хенахь царна гена боццуш лаьттачу зенитчикаша мохь боьттура, шуна юкъахь зенитни оруди лело хууш цхьа а вуй, бохуш. Эццахь ийшира Ю.Абдулшаидовна минометни школехь ша Iамийнарг (72-мм зенитка лело хаьара цунна). И гIуллакх шена тIелецира вайн махкахочо. Кеманна тIедерзийна цкъа-шозза зенитни герз тоьхча, цIе а яьлла, кема чудеара. Волхов гIала мостагIех паргIатъяьккхира. Цо аьтто бира го бинчуьра Ленинград паргIатъяккхарехь.
Оцу тIамехь майралла а, доьналла а гайтарна Ю.Абдулшаидовна Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман II-чу даржан орденца совгIат дира.
Цу тIамехь чевнаш йина Ю.Абдулшаидов ялх баттахь госпиталехь Iиллира. Цу чуьра араваьллачул тIаьхьа иза Ижевск гIала хьажийра.
1944-чу шарахь Волхов гIаларчу тIеман училищера векалш баьхкинера правительствон совгIаташ динарш а, тIамехь билгалбевлларш а деша схьакъасторхьама. МоггIара дIахIиттийна лаьттачу хIора салтичунна тIе а воьдуш, эпсаро тайп-тайпана хаттарш дора. Иштта, ТIеман-медицинин училище деша вахара Ю.Абдулшаидов а. Училищехь цхьана шарахь дешначул тIаьхьа цунна лейтенантан чин делира.
1944-чу шарахь нохчийн къам махках даккхар бахьана долуш, эскарера мукъа а ваьккхина, Юккъерчу Азе дIавахийтира Ю.Абдулшаидов. Цигахь шен гергара нах схьа а лехна, царна тIевахара иза.
Ю.Абдулшаидовс шен къинхьегаман некъ дIаболийна 1946-чу шарахь.
1957-чу шарахь Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, юьртарчу колхозехь тайп-тайпана белхаш бо. 1968–1973-чуй шерашкахь КПСС-н XXII-чу партин съездан цIарах йолчу колхозан председателан, 1976–1990-чуй шерашкахь А.Шериповн цIарахчу колхозан председателан заместитель белхаш бина.
Даймехкан дуьхьа динчу гIуллакхашна совгIаташ дина цунна:
«Даймехкан тIеман II-чу даржан», «ЦIечу Седанан», «Сийлаллин знак» орденаш а, «Маршал Жуковн» а, «1941–1945-чуй шерашкахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь Германина тIехь толам баккхарна» а, дуккха а юбилейни мидалшца а.
2009-чу шарахь СогунтIа юьртарчу цхьана урамна Ю.А.Абдулшаидовн цIе тиллина. 2014-чу шарахь дуьйна оццу юьртара школа а ю цуьнан цIе лелош.
Ю.Абдулшаидовс кхо кIант, ши йоI кхиийна. Цуьнан 21 берийн бер а, 35 берийн берийн бер а ду. Нажи-Юьртарчу СогунтIа юьртахь, АллахIа шена лучу хIора денна хастам беш, веха иза.
Л.ИБРАГИМОВА
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо